Радиохула а, телевиденехула а сих-сиха хеза «Гуьйре» цIе йолу илли (лахахь дуьззина даладо цуьнан дешнаш). Иллин автор хоьттурш а бовлу. Делахь-хIета, оха дIахоуьйту – халкъана дезаделлачу оцу башхачу иллин дешнаш яздинарг Айсханов Салман ву, мукъам Шахбулатов Iаднана язбина, дуьххьара и дIааьлла Магомедов Султана. Кхин масех илли ду С.Айсхановн дешнашца даьккхина: «Езачу йоIе» (мукъам З.Чергизбиевн), «Сан дог ду хьан даге кхийдаш» (мукъам Р.Паскаевн), «Сан ирсан Iуьйре» (мукъам А.Розенберган), иштта кхин а.
Айсханов Салман вина 1937-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь. Нохчийн исбаьхьаллин литературин бух биллархойх цхьаъ волчу Айсханов Шамсуддин ваша ву иза (ша Шамсудди оццу 1937-чу шарахь бехк-гуьнахь доцуш лаца а лаьцна, хIаллаквина сталински таIзаршдаран машено). Юккъехула аьлча, медицинин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик Айсханов Султан а церан ваша ву.
Шен кхоллараллин некъ Салмана дIаболийра 1958-чу шарахь «Ленинан некъ» (хIинца –«Даймохк») газетан корреспондент волуш. 1962-чу шарахь радио дехьаволу иза. 1982-чу шарахь ша кхалххалц кхиамца болх бира цо нохчийн радиохь.
С.Айсхановн стихаш зорбане йийлина муьран зорбанехь, «Орга» альманахехь, юкъарчу гуларшкахь («Даймехкан мукъамаш», «Iуьйренан аьзнаш»). Поэзин ши книга арахеца ларийра поэт: «Заманан ирс» – 1971, «Юкъахдисна къола» – 1978.
Лахахь оха шуна йовзуьйту поэтан иллешка йирзина масех байт
Гуьйре
Мукъам I.Шахбулатовн
Гуьйре, гуьйре, мокха гуьйре!
ТаьIIина тIекхечи хьо.
Шийла суьйре, тийна суьйре,
Ойлане ахь ваьккхи со.
Цхьалха девли бошмийн дитташ,
Мохо генаш лестадеш.
Хазац суна, шакарш етташ,
Олхазарша гIовгIа еш.
Дахкаро дIахьулди лаьмнаш,
ГIийла хьоьрсуш догIа ду.
ДIо аренгахь цхьа ша лаьтташ,
Буобер санна, акхтарг ду.
Езачу йоIе
Мукъам З.Чергизбиевн
«Хьан безам хьоьца бац», – аьлла
Накъостий бехкбаккха боьлча;
Дог Iийжа, хьомениг, хийла,
Безамах эша ша доьлча.
Ойланаш лекхало коьртехь.
Хьо цхьаъ ю сан даге хьаьжнарг.
Вицвина ахь къоначу дагехь
Жималлехь сов чIогIа везнарг.
Сан кийрахь синтем бац, аьлча,
Диканиг, хьо сох ца тешча,
Ца лезна хIун дер, ткъа, хазаниг,
Буйннал бен доцчу сан даго?
«Хьан безам хьоьца бац», – аьлла
Накъостий бехкбаккха боьлча;
Дог Iийжа, хьомениг, хийла,
Безамал эша ша доьлча.
Сан дог ду хьан даге кхийдаш
Мукъам Р.Паскаевн
Юха а буьйса ю, сов еха буьйса,
Седарчийн тхов кIелахь тийналла йижна,
Геннарчу стиглара, шен «хIусаме» босса,
Бутт а бу къоналлин болар сихдина.
Юха а буьйса ю. Хьомечу юьртахь
Хьо хир ю, со санна, наб яйна хьийзаш,
Безаман тулгIеша айдина кийрахь,
Хьайн дуткъа, хаза аз эшаршка доьрзуш.
Генахь а йоццушехь, даима сайца
Хуьлийла лаьа хьо, куьг куьйгах тоьхна,
Халонах, ирсах а чам боккхуш хьоьца,
ДIаваха некъ хоьржу ас массо ханна.
Буьйсанан аьхналлехь могIанаш яздеш,
Сан дог ду йовхонца хьан даге кхийдаш, –
ДIаэца и йовхо, елла хьайн къайле,
Дохур ду, Зина, хьоь цо мерза кхаьънаш.
№131, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 21-гIа де, 2015 шо