Нохчи – артиллерин инарла

1904-чу шеран 27-чу январехь японхойн миноносцаш  Порт-Артурехь лаьттачу оьрсийн хIурдакеманашна тIелатарца дIаболабелла Россин-Япони тIом, дагахь боцу иэшамаш бохьуш беара чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран юьххьехь. Дуьххьарлерчу тIелатарца хIаллакдира крейсерш «Паллада», «Варяг». ХIаллакйира балтикин флот, иштта дIахьаькхира Тийначу океанан флотили. Оьрсийн эскарна хьалхаваьлла инарла Куропаткин Алексей Николаевич вара. Инарла алссам тIеман аренаш гина стаг вара. Делахь а,  Россин а, Японин а эскарийн ницкъаш цхьана барамехь бацара. 200 эзар  гIаш-салтичух лаьттачу японхойн эскарна дуьхьал 50 эзар гIаш-салтица тIом бар тIедоьжнера оьрсийн инарлина.  Хаддаза тIамна кечлучу японхойн герз а уьттазза дукха дара оьрсийн эскарехь долчул. Цундела, салтийн-пекъарш къинхетамза хIаллак ца беш, тIеман хьаьттара юха вуьйлура инарла. Иштта юхадовлуш дара оьрсийн эскарш 1905-чу шеран 23-чу февралехь Мукден цIе йолчу гIалина уллехь. Бакъду, х1окхарна юхабовла гечо ца дуьтуш, хаддаза яьллачу цIеран хьесапехь герз тIедетташ японхой бара. Цхьана салтийчунна дагахь дацара цу кIуркIманера гIоза-декъал ша ара вер ву аьлла. Толамо дог-ойла гIаттийна японхой дера чухехкалора юхабовлучу оьрсийн салташна. Дуьненах цара дог диллинчу муьрехь тIеман хьаьтта оьрсийн артиллери елира, мичара ели ца хууш, тIаьхьа яккхийчу зурманийн оркестр хIоттийна. Цец-акъ бевлла японхой шаьш болччохь, багош гIовттийна севцира, хиллачух ца кхеташ. Иштта цецбевлла оьрсийн салтий а, царна хьалхабевлла бIобаьччанаш а бара. ТIемалойн цецбовларх пайдаэцна яккхий тоьпаш тоьхна японхой юхакхийсира тасдаларан хьаьтта цIеххьана схьакхаьчначу керлачу бIаьхоша. ПарггIат юхадовла некъалар елира оьрсийн эскарна. И сурт гинчу инарла Антон Иванович Деникина шен дагалецамашкахь дийцина цунах лаьцна. Луьрачу тIеман хьаьтта яккхий зурманаш яьхна японхошна луьра т1елатар дина инарла Алиев а вуьйцу цо, Россин тоьллачу инарлех цхьаъ вара, цуьнгахь санна майралла, доьналла шена цхьаьнггехь а гина дац бохуш. Инарла Деникина лечкъа ца до Алиев Солтагирин кIант Эрисхан нохчи хилар. Алиев дийна мел ву гергарло лелош а хилла и ши тIемало. Хийла тIеман аренаш цхьаьна дIакхехьначух тера ду цу шимма. Амма, Антон Иванович Деникин советийн Iедалан къизаллех ведда кIелхьара ваьллехь а, вайн махкахочун кхоллам Iаламат къаьхьа нисбелла. Цкъа а нохчийн къоман дахарехь иза хила а ца хилча санна вицвина советийн идеологино синкхетам хьаьшначу адамаша. Инарла Алиевн бехк болуш-м дац иза.001

Алиев Эрисхан Йоккхачу АттагIара хьаккойн тайпанах волчу Солтагирин кIант ву. 1855-чу шеран 30-чу апрелехь дуьнен чу ваьлла ву иза. Цуьнан да Солтагира мелла а йоза-дешарх кхеташ хилла, Чахкар гIопехь талмажалла деш хилла. Иштта аьтто баьлла кхиъна вогIучу кIентан  Ставрополерчу эпсарийн берашна лерина йолчу гимназехь деша. Кхиамца гимнази чекхъяьккхина  Константиновскехь йолчу  тIеман училище деша воьду, тIаккха Михайловски артиллерин училище чекхйоккху. 1876-чу шарахь артиллерин училище кхиамца чекхъяьккхина, жима стаг Кавказан гренадерин артиллерин корпусе хьажаво подпоручикан чин луш. 21 шо дара Эрисханан 1876-чу шеран 31-чу августехь оьрсийн эскарехь иза гIуллакх дан дIаволалуш. Муьлхха а, яхь йолу нохчи санна шен къам, Даймохк безаш хилла иза. Цуьнан дуьхьа эшахь мерза са дIадала кийча а хилла. Ткъа майралла, доьналла шегахь доза доцуш хилар цо гайтина, ша алссам дакъалаьцначу тIеман тасадаларшкахь. Довха дешнаш ца кхоош яздо цунах лаьцна «Путь русского офицера» цIе йолчу шен книги тIехь инарлас Антон Иванович Деникина. Бакъду, 1872-чу шарахь дуьнен чу ваьлла Деникин бер долуш дуьйна а майрачу бIаьхочун хьуьнар, похIмечу артиллеристан говзалла гойтуш схьавогIуш хилла Алиев Эрисхан. Хууш ма-хиллара, 1877-чу шарахь дIаболабелла оьрсийн империн Хонкаран махкаца болу тIом. Цигахь жигара дакъалаьцна ву инарла Алиев. Цуьнан дуьххьарлера мидалш, орденш цу тIамехь гайтина бIаьхаллин доьналла бахьанехь елла ю.

1352-чу шарахь хонкархоша дIалаьцначу Балканы цIе йолчу ахгIайри тIехула дIаболабелла бара и тIом. Пхеа бIешарахь сов церан олалла лаьттинера Балканехь дехачу къаьмнашна тIехь. Оьрсийн паччахь хилла Екатерина шолг1аниг яра Балканашка бIаьрг бетташ. ТIамца иза схьаяккхаро цунна бостур бара Дуьненаюкъарчу хIорда тIебоьду некъ. Амма, цу муьрехь хонкархойн эскар нуьцкъала дара, аттачу балхаца оьрсийн эскаре яккхалур йолуш яцара ахгIайре. Цул сов ахгIайри тIехь беха славянаш кийча бацара шайн къоман маршонехьа къийса. Хаддаза кхехкачу тIемаша гIелбина,  гIаддайнера церан. Цу т1е цхьабарт бацара тайп-тайпана долчу къаьмнашна юкъахь. Ткъа XIX-гIа бIешо юккъе доьдуш Балканехь дехачу къаьмнийн синкхетам мелла а самабаьллера.  Барт чIагIбелла, машаран новкъа девллера царах дукхахдолу къаьмнаш. Къаьсттина жигара болу маршонехьа къийсам Болгарехь. Болгараша дегайовхонца бIаьрг беттара: дин, гIиллакхаш, Iер-дахаран кеп шайчуьнца йогIуш йолчу Россига. 1875-чу шарахь  къоман маршонехьа гIаттам хилира Боснехь, Герцеговинехь. ГIаттам къизаллица хьошуш славянийн дукха цIий Iанийра хонкархойн эскаро. ТаIзаран доккхах долу дакъа сербашна кхечира. Германис, Францис, Италис, Россис цхьабарт болуш меморандум тIеийцира хонкархошна и славянашна тIехь латто таIзарш  дайдар тIедожош. Амма, къайлах Ингалсан пачхалкхо ир-кара хIитточу хонкархоша меморандум тергал ца еш, жигарабаьккхира гIаттамхошца дIахьош болу луьра къийсам. Цундела, Россин паччахьо Османан империга тIом кхайкхийра  1877-чу шеран 24-чу апрелехь. Ткъа 21-чу майхь ша цхьаннех йозуш  цахилар дIакхайкхош Россис дог-ойла айъина тIамна гIаьттира Румыни а. Оьрсийн эскаран толамца 1878-чу шеран 31-чу январехь дIабирзира и тIом. 1878-чу шеран 19-чу февралехь тIеийцира Сан-Стефански барт, тIеман  шина агIоно тIе куьйгаш  яздеш. Цуьнца Черногори, Румыни, Серби  йозуш йоцу пачхьалкхаш санна дIакхайкхош яра. МостагIчух дIацIандинера Болгарин алссам латтанаш (ТIаьхьо Россис паргIатъяьккхира Болгари а). Дукха цIий Iанийна луьра тIом бара иза. Герз кхетта велларг воцург, Шипка олу меттиг схьайоккхуш, шелоно гIорийна, вахьийна кхеттачу лазарх 9 500 стаг дIавелира. Амма, дийна висинчунна совгIаташ ца кхоийра оьрсийн паччахьо Александр-шолг1ачо.  Алиев Эрисхана дуьххьара дакъалаьцначу 1877-чу шеран тIамехь иза герз кхетта чов йина хилла, амма мелла а шена гIоли хилла аьлла хетачу минотехь катоьхна юха а буьрсачу тIеман хьаьтта дIахIоьттина и майра бIаьхо. Бакъволчу нохчичун аьрха дог цуьнан кийрахь хиларна къеггина тоьшалла ду иза. Цо гайтинчу майраллина айкх дуьйлу цу тIамехь  дакъалацарна Эрисханна паччахьо делла совгIаташ. Оьрсийн эскарехь лакхарчарех ларалуш йолу ши орден елира Эрисханна, 1877-чу шарахь  «Святой Анны» орден, 1878-чу шарахь   «Святого Станислава» орден. ТIом дукха дика барна поручикан чине ваьккхина нохчийн къона эпсар.

Лакхахь хьахийначу 1904–1908 -чуй шерашкахь Россис Японица биначу тIемашкахь гайтина майралла бахьанехь делла Алиев Эрисханна инарлин чин. Артиллерин бригадин куьйгалла деш хилла иза цу тIемашкахь. Алсам тIеман совгIаташ хилла цуьнан. Цу совгIатех уггаре а мехалниг ду;  «Святого Георгия» орден. Кхузахь газетдешархойн тидам тIеозо луур дара вайн дукхахболчу махкахоша дозалла деш хилла йолу Георгин жIар яц Алиев Эрисханна елларг. Оьрсийн эскарехь лаккхарчу эпсаршний бен луш йоцу «Святого Георгия» орден ю. Цу муьрехь иза могIарера бIаьхо я эпсар  хилла Iаш вац. Оьрсийн паччахьан генеральни штабан артиллерин академи,  1892-чу шарахь штабс-капитанан чинехь кхиамца чекхъяьккхина  лаккхарчу т1ег1анехь тIеман корматалла йолу бIаьхо хилла иза тоьллачарех цхьаъ тIеман инженер ларалуш. 1895-чу шарахь дуьйна полковникан чинехь волуш оьрсийн эскаран шолгIачу дивизина юкъайогIучу артиллерин 20-чу бригадина куьйгаллехь хилла  Алиев Эрисхан. Россин Японица хилла тIом дIаберзале инарла-майоран чине воккху вайн хьуьнаре махкахо. 1907-чу шеран 6-чу декабрехь инарла-лейтенантан чин ло цунна.

1914-чу шеран 28-чу июлехь Дуьненан хьалхара тIом дIаболалуш Россин эскарийн йоьалгIачу корпусна куьйгалла деш хилла Алиев Эрисхан. Тамашийна болабелла тIом бара иза. Сербин террористаша Сараевехь Австрин эрцгерцог Франц Фердинанд фон Габсбург а, цуьнан хIусамнана а йийра. И зулам бахьанехь доккха питана даьржира. Германис Россин тIом кхайкхийна. Уггаре а луьра тасадаларш малхбалерчу Пруссехь хилира. Вайн махкахо цигахь дакъалоцуш  даима санна майралла, доьналла гойтуш вара. Цунна теш хIуьтту 1914-чу шеран октябрь баттахь оьрсийн паччахьо Николай-шолг1ачо ша тIе куьг яздина инарлина совгIат дар, кхин цхьаъ «Святого Георгия» орден луш. Дукха нах бац и тайпа орден яларца совгIаташ дина. Паччахьан деваша Николай Николаевич Романов, Кавказан фронтана куьйгалла деш хилла инарла Юденич Николай Николаевич, Россин 8-чу эскарна куьйгалла деш хилла инарла Брусилов Алексей Алексеевич,  иштта кхин масех стагана а елла и орден. Кхузахь билгалдаккха луур дара и тайпа совгIат кхин цхьана а кавказхочунна делла цахилар а. Дуьненан хьалхара  тIом дIабоьдуш, Алиев Эрисхан Кавказехь вевзина ца Iаш, ерриге а Россехь гIараваьлла вевзаш инарла вара.  ТIеман хьаьттахь даккхий хьуьнарш гайтарна цунна елла дашо тапча хилла (цуьнан ц1е т1е язйина). Алиев Эрисханах дерг хаа таро ю  инарла Василий Анисимович Залесскийс язйинчу  «Кавалеры ордена Святого Георгия» цIе йолу книги т1ехь. Вайх хIорамма а шех дозалла дан хьакъ долуш, дуьне цецдаллал нуьцкъалчу амалца, оьздачу гIиллакхашца дахарехула чекхваьлла стаг ву иза. 1914-гIа шо буьрсачу тIемашкахь дакъалоцуш малхбалерчу Пруссехь чекхдаьккхина цо. 1916-чу шарахь Польшехь тIемаш бан дезна цуьнан, цул т1аьхьа Румынехь.002

1917-чу шарахь Iедал большевикийн кара дахаро мелла а ойла йохийра вайн махкахочун. Иза гена вара политикина. Цуьнан говзалла Даймахкана гIаролехь латтар яра. Ткъа цунна иза даима тешаме хиллера шен са, дегI ца кхоош. Даржаш, Iедалан мукъ къуьйсучарна юьстах вара инарла Алиев.  Делахь а, кхолламан буьрсачу мехаша 1918-чу шарахь Петербурге-м валийра Алиев Эрисхан. Ткъа 1918-чу шеран октябрь баттахь Добровольчески эскарна юкъавахара иза. 1919-чу шеран январь баттахь и эскар  революционни шовкъо карзахъяьккхинчу  Нохчийчу кхочу. Оцу шеран 11-чу апрелехь  Соьлжа-ГIалахь хиллачу нохчийн къоман гуламехь Нохчийчоьнан куьйгалле хоржу инарла Алиев Эрисхан.  Нохчийн къоман гуламехь дакъалоцуш бара  оьрсийн инарлаш: Деникин Антон Иванович волуш, Ляхов Владимир Платонович, Романовский Иван Павлович, Вдовенко Герасим Андреевич, Ингалсан пачхьалкхера хьаша инарла Чарльз Джеймс Бриггс. Россин Къилбехь долу дерриге а эскарна коьртехь волчу Деникина Нохчийчоьнан куьйгалле хIотторал совнаха, шен гIоьнча ву  аьлла дIа а кхайкхийра Алиев Эрисхан. ДIакхайкхаварх тоьий, ерриге а Къилбаседа Кавказана Iуналла дан Деникина дIахIоттийна инарла Эрдели Иван Георгиевич хилча?! Мадьярех схьаваьлла инарла Эрдели къинхетам бохучу кхетамна гена вара. Нохчийчоьнан куьйгалхо ларалучу инарла Алиевх дагавалар доцуш, муьлхха  нохчийн юьрта салтий чухоьций талораш дойтура цо. Бехк-гуьнахь доцу адамаш хьийзадойтура. Масех юьртахь цIий Iанийнера. Цул совнаха, Нохчийчоь кхаа декъе екъаелла яра. Цхьана агIор Шерипов Асланбек вара. Вукху агIор Чермоев Iабдул-Межед вара. Чуликов ИбрахIим коьртехь волуш кхин цхьа тоба яра. Буьрсачу кхаа цIарна юккъехь висина Алиев Эрисхан церан барт бан гIертара. Ткъа х1окхо мел дуьйцург инарла Эрделис хаддаза латточу къизаллаша дохадора. Масех баттахь къахьийгира декъазчу инарлас цу кIуркIмани юккъехь. Амма, Нохчийчохь барт хила туьгуш бацара. Цундела, Алиев Эрисхана шен лаамехь  дарж охьадиллира, кехата тIехь динчу дIахьедарехь хIоьттинчу хьолана инарла Эрдели Иван Гергиевич бехке вина. Иза, кхин цхьана а хIумана юкъагIерташ а воцуш, юьстах ваьллера. Амма, Нохчийчохь чIагIделлачу советийн Iедало юьстах валарх бехказа ца витира. Инарла шен доьзалца Петровске (хIинца Махачкала) дIавахнера. Амма, 1920-чу шарахь мотт тоьхна иза, цуьнан ши кIант Эксан-хан, Эглар-хан лаьцна Соьлжа-ГIала схьавалийна, набахти чу воьллира. Дукха  хан ялале кхаанна тоьпаш туьйхира. Цхьа йоI яра инарлин хьалха ялийначу зудчо йина. Ненан фамилица хиларна Iедалан кара ца йоьдуш йисира иза. ТIаьхьо маре яхана, шен доьзал болийна, охьа хиира иза. Нохчийн къоман театрехь болх бина Нохч-ГIалгIайн халкъан артистка Алиева Тамара инарлин цуьнан шича йоI. Амма, церан диканаш ган ирс цахилира инарла Алиевн.  65 шо кхаьчна вара иза чекисташа хIаллаквеш. Даймахкана ваьцна вара. Нохчийн къоман сий лардина вара. Цундела, хьакъду цуьнан сирла амат вайн дегнашкахь даха. ТIекхуьу чкъор декхарийлахь ду цкъа мацах иза дуьнен чохь хиллий хаа, цунах дерг ма-дарра довза. Дала хьекъал, ийман, доьналла лойла вайна цунах кхета.

ГАЗИЕВА АЗА

 

№130, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 19-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: