ХIокху деношкахь Нажи-Юьртарчу №13 йолчу ДЮСШ-хь дIаяьхьира «Спорт наркотикашна дуьхьал» кхайкхам болуш боксехула йолу кхиазхошна юкъахь хьалхеяккхаран республикин турнир. Къийсадаларш дIадаьхьира кхаа дийнахь. Кхузахь дакъалоцуш бара Нохчийн Республикерчу ерриге а районашкара ДЮСШ-н спортсменаш.
Къийсадаларшкахь шайн-шайн йозаллин категорешкахь хьалхара меттигаш ехира: З.Хаджиевс (+68) – ДЮСШ №17 (Шуьйта), Т.Матаевс (+65) – ДЮСШ №17 (Шуьйта), И.Закаровс (54 кг) – ДЮСШ №16 (Аргун гIала), З.Акаевс (52 кг) – ДЮСШ №13 (Нажи-Юрт), М.Цукаевс (50 кг) – ДЮСШ №16 (Аргун гIала), А.Тагировс (48 кг) – ДЮСШ №17 (Шуьйта), И.Тарамовс (+46) – ДЮСШ №15 (Ведана).
Къийсадаларш дIахьош доккха гIолецира Нохчийн Республикин спортан министерствос а, ГБОУ ДОД, «РЦ ДЮСШ-н» директора Чапаев Султана а.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№131, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 21-гIа де, 2015 шо