Мини-футболехула къийсадаларш

мини  Кунта-Хьаьжин цIарахчу Россин Исламан университетехь дIадаьхьира мини-футболехула долу къийсадаларш. Цигахь дакъалоцуш яра шариIатан Iилманан а, кечамбаран а факультетийн ерриге а тобанаш.

И къийсадаларш дIадаьхьира студентийн могашалла чIагIъяран Iалашонца. ХIора а командо гайтира шайн хьуьнарш.  Хьалхара меттиг яьккхира шариIатан Iилманан факультетан 3-чу курсан студенташа, шолгIа меттиг – шариIаташ Iилманан факультетан 2-чу курсан студенташа, кхоалгIа меттиг – кечамбаран факультетан 1-чу курсан студенташа.

СовгIатан меттигаш яьхначу командашна Кунта-Хьаьжин цIарахчу Россин Исламан университетан ректоран цIарах мидалшца а, Сийлаллин грамоташца а совгIаташ дира.

З.ЛЕЧИЕВА 

Суьрта тIехь: къийсадаларийн дакъалацархой

№130, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 19-гIа де, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: