Ахчанан лай

Ascending financial steps

Динца доьзна хIумма а дац церан зуламашкахь

Шайн заманашкахь дуккха а хьекъалчаша баьхна тIом бан а ахча, хьал-бахам оьшуш хиларх лаьцна. Масала, Франсуа Раблес аьлла: «Ахча иза  тIеман гIора ду». Ткъа Марк Тулий Цицерона аьлла: «Ахча иза тIеман синпха бу». Кху заманахь т1ом бан муххале а оьшу ахча. ТIом бан герз эцалур дац ахча ца хилча. Тахана ца хаало даррехь дуьхь-дуьхьал а хIиттина пачхьалкхаша вовшашца тIемаш бар. Амма къайлах дуьхь-дуьхьал латтар а, терроризм лелор а даьржина. Цунна юкъахецна дуккха а ахча а ду тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь.

Россехь а, Къилбаседа Кавказехь а йолчу террористически организацийн хIумма а дан ницкъ кхочур бацара дозанал арахьара гIо-накъосталла деш ца хилча. Царна ахчанца дозанал арахьара гIо деш хиларх лаьцна дийцира 2012-чу шеран июнехь журналисташца хиллачу цхьаьнакхетарехь къамел динчу Россин Президентан Къилбаседа Кавказан  федеральни округехь юьззина бакъонаш йолчу векала Хлопонин Александра. Цо хIетахь хаам бина ма-хиллара, хIора шарахь Къилбаседа Кавказерчу бандподпольена а, цуьнан гIолоцуш йолчу юкъараллин организацешна а дозанал арахьара 30 миллион доллар ахча доуьйту.

Геополитикин бараме диллича дIора дукха ахча дац иза. Амма и ахча даийтар Россин гIуллакхашна дозанал арахьара юкъагIертар ду. ХIунда гIерта вайн мехкан гIуллакхашна юккъе? Дера гIерта хIокху регионехь тIемаш, къийсамаш, бохамаш хилийта гIерташ. Ткъа ахча иштанехьа луш дац. Цунах пайдаоьцучарна, дезар дечарна билггал декхарш тIеэгадо цо.

ДIадаханчу шеран декабрехь дIаяьхьначу пресс-конференцехь Дагестан Республикин Куьйгалхочо Абдулатипов Рамазана элира: «Дагестанца а, Нохчийчоьнца а, ма-дарра аьлча, бала ца хила а тарло российски пачхьалкхаца къовсамехь болчу мехкийн. Амма и къийсам, юьххьехь дуьйна а, Россина дуьхьал дIахьош бу, иза йохо лууш. Ткъа оха бандподпольеца дIахьош болу къийсам вайн пачхьалкх, вайн Даймохк ларбарехьа къийсам бу».

Вайн махкарчу терроризман экономикин агIонах лаьцна дуьйцуш хилча масех бакъдерг а, терахь а дало лаьа. Къилбаседа Кавказехь къайлаха бизнес лелош берш криминалца бертахь гIуллакх деш бу ахча доккхуш а, иза дIасакхуссуш а. Цхьанна а къайле яц законаш талхорца бизнес еш болу «совдегарш» атта шайн караберзабо террористаша а, экстремисташа а. Iедале орца деха аьтто ца хиларна, зуламхоша бохург ца дича ца бовлу уьш. ТIаккха, ца лаахь а, терроризман гIолаца дезаш а нисло-кх и декъаза «совдегархой».

Къилбаседа Кавказан федеральни округан регионашкахь къайлахчу экономикин декъехь лелаш дерг хIумма а кIезиг ахча дац. А.Хлопонина дийцарехь иза 20 миллиард сом гергга ахча ду. Цунах цхьа дакъа хьаннашкахь а, лаьмнашкахь а лечкъаш лелаш болчу бандитийн кисанашкахь дуьсуш ду. Делахь-хIета, террористаш а, экстремисташ а, царах доглозуш берш а ахча доцуш ца буьсу. Оцу ахчанах оьцуш ду герз а, патармаш а, кхачанан сурсаташ а, тIедуху барзакъ а, зIенан гIирсаш а, и.дI.кх.

Террористически организацешца доьзна долчу экономикин декъан агIонаш уьш хилла Iаш а яц. Террористаша дукха хьолахь шайн лаамехь деш а дац къиза зуламаш. Уьш цхьаьннан тIедиллар, омра кхочушдеш бу. Царна омранаш деш берш кхин нах, организацеш, хьукматаш (службаш) ю. Иштта, арахьарчу цхьана хьенехан заказаш кхочушъеш ю «Кавказан эмират» гIера а. Цунна а, и санна йолчу кхечу гIеранашна а, цу юкъахь Умаров Доккина а куьйгалла деш бу Россина мелла а алсам экономикин, политикин зен дан лууш болу, Россин дуьненахь болу сий-ларам лахбан лууш болу политикин гIуллакххой.

Сочехь дIахьон йолу Олимпиада Россина шатайпа экзамен хилла дIахIотта еза. Цо дерриге а дуьненна а дIагайта деза мехкан экономика чIогIа хилар, юкъараллин-политикин хьал синтеме хилар, терроран агIонгахьара цхьа а кхерам цахилар. Амма, цкъа хIинцце а тIаьххьарчуьнца доьзна дерг мелла а сагатдеш ду. ДIадаханчу шеран октябрехь, декабрехь Волгоградехь хиллачу теракташа а гойту кхерамазалла хилийтаран декъехь дерриге а дика цахилар. Бакъонашларъяран органаша ледара болх бохург а дац иза. Цара хьанал кхочушдо шайн декхарш. Массо хIуманна тIехь само а йо. Вуьшта, цхьанна а хаа йиш яц паргIат дIасаваха йиш йолчу махкахь вехаш волчу стага теракт мичахь йийр ю, иза мичахь эккхар ву (ю). Цу тайпа кхерам, халахеташ делахь а, тахана массо а махкахь а бу.

ХIан-хIа, бандитийн, террористийн ницкъ кхочур бац Сочехь хиндолу спортан дезачу денна новкъарло ян. Иза шен хеннахь дIахьур ду. Цхьана а кепара кхерам бац цига богIу болчу спортсменашна а, хьовсархошна а. Лерринчу службаша дерриге а дина Сочи кхерамазаллин хьаьрме ерзорехьа. Мел чIогIа лиъча а Умаров Доккин аьтто бер бац шен чагIалкхаш Олимпиада дIаяхьарна леринчу гIишлонашна герга кхачийта. Делахь а, Олимпиадина тохар дар санна лара мегар ду мехкан муьлххачу меттехь а, цу юкъахь Волгоградехь, Нальчикехь, Йошкар-Олахь, Соьлжа-ГIалахь, Махачкалахь, кхечанхьа теракт яр. И дан гIертар ю террористийн а, экстремистийн а гIеранаш. Уьш совцур йолуш яц, совца ца йича.

Террористаш хIинца полицин белхахошний, бIаьхошний тIелата ца гIерта. И дан гIора а, де а дац церан. Иза царна кхераме ду. Оцу тайпанчу тасадаларехь церан иэшам хир бу, уьш алссам хIаллак а хир бу. Цундела маьршачу нахана зуламаш до цара юкъараллин транспорта чохь, базаршкахь, вокзалашкахь, туьканашкахь, алссам адамаш гуллуш йолчу кхечу меттигашкахь эккхийтарш дарца. И дан церан цкъачунна аьтто а болу. Террористийн дог ца лозу цигахь дойъуш долчу берех, зударех, къанойх.

Интернет зIенехь Умаровс дIахьедо  Олимпийски Ловзарш дIадахьарна новкъарло яр шен дахарехь уггаре а коьрта Iалашо хилар. Иза кхочушъялур йоций шена хуъушехь цо кхайкхам бина  Шема бахана болчу вайн махкарчу террористашка а, экстремисташка а цIа дахкар доьхуш. Вайна а хаьа цо а, и санна хьерабевлла болчара а туьйсуш болчу кхерамийн цхьа а бух а, тIетовжа меттиг а цахилар. ХIетте а, лардала деза. Само ян а еза. Ларделла ца Iаш чIагIбан беза терроризмана дуьхьал дIахьош болу къийсам. Цу юкъахь дозанал арахьара ахчанца царна гIодарна дуьхьал дIахьош болу къийсам а. Кхеташ ду Олимпиада дIахьочу муьрехь дозанал арахьара ахча чудаийтар жигардаккха хьовсург хилар. Цунна некъ бехка хьовса еза бакъонашларъяран органийн ерриге а структураш. Шайна сом ца делча, пIелг-пIелгах тоьхна а, хIума дийр долуш бац террористаш. ХIинца массарна а хууш ду вахабиташ Делан дуьхьа арабевлла цахилар а, уьш бусалба дин даржош цахилар а. Мелхо а бусалба динах дог доккхуш, дин дохош арабевлла  бу уьш. Церан дин сом ду. Вахабиташ АллахIан эскар дац, уьш АллахIан мостагIий, иблисан бIо бу, зуламдай бу. Тахана цунах цхьа а кхето оьшуш дац. Иза бIаьрла ду. Ган луучунна гуш ду. Уьш боьрзу болу меттиг жоьжахати ю уьш ахчанан лай бу.

Халидов Висхан, Россин МВД-н органийн а,

подразделенийн а ханна йолчу

группировкин пресс-служба

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: