ХьошалгIахь буьйса а яьккхина, БаIис Iуьйрре цIа ваха новкъаваьлла. Дукха дуькъа дохк долуш хилла Iуьйре, ши метр хьалха дерг а ца гуш. Юьртах а ваьлла бехха некъ бина цо. Эххар а керт еш волчу цхьана стагана тIекхаьчна хIара. Салам-маршалла а хаьттина, шена гIала боьду некъ гайтар дехна хIокхо.
– Нийсса хIокху новкъа дIагIо хьо, хIара аьтту агIор дIа ма-хьаьвззи, гIала боьдучу некъа тIе вер ву хьо, – аьлла БаIис дIахьажийна цо.
Цхьа хан яьллачу хенахь, юха а хьаьвззина оцу стагана тIевеана вайн хьаша. Цо салам делча:
– Вай, хьо юха ма веа? Тилавелла хьо? – хаьттина керт еш волчо.
– ХIаъ. Тилавелла со. Ахь новкъа ца ваккхахь гIуллакх хир дац сайчух.
–Доккха хIума ду-кх шега дIабохучух цакхетар. Вало, тIаьхьа хIотта суна, – реза воцуш, яппарш а еш, хьаша новкъаваккха дIаволавелла хIара.
Дикка некъ бинчул тIаьхьа, некъ гойтуш волчо хаьттина:
– Хьаша, вайшиъ мича кхаьчна кхача мукъане а?
– ВаллахI ца хаьа суна-м.
– Цхьаъ хир кхунах, вало…
Кхин вовшашка вист ца хуьлуш, дIавоьдуш волу и шиъ цхьана пхьоьханна тIенисвелла. Цаьрга салам лушшехь хьаьдда тIевеанчу кIанта хаьттина: «Дада, ахь хIун леладо? Хьо стенга воьду?» Шен куьг кIанте дIа а кховдош (керт еш хиллачо): «КIант, хIара куьг дIа ца хоьцуш, вайн цIа вигалахь со», – аьлла.
– Дада, хьешана хIун до вайшимма?
Юха а хьаьжна, вукху БаIисе аьлла:
– Варийлахь, хьуо волчуьра меттах дIа ма валалахь, вайн Делора ву хьо, тIап-аьлла кху дуьнен чуьра дIавовр.
Зорбане кечдинарг – С.ХАСАНОВ
№131, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 21-гIа де, 2015 шо