Дан догIучарна массарна а гIо-накъосталла до

Соьлжа-ГIалин Ленински районерчу къинхьегаман, социальни кхиоран отделан коллективан болх тIехьажийна бу социально-къинхьегаман декъехь пачхьалкхан политика кхочушъярна. Отдело цхьаьна гIуллакхаш до районан кхочушдаран Iедалан кхечу органашца а, юкъараллин организацешца а, дакъалоцу доьзал, зударий, бераш, баккхий нах, ветеранаш, заьIапхой, социально гIийла болу кхиболу бахархой а ларбарехь. Отдело дакъалоцу къинхьегамах ял яларан, пачхьалкхо хIиттийна долу компенсацин ахчанаш даларан пачхьалкхан политика кхочушъярна тIехь таллам латторехь. Бераш долчу бахархошна пособеш хIитта а до, уьш дIа а ло. Нохчийн Республикин къинхьегаман, нах балха нисбаран, социальни кхиоран министерствон куьйгаллица Iедалан районан органашца а, юкъараллин организацешца а цхьаьна вовшахтуху заьIап бераша а, буобераша а, гIийла бохкучу доьзалшкарчу бераша а, дайн-нанойн Iуналла доцуш дисинчу бераша а садаIар а, церан могашалла тояр а. Болх бо тIехь Iуналла доцу бераш ца хилийтарна тIехь, церан дахарна хила дезаш долу хьелаш кхуллу.OLYMPUS DIGITAL CAMERA

– Оха хIора баттахь луш долу берийн пособеш а, берашна цкъа луш долу пособеш а, бераш Iалашдарна луш долу пособеш а хIиттадо, – дуьйцу районан къинхьегаман, социальни кхиоран отделан директоран заместитела, коьртачу говзанчас Л.А.Эльмурзаевас.

– Оха пособеш хIиттадо кхелхинарш дIабохка а, ткъа иштта таIзарш дина хилла, цул тIаьхьа шайн бакъонаш меттахIиттийначарна, къинхьегаман ветеранашна, тылан къинхьегамхошна хIора баттахь луш долу пособеш ло. Оха дIаязвина ву сийлахь 17 донор, хIусамийн-коммунальни хьашташ кхочушдарехь гIоленаш еш волу 799 стаг, хIора баттахь пособеш луш болу зударий, итт а, цул сов а бераш дина а, кхиийна а йолу 21 «Турпалхо-нана». Районехь бехаш бу дуккха а бераш долу 4 910 доьзал. Отделехь дIаязбина бу 18 шо кхачаза долу 58 буобер дехаш болу 36 доьзал, 18 шарера 23 шаре кхаччалц хенаш йолу буобераш долу 52 доьзал. Буоберийн гIолацаран Iалашонца хIора шарахь дешаран керла шо тIекхочуш хIора берана 10 эзар соьман барамехь гIо до.

Л.Эльмурзаевас иштта хаам бира Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман а, кхечу тIемийн а, Овг1анехь хиллачу т1емана  а ветеранийн, тIеман ветеранех бисинчу зударийн, заьIапхойн социальни гIолацаран а, ветеранашна, заьIапхошна, буобераш долчу доьзалшна хIусамашца кхачо яран а Iалашонца дIахьо тайп-тайпана бахархой дIаязбар. Отделехь дIаязвина ву Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман 4 дакъалацархо, Чернобылерчу аварин 27 дакъалацархо, ОвгIанехь хиллачу тIеман 26 дакъалацархо, Нохчийн Республикехь хиллачу тIеман 1 808 дакъалацархо, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархойх йисина 55 зуда. 300 сов заьIапхо хIусамийн хьелаш тодан дIаязвина ву. ТIеман хIора ветеранна хIора баттахь 10 эзар соьман барамехь гIо до. 9-чу майхь республикин къинхьегаман, нах балха нисбаран, социальни кхиоран министерствос ахча делира: тIеман ветеранашна – 100 эзар сом, тылан къинхьегамхошна –  25 эзар сом, тIеман ветеранех бисинчу зударшна – 10 эзар сом. Правительствон «ЭскаргIуллакххошна ахчанаш даларан а, царна шайна къастийна, ахча даларан а хьокъехь» болу 2011-чу шеран 7-чу ноябрехьлерчу сацамца нийса а догIуш, дIахьош бу тIамехь чов хилар бахьана долуш я эскарехь гIуллакх деш, заьIап хилла эскаргIуллакххой а, тIамехь чов хилар  бахьана долуш кхелхинчу, я эскарехь гIуллакх деш кхелхинчу эскаргIуллакххойн доьзалш а дIаязбаран болх. Хаддаза болх бо боьхначу доьзалшкарчу  тIехь Iуналла доцчу а, кхетош-кхио хала долчу а берашца.

Графикца нийса а догIуш, отделан хьаькамо а, говзанчаша а дIахьо бахархой тIеэцар, отделан белхахой хьовса декхар долчу гIуллакхех лаьцна бахархойн дехарш а, заявленеш а дIаяздар. Оцу дехаршна шен хеннахь хьовсий, хьакъ доллу жоьпаш а ло.

З.ФЕДОРОВА

 

№130, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 19-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: