Литературин «Оьрсийн рифмаш» фестиваль хир ю

Пачхьалкхан кегийрхойн политикехула йолчу программица нийса а догIуш кегийрхойн похIма гучудаккхаран а, кхиоран а Iалашонца Россин Федерацехь Ерригроссин кегийрхойн литературин «Оьрсийн рифмаш» фестиваль дIахьур ю къоначу яздархошна юкъахь (18–30 шо кхаччалц хенаш йолчаьрца). Фестивалан Iалашонаш а, декхарш а ду, уггаре а хьалха кегийрхойн патриотизм кхиор, шолгIа, Россин пачхьалкхан корматаллин исбаьхьаллин литературин юкъаралла вовшахтохар, Россин поэтически культура кхиор, кегийрхошна юкъахь литературин похIма дерш билгалбахар а, церан кхолларалла кхиорехь гIо дар.

Фестиваль вовшахтоьхнарг ю Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолу Федеральни агентство а, «Бераш а, кегийрхой а граждански а, патриотически а ойланехь кхетош-кхиоран Россин туш» пачхьалкхан Федеральни бюджетан учреждени а.

Фестиваль кхаа муьрехь хир ю. Хьалхарниг (1-чу октябрера – 19-гIа ноябрь кхаччалц) къасторан мур бара. Цига «Сан Даймохк» аьллачу темина видео-заявкаш тIеэцна. Верриге а 100 дакъалацархо ву «онлайн» харжамехула кхаж тесча висавезарг.

ШолгIа мур (очни кепехь) 2015-чу шеран декабрь баттахь хир бу. Цигахь авторша «Лирика» темина шайн поэзин говзарш йоьшур ю. Фестивалан экспертни комиссин жамIашца 10 дакъалацархо схьакъастор ву оцу 100 литераторех.

Цул тIаьхьа, декабрь баттахь кхоалгIа – финальни мур хир бу. КхоалгIачу муьрехь висинчу 10 дакъалацархочо юха а йоьшур ю шайн поэзин говзарш, царах цхьаъ «Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархойн иэсана» аьлла хир ю. Жюрин жамIашца къастор ву фестивалан толамхо а, лауреаташ а.

Фестивалан декъашхой 10 баллин системица къастор бу:

– исбаьхьаллин мехалла;

– шатайпаналла;

– текстан техника;

– артистизм.

Фестивалехь дакъалаца лаам болчу литераторийн аьтто хир бу шайн белхаш хIокху адресца дIатаса: 125009, Росси, Москва гIала, Газетни переулок, цIа 3–5; телефон: +7(499) 967–86–70;

 

E-mail: zayavka@rusrifmy.ru

 

№130, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 19-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: