Чевнех а, муонех а дуьйцина дахар

КIезиг нах карор бу ТIехьа-МартантIехь Раисова Зарган ца евзаш. Ткъа районан культурин дакъа хьахочохь цуьнан цIе ца йоккхийла дац кху тIаьххьарчу 55 шарахь. Оццул шерашкахь районан берийн библиотекехь болх бина цо. Оцу заманчохь балха тIехь алссам зеделларг гулдаларал сов, цо кхиийна дукхха а ешархой а, книгашъезархой а. 

   Нохчий махках бахале диъ шо хьалха дуьнентIе яьллачу цуьнан иэсехь ткъесан серлонах дисина бераллин денош а, 1944-чу шеран 23-чу февралан Iуьйре а. Тамашийна хета, диъ шо кхаьчначу беран кхетамехь оццул ма-дарра схьадийца и де дисар.

Кхеран да РаIс-Хьаьжин Сардалан кIант Мохьмад-ТIахIа оцу шерашкахь  Нохчийчоьнан «Транспортсбытан» хьаькам вара. Нана, чергазийн тайпанах болчу ГIуларерчу ЧундриковгIеран Саитан  йоI Себихьат, кхо бер далош хьажа-хIотта шен марзахой болчу еана, де-буьйса даьккхина, денана йолчохь Iен лиъна воккхах волу кIант Леча МартантIехь  а витина, Iуьйранна, цIа гIала охьаяха, пайтон тIехь СемаIашкарчу станце яха араяьллера.0

–Цу буьйсанна Ростовера цIакхаьчначу дейишас деана совгIат чохь, берийн аьнгалин пхьегIаш а, сол хир долуш, ехий кIажарш йолу сурт чохь чамда а, ден кетар а, берийн цхьацца хIума юккъехь ларча а, юргIанна юккъе хьарчийна ши-кхо бутт кхаьчна кIант а карахь йолчу ненаца СемаIашка дIакхачале охьадехира тхо пайтон тIера, – дагалоьцу Заргана. – ТIехьаьжча цIена а, еза а хиларна, цу чохь цхьа хазна ю моьттина, сан буйнара чамда дIаяьккхира тIевеанчу салтичо. Со елха йолаелира. Цхьаьна а хIумано Iеха ца йо со: «Сан чамда схьая!» – бохучу маьхьарца яра. ТIевеанчу кхечу салтичо, хьаькам хиллачух тера дара иза: «Почему это цыганка плачет?» – хаьттира. ДIаса хьоькхуш бIаьрхиш долуш: «Сам цыганка», – жоп делира ас. ГIалахь дехаш хиларе терра, берийн бешахь мелла а оьрсийн мотт хаьара суна. ГIадвахана велавеллачу салтичо, нене хаьттира, со хIунда йоьлху, аьлла. Шенначул оьрсийн мотт хуучу нанас дIадийцира. «Вевзар варий шуна и салти?»,– хаьттира цо. Хуьлучух ца кхеташ, уллохь цхьа а гергара стаг воцуш, йоьхна лаьттачу нанас, шена вевзар вац элира, ас сайна вевзар ву элира. Цхьаьна Iаьржачу кеда чу мохь тоьхна, салти  сихонца схьагулбира хьаькамо. Сан куьг лаьцна, могIаре нисбеллачу салташка хьожуьйтуш тхо чекхдовлуш,  вевзира суна сайн буйнара чамда яьккхинарг. «Вот он!», – мохь белира соьгара. Сихонца схьаеара чамда. Адамийн маьхьарех, белхарех, Деле кхайкхарах юьзначу станцехь, куьйгаш ирхъайдина хелхаяьллера со…

Махкахдахар бакъхилар хиъча, СемаIашкарчу станцехь цхьа даьттан кхаба а, ах пунт ахьар а ийцира нанас. Нехан нахаца вагон тIе хьалабаьхна хIорш, Талды-Курганан областан Липсы станце кхечира. Новкъара дIалаьцна шалон тIеваьккхина да Семипалатинске кхаьчнера, дехой а, цаьрца висина ваша Леча а Кустанайски областерчу Семиозерни районе кхаьчнера. Иштта, кхаанхьа бекъабелла РаисовгIеран  доьзал масех шарахь вовшах ца кхийтира. Дуьххьара «Гигант» цIе йолчу колхозера баьхкинчу казахашца дIахьовсо новкъа баьккхина Себихьатан доьзал. Даьттий, ахьар юккъехь долу шад буха а биллина, ден кетар юккъе хьарчийна, наб кхетта Зарган цунна тIейиллина, кхиболчара салаз юттушехь аьлла, кIант схьаэца станци чуяхана Себихьат юхакхаьчча, йоI а, салаз а ца карийна. Нанас орца даьккхина. Луларчу хьуьна юккъехь, махкахбаьхначеран къен сал-пал тIехь йолу салаз дIалачкъийна лаьтташ казах схьакарийна. Салаз хих йолуш, шен кетарца цхьаьна, наб кхетта йоI цо хи чу кхоссар а хиъна.

– Дуьнен чохь рицкъа хиларна йисина со, оцу меттера 8 километр лаха хино дIаяьхьна хиллера, – дагалоьцу Заргана, – берда йистехь бохкучу тхан юьртахошна гинера хино йохьу кетар, шен-шен ю аьлла тIехьаьвддачу цара хьалаяьккхича бен, со сама а ца яьллера. Цигга йоI яйна аьлла хаам кхаьчна, со дIаэцна нана йолчу баьхкира и нах. Луларчу казахашка яй-шун дехна, кхаби чуьра тIаьххьара даьтта тIедиллина, бухадисинчу ахьарх худар дина, мовлад дешийтира тхан нанас…

Мозий санна лечу адамашна юккъехь шен ши бер а, ша а Iалашъян Дала ницкъ белира Себихьатна.Пазаташ ечу артелехь балхахь яра иза. 12 доьзал чохь болчу баракехь, дуьхьал оьллина цхьа шаршун бехчалг йолуш Iаш бара хIорш. ЦIерпошт станце кхочу хенаш хаьара массарна а. Себихьат а, хIара санна хийла нохчи а цIерпоштана дуьхьал боьлхура, шайн-шайн гергарниг карор вацара-те олий.

– Иштта дIадолуш дара шолгIа шо, – юха а дагалоьцу Заргана, – цхьана дийнахь цхьа доккха дегI долуш, тIеман духар дуйхина стаг веара тхан бараке. «Кхузахь юй Чундрикова Себихьат Саитовна?» – хаьттира цо. Ша ю аьлла жоп делира нанас. «Шу лоьхуш ву хьан хIусамда», – аьлла кхаъ баьккхира цо. Дукха хан ялале, мацах даьтта чохь хиллачу тхайн кхаби чохь хи дохьуш йогIучу суна дуьхьал еанчу казахин йоIа кхаъ баьккхира соьга. Едда юха а яхана, сайн кхаба гIу чу яссийна, цIа едира со. Дадина тIегIорта меттиг йоцуш, гуо бинера адамаша. Со кхойкхура дега. Эххар а дена тIекхаьчча, цуьнан настарех хьаьрчина, хьо мичахь вара, хьо схьа хIунда ца вогIура бохуш, бехкаш дохуш, йоьлхура со. Дас меллаша дIахилийра со шена уллора, суна вон хилира. Воккхачу стага хьалаэцна, ден голаш тIе хаийра со. Дех хьаьрчина, цуьнан юьхь тIе куьйгаш хьоькхуш, дIатийра со…

Дукха хан ялале, леррина лаха а лехна, ТIахIас шен гергарнаш – нана а, йиша а, кIант Леча а, йишин кIант а – схьабалийра. Дешна хиларе терра балха а вахара. 1948-чу шарахь шайна цIа дина барака чуьра арабевлира хIорш. Керлачу цIийнах кIезиг сакъералора Себихьатан. Оцу аьхка, буьйсанна массо  а дIавижча, къайла йолий, гIийла йоьлхура иза. ХIун хилла ала хьекъал ца тоьура берийн, амма ненан елхар ца лалуш, бераш а доьлхура.

–1948-чу шарахь, августан 11-чу дийнахь, кхана марха даста кечлуш долуш, тхо ши бер мара къевлина, дог иккхина еллера тхан нана, – дуьйцу Заргана, – цуьнан марара къулхIанаш, аяташ доьшуш халла схьадаьккхира тхойшиъ. Кхин генара хьекъал ца кхаьчнехь а, мама хIунда йоьлхура кху тIаьхьарчу хенахь аьлла, дега хатта хьекъал тоьира сан. Дас дийцира, ненахой болу меттиг схьакарийнера шена, аьлла. Амма,  нана а, ши йиша а, йишин кIант а цхьана буьйсанна дIакхелхина, царах 13–14 шо долу жимахъерг дийна йисар хиъна, иза схьаялоран гIуллакх тIаьхьа-хьалха ца долуш, хан яларх лаьцна. Оцу йоIа яздина кехат дIадиллинчуьра гучудаьлла, луларчу оьрсичуьнга дешийтина хиллера Себихьата. Иза ца лалуш, дог иккхинера цуьнан.

Ненан йисинчу тIаьххьарчу йишех дерг церан лулахочо дийцира кхарна. Цунна пхьегIи чохь сагIийна шура эцна яханера ша, шаьшшиъ йистхилла ялале шурех ша бира, иштта халачу хьолехь бара уьш, аьлла. Мехаца пена тIе тоьхна сурт гира шена, уьш муьлш бу аьлла хаьттича, ша дийна елахь со карон йолу сан йиша а, цуьнан хIусамда а, церан гергарнаш а бу аьллера йоIа. Шен хIусамдегара пурба даьккхина и йоI шайга схьаялийра. Цу буьйсанна пешан букъ тIе дIайижийтина иза, Iуьйранна елла карийра…

Нана еллачу гурахь школе яхара Зарган. Дика кхеташ, лерина деша йолаелира иза. Хьехархошна дукха езара тIехдика доьшу йоI.

– Шелонна дитташ лелхаш, 40 – 41 градус шело хIоьттинера цхьана Iай, – дагалоьцу Заргана, – со школе ца яхийта сан хIуманаш дIалечкъийнера денанас. Иза меттахъялале, юткъачу кучаца, когех бехчалгаш хьерчийна, лечкъина школе яхара со. ДIакхоччушехь пеша тIе хьалаелира, гIорийна ши ког бистина, меттах ца баккхалора. Со школе еънийла хиъна сан хьехархо Кочетова Зоя Владимировна: «Где моя любимица?» – аьлла, чоьхьаелира. Когаш тIе хIотталуш йоцу со, елха йолаелира. «Что ты наделала? Что ты наделала?» – бохуш, йоьлхуш, шена тIера пальто а, бой а суна тIехьарчийна, больнице йигира цо со. Шина баттахь цигахь Iиллира. ХIора дийнахь картол, дуга, кхоьш чу юхкий цхьа мерза пирожкаш йохьуш йогIий, суна Iамадой, дIайоьдура иза. Бовха дагалецамаш бу сан  цунах лаьцна. Дахар мел хала а, эшамашца а хиллехь а, иштта адамаллин масалш а карадора. ТIехдика дешарца 7 класс чекхъяьккхира ас.

1958-чу шарахь декабрь бутт чекхболуш цIабирзира РаисовгIар. Суьйренан школе деша яхана юккъера школа а чекхъяьккхира йоIа. 1961-чу шеран 1-чу июнехь районан культурин отделан берийн библиотеке балха дIаийцира Зарган. Кхуьнан белхан книжки тIехь дIаяздина и цхьа терахь ду. Цул тIаьхьа кху 55 шарахь кхин хийцам а ца хилла.

Довхачу дешнашца дагалоьцу Заргана шеца болх беш хилла накъостий, берийн библиотекин заведующи  Воронова Зоя а, белхахой ШмаковаТатьяна а, Коваль Екатерина а, Вольская Надя а, культурин отделан хьаькам хилла волу Сакаев Баудди а, иштта кхиберш а.

– Болх бора, муьлхха а тIедиллар кхочушдора,– дагалоьцу Заргана.   – Боккхачу тIоьрмига чу керла книгаш йохкий, районан ерриге а школашкахула чекхйолура, «передвижни библиотекехь» дийнахь 100, 120, 140 ешархочунна книгаш лора ас. Уьш хийцина а ца Iара. Бераша ешна, ца ешна хьожура, чулацам хоттура. Цкъа со леян гIоьртина бераш, книгин чулацам схьабийцал ас аьлча, кхечу книгин чулацам бийцира суна. Дуьйцург чекхдаллалц Iийна, ас боху, ахь юьйцург хIара книга яц, кхин книга ю, цуьнан чулацамехь дуьйцург хIара а, хIара а ду. Нахана мел дош доцуш болх бу аьлла хетахь а, суна кхул коьрта болх ца хетта сайн дахарехь. Бахам гулбан алапа а ца хилла кху балхахь, амма муьлххачу къоман дахар довза а, муьлхха а хиламаш бовза а, нахаца дика хила а, дог цIена ваха а таро хилла.

Шен болх лоруш хилар хета Зарганна шена 1977-чу шарахь «Нохчийчоьнан культурин хьакъйолу белхахо» аьлла цIе тиллар а, 1986-чу шарахь «Къинхьегаман ветеран» мидал ялар а, «Ненан сий» мидал ялар а, 2012-чу шарахь «За высокие достижения» мидал ялар а, ткъа Баркаллин кехаташ а, Сийлаллин грамоташ а ягарйина ца валлал дукха ю цуьнан.

1963-чу шарахь, Заргана ша ма-баххара, нашхойн нус хилла цунах. 4 кIант, 2 йоI кхиийна цо. Хьалхарчу тIамехь хи тIе яханчохь, иккхинчу бомбин гераг кхетта, 18 шо кхаьчна, жимах йолу йоI къаьстина царах. Цу дийне кхочуш Зарганна хилла бохамаш, кхуьнан воккхахволу ваша Леча а, жимахволу ваша Куьйра а некъан бохамехь кхелхинера, тIебазбира оцу бохамо. Делахь а, дерриге а Делера дуйла хууш, Цунна хастам беш еха иза.

Гуттар а чIогIа сахьаьвзича, шерашкахь ша гулдинчу  суьрташка хьоьжуш, цаьрца дагара дуьйцуш Iа иза.

Т.САРАЛИЕВА

Суьрта тIехь: Раисова Зарган

 

№130, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 19-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: