Дицлур доцу цхьаьнакхетар

Дукха хан йоццуш, буоберийн а, ден-ненан Iуналла доцуш дисинчу берийн а республикин школа-интернате студенташ кхечира берийн самукъадаккха. Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан гуманитарни факультетерчу студенташа шаьш-шайна урхалла даран комитетан декъашхой бара уьш. IMG-20151120-WA0014

    «Дикачу лаамийн некъ» аьллачу акцин гурашкахь берийн дог хьастаран Iалашонца вовшахтоьхнера и гIуллакх. Студенташ цига дIакхаьчча, бераш чIогIа самукъадаьлла хьаьвзира. Шаьш долчу баьхкина хьеший схьагушшехь, серладевлира церан бIаьргаш. Берашка хьал-де а хаьттина, цаьрца къамел дира студенташа. Шайга аьллачу хазачу, дикачу дашах а баккхийбера уьш.

Берийн самукъадаккхархьама студенташа шаьш кечйина йолу концертан программа гайтира. Кегийчу берашна иза доккха совгIат дара. Ткъа кхиазхошца кхетош-кхиоран болх дIабаьхьира. Бераш девнаш доцуш юкъаметтиг лело Iаморан тренинг йира царна. Иштта, царна пайдехь хиндолу хьехарш а дира, хIунда аьлча, бер кхуьучу хенахь иза харцахьарчу новкъа даларна кхерам бу.

Студенташца шайн хилла цхьаьнакхетар еххачу хенахь дагахь лаьттар ду берашна. Иштта, хан-зама  яьлча, и цхьаьнакхетар дагалацархьама безамна цхьаьна суьрташ дехира цара.

З.ХАСИЕВА

Авторан суьрта тIехь:

Студенташ а, да-нана доцу а, ден-ненан Iуналла доцуш дисина  а бераш 

 

№131, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 21-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: