Кху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана бакъонаш ларъяран органийн а, нуьцкъаллийн структурийн а куьйгалхошца дIаяьхьначу кхеташонехь дийцира некъийн кхерамазалла латторех а, экстремизмана, терроризмана дуьхьало ярх а лаьцна.
Иштта, цхьаьнакхетарехь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхочо Кадыров Ислама, Нохчийчоьнан экономикин, юкъараллин кхерамазаллин секретара Усмаев ВахIида, республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьалхарчу заместитела Алаудинов Аптис.
«ТIаьхьарчу хенахь вай баккхий кхиамаш баьхна некъийн кхерамазалла латторехь. Жигара белхаш дIабахьар бахьанехь некъийн бохамаш лахбелла. Цу агIор гIел ца луш кхидIа а къахьега деза вай», – билгалдаьккхира кхеташо дIайолош регионан Куьйгалхочо.
Кадыров Рамзана шен къамелехь дIахаийтира тайп-тайпанчу бохамашкахь наха шайн телефонаш тIехь съемкаш яр, суьрташ дахар дехка дезаш хилар.
– Авари хиллачохь а, кхечу бохамашкахь а леррина суьрташ дохуш хуьлу вайн цхьаболу нах. Адамехь догIуш хIума дац и. Къаьсттина телефонаца тидаме лаца гIерта авари а, цигахь кхелхина нах а. Юха и съемкаш интернет чу а йоху. Гергарчаьрга къинхетам хилар дац оцу нахехь. Иштта гIо дан гIертачарна новкъарло а йо цара. И нах совцорна тIехь леррина белхаш бан беза вай, – бохура Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
Цул сов, Кадыров Рамзана тIедиллира экстремизман, терроризман идеологина дуьхьало ярна къаьсттина тидам тIебахийтар.
– Бусалба нахана а, вахабиташна а юкъахь цхьа а хIума дац. Вахабитийн Iалашо маьршачу нахана зулам дар, питанаш тийсар ю. Республикин хIора вахархо цунах кхеташ а, и хууш а хила веза. Экстремизмана, терроризмана дуьхьало яран декъехь белхаш беш республикин бахархошца, къаьсттина кегийрхошца, цхьаьнакхетарш дIадахьа деза. Оцу гуламашкахь кIорггера дийца а, довзийта а деза оцу нахах долу зулам, – бохура Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.
Р.РАМЗАНОВ
№130, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 19-гIа де, 2015 шо