Россин таIзарш кхочушдаран федеральни службин (УФСИН) Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин аппаратан актови залехь Россин уголовно-кхочушдаран системин ветеранийн Денна лерина даздарш дIадаьхьира. Цигахь дакъалецира уголовно-кхочушдаран системин ветеранаша, белхахоша, Соьлжа-ГIалин мэрин культурин департаментан векалша, хьешаша.
Цхьаьнакхетаран даздаран дакъа схьадиллира Россин таIзарш кхочушдаран федеральни службин Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин куьйгалхочун заместитела, чоьхьарчу службин подполковника Махаев Тамерлана. Республикин уголовно-кхочушдаран системин куьйгаллин цIарах ветеранаш декъалбеш, церан ирс, аьтто, могашалла хила лаарца вистхилира иза.
Цо билгалдаьккхира, уголовно-кхочушдаран системин ветеранаша бечу балхо тIекхуьуш болу къона белхахой патриотизмехь а, шайн корматаллехь а кхиорехь доккха дакъалоцуш хилар.
КIезиг ца хезира довха дешнаш регионан ветеранийн Советан председателера Юнусов ИбрахIимера а. Уголовно-кхочушдаран системин ветеранаша а, баккхийчу белхахоша а къоначу говзанчашна луш долчу зеделлачун мах хадийна а вер вац. Хьакъ доллу чкъор кхиош бу уьш. Республикина уггаре а хала хиллачу хенахь болх бинчу ветеранашца цхьаьнакхетар даима а дагах кхета къоначу белхахошна. Нагахь санна шаьш уголовно-кхочушдаран системехь болх хаьржиний, цунна хьакъ хила!» – элира И.Юнусовс.
Даздаран хьолехь уголовно-кхочушдаран системин ветеранашна Нохчийн Республикин Парламентан ц1арах Сийлаллин грамоташ а, «Россин Нохчийн Республикехула йолчу УФСИН-н – 15 шо» аьлла юбилейн билгалонаш а, УФСИН-н ц1арах Сийлаллин грамоташ а елира. Даздаран официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, нохчийн эстрадин артисташа концерт гайтира.
А.ХАСБУЛАТОВА
№130, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 19-гIа де, 2015 шо