Газетан дIаяханчу номерехь оха хаам ма-барра, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дакъалецира Махачкалахь дIаяьхьначу Россин Правительствон Къилбаседа Кавказан федеральни округ социально-экономически кхиорехула йолчу комиссин кхеташонехь. Иза дIахьош вара Россин Федерацин Правительствон Председатель Медведев Дмитрий.
Кхеташонехь иштта дакъалецира Россин Правительствон Председателан заместитела А.Хлопонина, Россин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолчу векала С.Меликовс, Россин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министра Л.Кузнецовс, Россин могашалла Iалашъяран министра В.Скворцовас, дешаран, Iилманан министра М.Соколовс, юьртан бахаман министра А.Ткачевс, къинхьегаман, социальни лардаран министра М.Топилина, иштта регионийн куьйгалхоша.
Кхеташонехь дийцаре дира Къилбаседа Кавказан федеральни округехь могашалла Iалашъяр кхиоран а, демографин а декъехь долу хьал. Иштта дийцира бахархошна молханашца а, лаккхарчу технологешца догIу медицинин гIодарца а кхачоярх. Цигахь билгалдаьккхира округехь лоьрийн къелла хилар (цу декъехь медйижарий а), хIинцца дина бераш кхалхаран терахьаш лакхара хилар, онкологин цамгарш йолчу дархошна оьшу молханаш хилийта кхоччуш таронаш цахилар.
Россин могашалла Iалашъяран министра Скворцова Вероникас шен докладехь билгалдаьккхира, Нохчийн Республикехь хIинцца дина бераш кхалхар гIеххьа лахделла а, лахлуш а хилар, лоьраш цатоаран проблема дIайоккхуш хилар, иштта мехкан тоьллачу клиникашкахь вайн лоьрийн говзалла лакхаяккхарехула дIахьош болх хилар.
Лазаме г1уллакхаш дийцаре динчул тIаьхьа, билгалъяьхна проблемаш дIаяхаран некъаш а, цу декъехь дан деза гIуллакхаш а къастийра правительствон комиссис.
А.ВАХАЕВА
№130, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 19-гIа де, 2015 шо