ХIора а корматалла мехала ю. Цхьаболчара шаьш къастийначу говзаллина хьалххе кечам беш хуьлу. Иштта, ша деша ваханчу хьалхарчу шарахь дуьйна ша хьехархо хир вуйла а хууш, цу говзаллина кечам бира Даудов ИбрахIима.
Веданан районерчу МахкатIера ву иза. Цигахь №1 йолчу школехь вахара иза хьалхарчу классе деша. Школехь доьшучу хенахь вайх хIоранна а хуьлу къаьсттина дукхаезаш предмет. Иштта ИбрахIиман а яра. Массо а урокана кечам бора цо, амма физикин, математикин тидам алссам беш вара. Вайн махка хала хенаш яьхкича церан доьзал Казахстанерчу Уральске дIабахара. Цигахь 2-чу классе деша вахара ИбрахIим. Кхечу къоман берашна юкъахь юьхьанца атта дацара цунна. Дукха хан ялале шен нийсархошца гергарло тасаделира. Цигахь дешаран программа чолхе хиллехь а, дика доьшура цо. ИбрахIим 5-чу классе волучу шарахь шайн юьрта цIабирзира церан доьзал.
Иза лакхарчу классе ваьлча, юкъаяьккхира царна физикин урок. Иза чолхе предмет елахь а, ИбрахIимна чIогIа хазахетара. Цо дийцарехь, цунна уггаре а дикахеташ дара, физикин урокехь царна ца кхеташ дисинарг церан хьехархочо нохчийн маттахь кхетош хилар. КIиранах кхузза хуьлура церан физика.
Школа кхиамца чекхъяьккхинчул тIаьхьа, Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан университете автоматизацин а, прикладни информатикин а факультете деша вахара ИбрахIим. «Сети связи и системы коммутации» говзалла яра цо хаьржинарг. Университетехь хьалхарчу курсехь дика дешарца а, конкурсашкахь толамаш бахарца а, университетан дахарехь жигара дакъалацарца а билгалвелира ИбрахIим. Университетан куьйгалло тидам бира кIентан. Цо жигара дакъалоцура Iилманан-практикин конференцешкахь. 2013-чу шарахь дуьйна дешна валлалц Россин Федерацин Правительствон стипендиат хилла иза. 2013-чу шарахь Санкт-Петербургехь хиллачу Ерригроссин студентийн конкурсехь (Россин 250 вузашкара уггаре а тоьлла 1500 студент вара цигахь дакъалоцуш) дакъалоцучу студенташна юкъара схьахаьржинчу тоьллачу 100 студентана юкъахь ИбрахIим а вара. Оццу шарахь Ерригроссин кегийрхойн проектийн конкурсан грант елира цунна. 2014-чу шарахь Астраханехь хиллачу «IT-школа» форуман толамхо а хилира иза. Москвахь дIаяьхьначу кегийрхойн «Умник» конкурсехь финалист вара ИбрахIим. Республикин «2014-чу шеран тоьлла студент» конкурсехь «Iилманан декъехь кхиамаш бахарна» номинацехь лауреат хилира цунах.
Хьалхарчу курсехь дуьйна а «Сети связи и системы коммутации» кафедрехь хьехархо хила лууш вара иза. Иза иштта хила а хилира. Университетехь дешна ваьллачул тIаьхьа, лакхахь хьахийначу кафедрехь хьехархо хIоьттина иза хIокху шарахь. Университетан студентийн Советан председатель а ву ИбрахIим. Хьехархо къона ву. Цуьнан 22 шо бен дац. «Хьайн дахарехь дуьххьарлера урок дIа муха яьхьира ахь? Хьо къона хиларна студенташ ла ца дугIуш барий?», аьлла шега хаьттича, цо иштта жоп делира: «Айса доьшучу хенахь дуьйна а лаьара суна хьехархо хила. Цундела, цу говзаллина кечамбан а хьожура со. Сайн хиллачу хьехархойх масал оьцура ас. Са-м гатдора ас хьалхара урок студенташна лучу хенахь, и студенташ сайл масех шо бен кегий цахиларна. Со къона велахь а, студенташа ладугIу соьга, хьалхарчу урокехь дуьйна а. Суна баркалла ала лаьа «Сети связи и системы коммутации» кафедрин заведующи волчу Хасамбиев Ибрах1имна а, автоматизацин а, прикладни информатикин а факультетан декан йолчу Алисултанова Эсмирина а».
Ша болх бечу университетехь магистрант ву иза. Ша хаьржинчу новкъахь яккхий Iалашонаш ю цуьнан.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан суьрта тIехь: Даудов ИбрахIим
№131, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 21-гIа де, 2015 шо