Орга

    ХIокху деношкахь араяьлла «Орга» журналан керла (9–10 шиъ цхьаьна) номер. Хьалхарчу агIонаш тIехь «Яхалахь, Нохчийчоь» цIе йолчу рубрикехь дешархойн аьтто бу Нохчийчоьнан бевзаш болчу яздархойн: Мамакаев Мохьмадан, Гацаев СаьIидан, Мамакаев Эдуардан, Юсупов Iазиман, Талхадов Хьамзатан Даймахках лаьцна байташ еша.

Бицаев Iийсан «Хьо марша йогIийла, Нохчийчоь» поэмин кийсак дешархоша леррина йоьшур йолуш ю. ТIаьхьарчу хенахь Нохчийчохь хиллачу тIемийн а, иштта цул тIаьхьа дикачу агIор хиллачу хийцамийн а ойла йойту оцу могIанаша.

Хьо марша йогIийла, Нохчийчоь,

боданашкахь «когаакха»

тилъелла леллачуьра,

хьо гIоза йогIийла,

хьан чевнаш декъалайойла,

хьан бIаьрхиш декъаладойла, Нохчийчоь.

«Дезачу денца, нохчийн зударий!» аьллачу рубрикехь Мамакаев Мохьмадан «Нана», Сулейманов Ахьмадан «Хьо яре сатуьйсу», Сейлмуханов Мусан «Нохчийн Нана» байташ ненан дозаллах, кIентан нене болчу безамах лаьцна ю.

Хьомсара сан нана,

Бовхачу хьан некхехь

Стигларчу седане

Дуьххьара хьаьжна со.

 

Пхьор доцуш хьуо тийжаш,

Корталин бовха тIам

Сан дегIах хьерчабеш,

Ахь хала кхиий со.

Иштта кхузахь зорбатоьхна ю Яшуркаев Султанан, Сулейманова Зайнапин, Домбаев Хьуьсейнан, Магомадов Мовсаран, Муртазов Iадланан, Цоккуев Iилмадин байташ.

«Шемахь долчо кхоллаялийтина ойланаш» статьяхь тахана оцу пачхьалкхехь хIоьттинчу хьолах лаьцна болу шен хьежам бовзуьйту С.Абуалиевс.

Вайн махкал арахьа шен рицкъа хилла Бельги пачхьалкхехь вехачу Яшуркаев Султанан байтийн мах хадош ю Алиева Заринин «…Дависа шун, Даймехкан аматаш, муха дийца шу, мича дахка шу!..» статья.

«Проза» рубрикехь М.Бексултановн «Iусманан къематде», I.Кусаевн «Хьалхара безам», А.Ахматукаевн «Къена кIохцал», Ш.Макаловн «Къора Баки цамгархочуьнга хьажа вахар», С-Хь.Тагаевн «Токхам» а, «Малх чубуза гIеллуш» а дийцарш деша аьтто бу.

«Драматурги» рубрикехь зорбане евлла Ахмадов Мусан «Дешан мах», «Ков-керт духкуш», «Хьехархо а, цуьнан дешархой а» (деа, цхьана суьртах лаьтта) пьесаш.

Журналан тIаьхьарчу агIонаш тIехь «2015 – Литературин шо» рубрикехь Гайтукаев Асламбека «Цуьнан амат вайн дегнашца деха» статьяхь Сулаев Мохьмадах  шен дагалецамаш бовзуьйтуш, поэтан байташ ялийна.

Журналан агIонашка бIаьргтоьхнарг – Л.ДАУТОВА

 

№130, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 19-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: