(Ойсхарахь ваьхна Мачаев Решедан Муса дагалоцуш)
Цхьана хьекъалче хаьттина хилла боху, хьо мила ву аьлла. «Со дIаваьлча хуур ду», – жоп делла хилла цо. Стаг вайна юххехь вехачу хенахь, дукха хьолахь, вайна цуьнан мах кхоччуш ца хаьа. Иза бакъдуьнена вахча, вай цунах гуттаренна къаьстина цхьа хан яьлча, кIез-кIезиг кхета вай оцу стага дIалаьцна хиллачу меттигах. «Дитт охьатоьхча бен ца хаьа, иза мел доккха хилла», – олуш а ду вайн.
Суна тахана мелла а дагахьбалам бу – Ойсхарахь къахьегна а, ваьхна а волу хьехархо Мачаев Решедан Муса юххера вовза сан ирс ца хилла. Тахана, иза вайна юккъехь воцу ялх шо кхочучу хенахь, нохчийн меттан охIланча волчу, Мусан белхан накъост хиллачу Джимнигов Вахас: «Хьенех, цунах лаьцна ма яздан дезара», – аьлча, сан цхьа а шеко яцара, Муса дика адам а, дика хьехархо а хилла хир ву бохучух; баккъал а хьакъ воцу стаг вийца Вахина луур а дацара. Мелан марха а багахь, шен йоцчу могашаллица, Джимнигов Ваха цхьана дийнахь леррина Ойсхарара Гуьмсе веанера, Мачаевн суьрташ а дохьуш. ТIаккха тхаьш а баккъал хьакъ хийтира, Мусас болх бинчу школе кхача а, цунах лаьцна яздан а.
Кхалхийначуьра вайнах Даймахка юхабоьрзуш, карахь цIавалийначех ву Мачаев Муса. Шен дахарехь сийлахь-деза гIуллакхаш кхочушдина цо: ша кхеттал хилчахьана, шена Iилма Iамош, иза кхечарна дIахьоьхуш ваьхна Муса. Школехь дешна ваьлча, Гуьмсера хьехархойн училище чекхъяьккхина. Шина шарахь Германехь эскарехь гIуллакх дина. Шен оьмаран йисина хан Ойсхарарчу №3 йолчу юккъерчу школехь хьанал къахьоьгуш яьккхина. Болх а беш, чекхъяьккхинера цо Нохчийн пачхьалкхан универститет математикин факультет. Шена чIогIа езаш а, евзаш а йолу математика хьийхира цо, ша цамгаро лаьцча а, тIаьххьалц юха ца волуш.
Мачаевн белхан накъосташа дечу тоьшаллаша гойту, иза, Далла а, дешархошна а, церан дай-наношна а хьалха шен хьакъ доккха дуй а хууш, чIогIа низаме а, мало йоцуш а, говза а, доьналла долуш а хьехархо хилла хилар. Дикачу цIийнах схьаваьлла а, оьздачу доьзалехь кхиъна а вара иза. Шел тIаьхьа цо дика доьзал битина хилар а чIагIдора къамелаш динчара.
Лаккхарчу эвсараллица къахьоьгуш волу хьехархо шовзткъе итт шаре волучу хенахь (2005-гIа шо)шекаран диабет цIе йолчу халачу цамгаро лецира. Коган нана-пIелг дIабоккхуш операци йира цунна 2006-чу шеран сентябрехь. Цул тIаьхьа кхо бутт баьлча гоьле кхаччалц ност дIаяьккхира. Цамгар тIетаьIнера: 2007-чу шарахь лоьраша кхуьнан коган настаран гоьлал лакхара дакъа а дIадаьккхира. Доьналла долчу хьехархочо, буьрсачу цамгарца къовса а луш, цхьанна а дагахь а боцу сацам бира: 2008-чу шеран сентябрехь иза шен балха аравелира. Iасанашца бен волалуш воцчу цо дийнна цхьана дешаран шарахь дешархошна математика хьийхира. Иза доккха хьуьнар а, турпалалла а лара мегар долуш хIума ду. Мусас шен цамгарна дина тIаьххьара «тIелатар» хиллера иза.
Доьналла долу хьехархо тIаьххьара а, гIатта ца луш, вожийра чIогIачу цамгаро. 2009-чу шеран декабрь беттан 3-гIа де ирча кхаъ бохьуш деара школин дешархошна а, хьехархошна а, берийн дай-наношна а, иза везаш-вевзаш мел хиллачарна а. Тахана вайца воцчу хьехархочун белхан а, амалан хатI гIоле довзуьйту цуьнан коллегаша тхуна дийцинчо.
Джимнигов Ваха, нохчийн меттан хьехархо (хIинца, могашалла галъяларна, цIахь сецна цкъачунна): «ЦIера Шоьнара бара МачаевгIар. Мусан да-нана дика адамаш дара, кIант кхелхачу хенахь долуш дара и шиъ. Цаьршинна а Дала гечдойла. Мусан ненада тхан ден доттагI вара.
Хаза гIиллакх долуш а, ша хьоьхуш долу Iилма дика девзаш а, дешархошца дика а вара Муса. Цул дика математик хир вацара районехь. Iамийнарг даима карладоккхуш, дешархошка шайгга болх бойтуш хуьлура иза. Даима юьртарчу №3 йолчу школехь къахьегна а вара иза».
Асаев Мохьмад, кхетош-кхиоран декъехула хьехархо: «Берашца юкъаметтиг дIахIотто хууш хьехархо вара Муса. Шен балхана охIла вара иза. Дала оцу тIехь дика дина а вара. Хьесапдаран Iилманна тIе ца кхуьург, тIекхио хьожуш, берашна дика гIо-накъосталла хуьлура цуьнгара. Цкъа а чIеIаш вацара Муса, хIара амал ма елара цуьнгахь, аьлла, амал а яцара цуьнан. Иштта дIа Далла дуьхьал а ваха иза. Иза схьаваьлла доьзал бевзачо эр дара, кхечу кепара хуьлийла а дацара аьлла. Дала декъалавойла иза.
Эльтукаева Кхокха, библиотекарь: «Школехь цхьаьна болх бина ду тхо, цхьа йиша-ваша санна а долуш. Цхьана хенахь балха даьхкина а дара. Муса дика хьехархо вара.
Некъан бохамехь лазийна а, цуьнца доьзна вистхилар ледара долуш, дешарна тIаьхьавуьсуш вара вайгара кIант, цо дIаяла езачу экзаменна чIогIа сагатдеш яра со а. Со шена больнице тIаьхьа еанчу хенахь, Мусас элира: «Шек дIа ма яла хьо, Абузара экзамен дIалур ю хьуна, ас гIо дийр ду цунна кечам бан». Мусас гIо дира цунна, тIаьхьависинчунна тIекхиийра.
Шен урокера бер, цхьана гIуллакхана оьшура, даийтахьара аьлча, ца доуьйтура цо. Бер урокехь хила дезаш ду, иза деша дезаш ду, урок – коьртаниг ю, олура. Бер школера цIахь дитича а мегаш вацара. Ткъа юьхьанцарчу классашкарчу хьехархошка олура цо: «Аш берашна тIетоха, тIерадаккха, эца, декъа а, эцаран таблица а Iамае, дисинарг ас Iамор ду шуна царна».
Талхикова Санет, школин директор: «Мачаев Муса тхан белхан накъост хилла ву, цхьаьна хьалакхиъна ду тхо. Математика хьеха стаг воцуш дисча, заочни кепара деша институте вахара иза. Иза чекх а яьккхина, шен йисинчу хенахь хьесапдаран Iилма хьийхира цо школерчу дешархошна. Цхьа а шеко йоцуш, шех лаьцна: «Дала хьехархочун балхана кхоьллина стаг ву иза!» – ала мегар долуш стаг вара иза.
Шен урокан цхьа а минот эрна ца йойтуш, ша дийриг доглозуш, Iаьвшшина деш, урокан низам лардар коьрта лоруш, къахьегна цо.
ЕГЭ юкъаялале ду иза. ЖамIдаран аттестаци школехь дIахьочу хенахь, экзамен дIаяхьаран комиссин ша декъашхо хиларе терра, цу чохь хила ца везарг неIарна аьттехьа ца вуьтура, шпаргалкаш ца лелайойтура, хIетте а цунна экзамен массара дика дIа а лора. Таханлера компьютерш а, интерактивни аннаш а, кхиболу аьттонаш а бацара цо болх бечу хенахь. Мусан коьрта гIирс – меллий, яздинарг дIадойу горгам а яра. ХIетте а берашна дика хаарш лора цо. Математика шена Iаламат дика хаьара цунна.
Ша кIелвиссалц къахьийгира Мусас. Ша лоьрашна тIе вахана йойу хан а эрна хетара цунна. Тхо дара цуьнга, лоьрашна тIе ваха везара хьо, олуш дерш а. Тхайна – дешархошна а, коллегашна а – иза даима лаьттар ву моьттура. Иза вайга хоьттуш хIума дац. Иза дIаваьлчахьана, тхан школехь математика хьехаран гIуллакхна боккха иэшам хилла. ЧIогIа тешаме накъост вара иза, самукъане адам а дара. Сов хабар доцуш стаг вара. Шега цхьа дехар дича, цо хIан-хIа олуш цхьа хIума дара: цхьана гIуллакхна эшна шен урокера бераш дахкийтар. Урокехь дерг ша жоп дала дезаш хIума дуй а хууш, лора цо иштта жоп. Шен урокан да вара иза. Дика накъост вара. Иза дIавалар массарна – юьртана, берашна, хьехархошна – чIогIа дагах кхийтира, Iаьткъира. Шен доьзална дика да вара иза, тхуна дика накъост вара. Дала гечдойла цунна».
…Хьехархочух дозуш Iаламат дукха ду дахарехь. Дика хьехархо кхио дукха къахьега деза. Бан ма-беззара тIалам бой те вай церан, олий, шеко кхоллало наггахь дагчохь.
Ткъа Муса санначарех лаьцна олуш ду: «Иза кхалхар-м хьала-охьа а боккха иэшам бара, иштта стаг кхелхина вахар а бу боккха иэшам – цунна тIаьхьа а дахана, иза цIавалаваллал».
Мачаев Решедан Мусана Дала гечдойла, Веза-Сийлахьчо йоле-меле буьллийла цо хьегна бала. Дала мукъ лахь, сагIа хир ду Мусана, халонех ца кхоьруш, цо вайн берашна комаьрша хьехначу Iилманах.
ГАЙТУКАЕВ Асламбек
№130, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 19-гIа де, 2015 шо

Асламбек, хьуна Дела реза хилийла, тхан Муса дага а веана, цуьнах лаьцна язъярна!
Тахана чIог1а эшар-кха тхуна Муса, делахь а, Делан кхел хилла, иза Дала декъал войла.