Дагалецира нохчийн литературин бухбиллархо

   Кху деношкахь Айдамиров Абузаран цIарахчу къоман библиотекехь дIадаьхьира Бадуев СаIид дагалацарна лерина цхьаьнакхетар. И дика гIуллакх  къоман библиотеко вовшахтоьхнера 2015-гIа шо «Литературин шо» хиларца а, Бадуев СаIид нохчийн литературин бухбиллархо хиларца а  доьзна. ДIахьош яра Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист Газиева Аза.     б2

   Яздархо дагалаца, цунах лаьцна дика дош ала, цуьнан кхолларалла йийца баьхкинера бевзаш болу актераш, журналисташ, яздархой, нохчийн меттан хьехархой, Бадуев СаIидан гергара нах, цуьнан кхолларалла езархой, студенташ, дешархой.

Цхьаьнакхетар  Нурадилов Ханпашин цIарахчу нохчийн драматически театран актераша д1адолийра Бадуев СаIид салташа чу а баьхкина, карахь, куьйгахь доцуш, дIавуьгу сурт гайтарца. Цул тIаьхьа кхин цIа веана вац иза.

Яздархочун произведенеш ешархоша тахана боккхачу лаамца йоьшуш хиларх а, цуьнан пьеси тIехь хIиттийна спектаклаш боккха чулацам болуш хиларх а, Бадуев СаIид дика яздархо, нохчийн литературин бухбиллархо хиларх а лаьцна дийцира: Нохчийн Республикин яздархойн союзан председателан заместитела Мамакаев Эдуарда, Россин Федерацин хьакъйолчу артиста Гичаева Раисас, Багалова Зулайс, Филологин Iилманийн кандидата Джамбеков ШаIранис, «Орга» журналан коьртачу редактора Минкаилов Эльбруса.б1

Шен къамелехь Минкаилов Эльбруса билгалдаьккхира:

– Тахана кху чохь болчарна хаьа Бадуев СаIид адам дезаш, воккха а, жима а, зуда а, стаг а, царах массарах дог лозуш, муьлхха а стеган дахар мехала дуйла  хууш, царах хIораннах дог лозуш, кийрахь нохчийн дог долуш стаг хилла хилар. Иза ду цуьнан кхоллараллехь коьртаниг. СаIида дукха гIуллакхаш дина нохчийн литература кхолларехь. 1925–1926 — гIий шераш, Нохчийн литература кхоллаелла шераш ду. Ткъа 1930-чу шарахь Бадуев СаIида язйина нохчийн дуьххьарлера роман. Иза нохчийн литературин бухбиллархо ву.  Халкъана езаш, цара лоруш дуккха а  произведенеш ю цуьнан. Баккъал цIена нохчийн ойла а йолуш, нохчийн дог долуш, ша деш дерг шен халкъан дуьхьа деш дуйла а хууш, схьавеана вара и яздархо. Тахана язъеш дуккха а бу. Суна лаьара, оцу Бадуев СаIида санна, ойла а еш, дог лозуш, ша лелочух кхета а кхеташ цара язйойла.

Цхьаьнакхетарехь къамелаш динчарах хIора а вара цуьнан кхолларалла лаккхарчу тIегIанехь хиларна тоьшалла деш. Иза бакъволу нохчийн къоман кIант, нохчийн литературин бухбиллархо хилар билгалдоккхура цара.

Цхьаьнакхетар дерзийра Нохчийн Республикин халкъан артиста Межидов Сахьаба иллеш олуш, Грозненски районерчу Iалхан-ГIалара №3 йолчу юккъерчу школин дешархочо Абдулазиева Каринас Бадуев СаIидан байташ йоьшуш.

З.САГАЕВА

 

№130, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 19-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: