(20-гIа ноябрь — Берашна бакъонаш йовзийтарехь гIо даран де)
Ноябрь беттан 20-чу дийнахь Россин Федерацин ерриге а субъекташкахь билгалдоккхур ду Берашна бакъонаш йовзийтарехь гIодаран ерригроссин де. Хала бохкучу доьзалшкарчу берашна а, буоберашна а юридически гIоьнна лерина хир ду оцу дийнан цхьаьнакхетарш.
Оцу дийнахь мехкан ерриге а субъекташкахь берийн бакъонийн, кхиоран, тергояран, берийн а, дай-нанойн а юкъаметтигийн хаттаршкахь маьхза юридически гIодаран пункташ хир ю болх беш. Берийн верасийн а, буоберашна терго латточеран а, буобераш шайн доьзале схьаэца лаам болчу бахархойн а аьтто хир бу оцу дийнахь маьхза юридически гIо лаха.
Цхьаьнакхетарш дIадахьа декхаре йина субъекташкара пачхьалкхан органаш. Коммерцица йоьзна йоцучу юкъараллийн а бакъо ю субъектийн пачхьалкхан органашца берийн бакъонийн гIоьнан де дIадахьарехь дакъалаца. Адвокаташа а, нотариусаша а, регионашкара Россин юристийн Ассоциацин отделенийн декъашхоша а дакъалацар бахьана долуш, гIо оьшуш веъначунна, кхоччуш юридически бух а болуш, жоп карор ду. И гIуллакх тергонехь латтор Россин Юстицин министерствон регионашкарчу отделенешна тIедиллина.
20-чу ноябрехь болх бийр болчу маьхза юридически гIодаран пунктийн белхан хан а, адресаш а хIинцале довза йиш ю Юстицин министерствон меттигашкарчу органийн сайташа тIехь.
«Россин Федерацехь маьхза юридически гIо» Федеральни закон кхочушдарца доьзна юкъадаьккхина ду Берашна бакъонаш йовзарехь гIодаран ерригроссин де билгалдаккхар.
И.ХАСАХАНОВ
№130, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 19-гIа де, 2015 шо