Вайн лулахой болчохь

Бохамаш хиллачарна – сертификаташ

     МАЙКОП. ДIаяханчу бIаьста хи тIедалар бахьанехь хIусамаш йохийначеран гIуллакх сихха къастийра Адыгейхь. Бохам хиллачу 69 доьзална сертификаташ елира. Царах цхьаберш хIинцале а керлачу хIусамашка дIакхелхина.

Царах цхьамма Ауглев Заурбека, масала, дозалла дарца гойту шен хьалха хиллачарал хаъал яккхий керла хIусамаш. ЦIенош сертификатан чоьтах эцнийла хоуьйту цо. Цхьа а хIума дан ца дезаш, дерриге а долуш дара кертахь: рагIу, экъанаш, дохнакерт, кхача кечбен меттиг.

    ХIаллакьхилла бахам меттахIотторна доьзалан хIора декъашхочунна 100 эзар соьман барамехь ахча делира. Заурбекан доьзало цунах чохь оьшуш йолу йийбар а, дахаран хьаштийн техника а ийцира.

   Регионехь тидам тIе бохуьйту бохам хиллачарна 130 миллион соьман барамехь ахча делла хиларна.

 

Меттанийн деза де

     МАХАЧКАЛА. ХIокху деношкахь Дагестанан пачхьалкхан университетан филологин факультетехь дIаяьхьира къоман меттанийн фестиваль. Регионан къоман политикин министерствехь хаам бина ма-хиллара, цигахь дакъалоцуш яра къоман политикин министр Гамалей Татьяна, университетан ректор Рабаданов Муртазали, республикехь дика  бевзаш болу Iилманчаш, литераторш.

   Цхьаьнакхетарехь филологин факультетан исбаьхьаллин самодеятельностан декъашхоша шайн корматалла гайтира даздаршка гулбеллачарна. Къоман маттахь шайн стихаш йийшира меттигерчу поэташа. Ткъа цул тIаьхьа «Дуккха а меттанийн хьелашкахь Дагестанан меттанаш» аьлла Iилманан-практически конференци  дIаяьхьира.

   Фестиваль чекхйолуш  «Дуккха а меттанийн Дагестан» аьлла йолу монумент хIоттон йолчу метте дагалецаман тIулг биллира.

 

ГIап тоян йолийна

     НЕСАРЕ. Шен шина бIе шеран йохаллехь дуккха а хиламийн теш хилла Несарера гIап. 210 шо хьалха доккха маьIна долуш гIишло яра иза, шена гуонаха дерг кераюккъехь санна схьа а гойтуш. ГIалгIай ларбина цо шайна тIелеташ хиллачу мостагIех. ГIалгIай Россих дIакхеттачул тIаьхьа оцу гIопехь дIахьора халкъан съездаш, тайп-тайпана гуламаш.

    Тахана Къилбаседа Кавказехь архитектурин уггаре а баккхийчу хIолламех цхьаъ ю иза. Карарчу хенахь  пенаш а, бIаьхаллин бIаьвнаш а бен ца йисина гIопах. Бакъду, уллохь ширачу хIолламийн дийнна йоккха комплекс ю – шира пхьалг1анаш, гIалгIаша дина товараш духкуш йолу махлелоран меттигаш, бIаьрг тохаран бIов. ГIап тойина яьлча уьш ерриге а цхьана комплексана юкъагIур ю.

 

«Терские Ведомости» газет дагалоцуш

       ВЛАДИКАВКАЗ. Къилбаседа ХIирийчоьнан коьртачу шахьарахь даздаран хьолехь схьадиллира Россин уггаре а ширачу зорбанех цхьаъ хиллачу «Терские Ведомости» газетана лерина долу мемориальни у. Дагалецаман билгало дIахIоттийна революци хилале хьалха редакци а, Терски областан типографи чохь хиллачу цIеношна тIехь.

   Революци хилале хьалха арадолуш хиллачу газетан сийнна мемориальни у хIоттор хьалха хIоттийра кхузаманахьлерчу «Терские Ведомости» издательски цIийнан куьйгалло. Оццу хенахь билгалдоккхуш дара газета Владикавказехь 1868-чу шарахь дуьйна арадолуш хилла хилар. Цу тIехь зорбатухура культурин, Iилманан темашна, публицистикин материалаш, ткъа иштта Хетагуров Костин стихаш. Билгалдоккхур вай цхьана хенахь оцу газетехь вайн махкахо Саракаев Бек а болх беш хилла хилар.

 

Туристийн барам алсамбаьлла

    СТАВРОПОЛЬ. Кху шеран чекхбаьллачу исс баттахь Ставропольски крайхь хилла 906, 3 эзар турист. И гайтам дIадаханчу шеран оццу муьраца дуьстича, 4,5 процентана алсам хуьлу, хаамбира регионан культурин министерствон векала Ступников Евгенийс. Царах садаIа а, шайн могашалла тоян а баьхкинарш 66 эзарнал сов бу. Оцу муьрехь Кавквазски Минеральни Водийн регионан могашалла тояран меттигашкахь хилира 53 эзар гергга кхиазхо а,  социальни путевкашца веана 45 эзар сов стаг а.

  Регионехь гIуллакх деш ю 300 сов туристически агентство, 34 туроператор. Кху шеран январехь дуьйна гIуллакх дан йолаелла   1 100 сов меттиг йолу  туристийн-рекреацин Iалашонан 31 объект. Крайхь иштта гIуллакх деш ю 138 санатори а, 306 хьешацIа а.

   КарадогIучу шарахь и гайтамаш цхьа миллион стагал сов хирг хиларх  тешна бу туроператорш.

 

Хаамаш кечбинарг – Л.МАГОМАЕВ

 

№130, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 19-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: