Цхьа-ши дош…

   Мисарарчу Синайхь А-321 кема дохаран бахьана хиъна лерринчу комиссина. Иза террористаша эккхийтина. Цуьнца доьзна Россин Президента В.Путина дIахьедина и зулам дарна бехке берш дуьненан муьлхха а маьIIехь хиларх карориг хилар а, царна хьакъ боллу бекхам хирг хилар а.

***

   «Иблисан пачхьалкхан» Шемахь йолчу гIеранашна бомбанаш, ракеташ еттар тIаьхьарчу деношкахь шозза алсамдаьккхина Россин кеманаша, йохийна церан ши бIе гергга объект.

***

   Шеман Iедалан эскарша, Россин авиацин гIоьнца, «Иблисан пачхьалкхан» зуламхошкара схьаяьккхина 80 сов юрт. Иза 500 квадратни километр мохк бу.

***

   Россин Президента В.Путина леррина кхеташо дIаяьхьира кхерамазаллин советан декъашхошца. Цигахь дийцаре дира Синай ахгIайри тIехь А-321 кема террористаша эккхийтина хиларца доьзна дан деза гIуллакхаш.

***

   Россин ФСБ-с 50 миллион доллар ахча кхайкхийна Россин А-321 кема эккхийтинчеран хьокъехь хаам биначарна айкхаллина.

***

   США-н тIеман кеманаша юха а герзаш кхийсина Шеман малхбалехь болчу курдашна. Уьш а бу «Иблисан пачхьалкхана» дуьхьал тIемаш беш.

***

   Желтойчоьнан малхбузенан декъехь мохк бегийна. Iаламан оцу бохамехь ши стаг кхелхина, бахархойн цIенош доьхна.

***

   Сербин Президент хIокху деношкахь Беларусехь ву. Цуьнан цхьаьнакхетар хилла оцу мехкан Президентаца А.Лукошенкоца а, Iедалан кхечу векалшца а.

***

   Iамаркан газах пайдаэца резахилла Европера еккъа цхьа пачхьалкх ю Литва. Оцу пачхьалкхана данне а санехь хир дац «ворхI хIордан дехьарчу» газах пайдаэцар.

***

   Молдавин парламенто хIокху деношкахь чIагIйина мехкан керла Правительство. Коьрта бахьана – иза Европех шен къилба дан резахилар.

***

   ТIаьхьарчу деношкахь юха а карзахдаьлла Донбассера хьал, алсамдаьлла герзаш дIасадеттар. Цуьнца доьзна Контактийн тобано кхайкхам бина герзаш деттар сацор доьхуш.

***

   Украинин Президента П.Порошенкос бакъо елла кхечу пачхьалкхашкарчу бIаьхошна шайн махкахь (Украинехь) тIеман Iамораш дIадахьа.

***

   Россин Правительствос сацам бина герггарчу итт шарахь вайн махкахь школаш ярна 2 триллион сом ахча къасто.

 

№130, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 19-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: