Бамат-Гири-Хьаьжа (Iовда)

   Кавказан тIом болчу муьрехь, герггарчу хьесапехь 1844-чу шарахь Эвтарахь дуьнен чу ваьлла шайх Бамат-Гири-Хьаьжа. Цуьнан да МитIа хилла, цуьнан да – Анзор, цуьнан да – ГIапдор. Анзор Эвтарний, Сиржа-Эвланий юккъехь йолчу цхьана кIотарахь Iаш хилла. Тахана а Анзоран кIотар олу оцу меттигах.article274

   Ростоверчу набахтехь тутмакх волчу хенахь Бамат-Гири-Хьаьжин кIанта Митаев Iелас шен дайн а, шен а дахаран некъах лаьцна иштта яздина хилла: «Нохчийчохь олалла дарехьа тIом дIахьочу хенахь сан деда МитIа а, цуьнан ваша Зама а Оьрза-ГIали юххехь хиллачу тIамехь вийна паччахьан Iедало. Сан деден шича Ахьмад вийна Ермоловн гIопана (хIинцалера Соьлжа-ГIала) тIелеттачу хенахь. Паччахьан Iедал долуш, сан 3–4 шо кхаьчча, сан да хIирийн поэтаца Хетагуров Костаца цхьаьна, пхеа шарахь ссылкехь Iийна. Ссылке вахийтале хьалха лаьцна цхьана шарахь гергга набахтехь латтийна революцин гIуллакхашкахь дакъалаьцна аьлла».

Бераллин шерашкахь дуьйна Бамат-Гири Нохчийчохь къадарийн тIарикъат даржийначу шайхан Кишин Кунта-Хьаьжин мурд хуьлу. Вайн къаноша дийцарца вайга кхаьчначу хабарца кешнашкахь ловзуш хиллачу берашна юкъара цхьа кIант каша тIе таьIна гина Кунта-Хьаьжина. Цо шен мурдашка хаьттина боху: «И кIант хIун деш ву хаьий шуна», – аьлла. Цара шайна ца хаьа аьлча, Кунта-Хьаьжас дийцина: «КIант кешнаш чохь долчуьнга ладугIуш ву, цунна гуш ду царна чохь дерг». Шеца оццул даккхий караматаш долу кIант Бамат-Гири хилла.

Кунта-Хьаьжас,  жим-жима озош,  шен мурдашна юкъаозаво кIант, цунна къадарийн тIарикъатан некъаш довзуьйту. Шайхас кIант шена чIогIа тIеозийча, дийцарехь, Хьаьжин мурдаш Бамат-Гирица хьагI лаца буьйлало. Уьш къа латорах ларбархьама Кунта-Хьаьжас бахьанаш доху кIентан башха похIма, караматаш гучудовлийта.

Цкъа Кунта-Хьаьжа а, цуьнан мурдаш а хьошалгIа кхайкхина хилла цхьана мурдас. Хьешашна хьалха жижиг-галнаш хIоттийна. Кунта-Хьаьжас хаьттина Бамат-Гирига кхача баа мегар болуш буй, аьлла. КIанта мегар бац аьлла. Ша аьллачух кхетош,  цо дийцина,  хIокхара бийна болу уьстагIа жима болуш жIаьлех бекхна хиларх лаьцна. ТIаккха Кунта-Хьаьжас кIанте дехна даа мегар долуш долу жижиг даа мегар доцучух дIакъастадар. КIанта кхочушдина цуьнан дехар. Даа ца магийна долу жижиг жIаьлешна дIало аьлла Мубарик-Хьаьжас. КIантехь долу караматаш гучудевлча мурдаша дитина цуьнца хьагI лелор. Ерриге а Нохчийчухула даьржина Бамат-Гири Дала дика дина, Шен къайленаш схьайиллина кIант хиларан, шайх Кунта-Хьаьжа цуьнан дола деш хиларан хьокъехь долу хабарш.

1864-чу шеран январь беттан юьххьехь паччахьан Iедалан хьадалчаша лоцу Кунта-Хьаьжа а, цуьнан дукхах болу мурдаш а. Шайн устаз паргIатваккхар лоьхуш хиллачу Кунта-Хьаьжин мурдашна къиза таIзарш до. Ницкъ бо къадарийн тIарикъатехь болчу нахана а.

Кунта-Хьаьжа лаьцначул тIаьхьа шен устаза шена хьехна Iилма мурдашна дIахьоьхуш, оцу вирда юккъе керла мурдаш ийзош, къахьоьгу Бамат-Гирис. Цу тайппана ворхI шарахь къадарийн тIарикъат даржош,  Нохчийчохь болх бечу хенахь цуьнан шен тоба вовшахкхета, иза шайн устаз лоруш.

Кунта-Хьаьжа лаьцна вархI шо даьллачул тIаьхьа Нохчийчохь йокъа хIоьттина хилла. Цуьнца доьзна Сиржа-Эвлахь, накъшбандин тIарикъатан шайхан Умалтан (Умалт-Ахьад) зерат доллучохь дуккха а адамаш вовшахкхетта, шайна юкъахь баккхий Iеламнах а, дешна нах а болуш, Везачу АллахIе шайн къиношна гечдар а, догIа даийтар а деха. Нохчийчуьрчу Iеламнаха рогI-рогIана доIанаш деш хилла, наха тIаьхьара «Амин» а олуш. Амма оцу Iеламнаха Бамат-Гири-Хьаьжига доIа ца дайтина. Цхьаболчу бусалбанашна иза новкъадеана. Оццу хенахь цига гулделлачу адамашна гина Бамат-Гирина тIаьхьа хIиттинчара, иза шайн устаз лаьцначара чIагаран зуькар даран кеп хийцина хилар, цара зуькар кхечу кепара деш хилар, шовкъе бахханчохь. Цу хьокъехь хаам бира Бамат-Гирига. Шена и хезча цо дIахьедира шен устаза хьехнарг, цо деш хилларг доцург кхин зуькар дар шена цкъа а дагадеана цахилар. Делахь а, шеца хьагI лаьцначара,  Кунта-Хьаьжас хьехнарг бен шена Дала делла кхин Iилма а дац бохуш,  бехкаш дахарна, уьш къинойх ларбархьама, къадарийн тIарикъатан сил-сил дIакхоьхьуш верг ша хиларна инкарло а еш, ша керла зуькар юкъа ца даьккхича ца велира, аьлла цо. Цул тIаьхьа Бамат-Гири-Хьаьжас билгалдаьккхира бусалбанаша шайн дегнаш цIандаллалц АллахIа церан доIанашна жоп лург цахилар, цундела, тахана догIа даре хьежа оьшуш цахилар. Кхана Гермачигарчу гIазотан кешнашкахь цхьаьнакхетар а дехна, иза оцу гуламера дIавахара. Цуьнан и дешнаш ерриге а Нохчийчухула дIасадаьржира.

ШолгIачу дийнахь билгалйинчу меттехь дуккха а адамаш гулделира. Цигахь доIа дира Бамат-Гирис. Цуьнан мурдаша дийцарехь , АллахIе догIа доьхуш доIа деш цхьана-шина минотехь бен ца Iийра иза. ДоIа дина ваьлча Iовдас дIахьедира: «Дала жоп делла кхузахь гулбеллачеран дехарна, цундела оьшуш дацара деха доIа дан». Цо адамашка сихха шайн-шайн цIа дIасагIо элира, шаьш догIано дашо ца лаахь. Гиначара дийцарехь, Бамат-Гири доIа дина ваьлла дукха хан ялале цIеххьана стигал кхоьлина дIахIоьттира. Цул тIаьхьа чIоггIа догIа туьйхира. Шайн устаз кхузара дIавахханшехь, цуьнан мурдаш цIа баха сиха бацара. Шаьш дукха сатийсинчу догIанехь алссам Iан лаьара царна.

Герггарчу хьесапехь 1873-чу шарахь нохчийн цхьана тобанца цхьаьна Бамат-Гири Макка ХьаьжцIа ваха новкъа волу. Цигара цIавеанчул тIаьхьа иза, шен кертахь даьккхинчу ор чохь холбата хуу. Ялх шараххьий ялх баттахьий холбатахь Iа иза, даима «ЛаилахIа иллалахIу» бохуш, АллахIан еза цIе йохуш, Iибадат деш. Оцу хеначохь цкъа а кийра буззалц хIума ца йиъна Iовдас, мацаллина са юхатоххал хIума кхалларх тоам бина. Шен хIусамнене Бассе уггаре а чомехь кхача кечбойтуш хилла цо. Иза тIаккха шена ор чу кховдабойтуш хилла. Амма цунах мотт Iуттуш ца хилла. Шена иза баа лаарна ша-шега бехк боккхуш хилла, юха иза хIусамнене дIабохьуйтуш хилла.

Холбатара шина стага айбина хьалаваьккхира Iовда. Оццул чIогIа деэшна вара иза. Эвтарарчу Яхъяев Исраила (Доккин мурда) дийцина хилла Iовда шен коьртан дола ца далуш, гIелвелла вара бохуш. Гинчара дийцарехь,  холбатахь Iовдин корта дIатовжийна хиллачу меттехь баьлла кIаг хилла, «ЛаилахIа иллаллахIу» бохуш зуькар дечу хенахь корта дIасалестийна.

ГIалгIайчуьра а, Нохчийчуьра а дукха бусалбанаш хилла и волчу оьхуш, цуьнца тоба дан луш, иза устаз лаца лууш. Царна юкъахь хилла шайн коьртехь Кунта-Хьаьжин мурд СоIип волу Жимачу АтагIара тоба. Iовда цIена шайх хиларх тешначу СоIипа а, цуьнан берриге а доьзало а цуьнца тоба дина. Iовда шен устаз вина тIелаьцначу хьалхарчарна юкъахь хилла цуьнан юьртахой: МаIаз, Джабраил – бевзаш болчу бизнесменийн ДжабраиловгIеран дедеда, Джамбулатов Демал, Гехаев Яхья, Хайсумов Юсуп, ткъа иштта Аслаханов Асхьаб – инарлин Аслаханов Асламбекан деда.

Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а чIогIа гIараелира Iовдин цIе. Цуьнга тоба дан, цунах дагабовла, цуьнан хьехамашка ладогIа денна бусалбанаш оьхура и волчу. Ткъа паччахьан Iедалан хьадалчашна, бIаьрга яхана хIума санна, новкъа вара халкъалахь сий-ларам болуш верг. Уьш цунах кхоьрура. Цундела,  халкъана гена воккхура и санна верг. Шен доьзалца цхьаьна вохийна, махках ваьккхина Калуге дIавахийтира Бамат-Гири-Хьаьжа, пхи шо хан тоьхна.

Цхьа хабар ду халкъалахь тахана а дуьйцуш, доьхна кема цо Iаса Iоьттича, лата а летта, стигала делира бохуш. Цу хьокъехь А.Крутовс 2004-чу шарахь арахецначу шен «Арсэль» книги тIехь иштта яздина: «Цкъа Калугин губернатор, паччахьан цIенна гергара волу, леррина Москвара ша волчу еана йолчу шен вешин йоI йина де даздеш хилла. Деза де цунна даима дагахь латтийта цо омра дина цига кема даладе аьлла. Россехь а уггаре а хьалхарчарах кепа (аэроплан) хилла иза. Ипподроме баьхкина хилла меттигера даржашкара нах, хьоладай, совдегарш. Ког баккха меттиг йоцуш, схьагулделла адамаш хилла.

Летчик, губернаторан вешин йоI кемана тIе а хаийна, мотор хьалалато воьлла. Амма иза хIуъа дича а леташ ца хилла. ОьгIаз вахана балдех цергаш туьйсуш, мекхаш Iуьйшуш хьийзаш губернатор а хилла. Цуьнгара хьал хууш волчу цунна юххехь хиъна Iаш волчу Авдеевс (фамили хийцина – авт.) аьлла:

– Хьан сийлалла! Со волчохь цхьа веза, сийлахь стаг ву. Цуьнга цадалуш хIума дац. Ахь пурба делча, иза схьавалор вара ас. Цо латор дар-кха хьуна кема.

Губернатора тIедиллина кIедачу гIудалкхахь махкара воцург схьавалор. Ах сахьт даьлча цу тIера охьавоьссина Авла (Iовда). Набахтин хьаькама иза кеманна тIе вигна. Устаза, шена цкъа а гина доцчу кеманна тIе Iаса а хьажийна:

– ХIара ду тIома дала ца лууш? – хаьттина.

– ХIаъ, ду, – тIечIагIдина хьаькама.

Летчик, куьзганаш хьетIе хьала а теттина, цецваьлла хьожуш хилла къоьжа маж йолчу воккхачу стаге. Цунна хууш ца хилла воккха стаг кемана улле хIунда валийна. Авлас, байн ког боккхуш,  кеманна тIе а вахана, цуьнан агIонах яйн Iаса Iоьттина, деккъа цхьа дош аьлла:

– ДIадало!

Кема оцу мIаьргонехь хьалалетта, майданахула дIахьаьдда, летчик кхин а инзарвоккхуш. Кема хьалагIаьттина, тIома даьлла. Стиглахь масех гуо а тесна, юха а охьахиъна.

Губернатор шена дина дика Iовдина дита лууш ца хилла, цхьа бекхам ца беш. Цо цуьнга аьлла ша паччахье цунах къинхетам байта ваIда до аьлла. Цунна жоп луш Устаза аьлла:

– Ца оьшу. Кхузахь кхалха яздина суна, кестта, цхьа шо даьлча (ша кхелхар волу де аьлла цо). Нагахь санна хьо суна дика дан лууш велахь, со кхелхинчул тIаьхьа сан гергарчарна а, доттагIашна а цIерпоштан вагон луо сан дакъа  Даймахка дIадахьийта, – аьлла».

Ша аьллачу дийнахь, 1914-чу шеран 13-чу сентябрехь эвлаяъ Бамат-Гири-Хьаьжа хIокху дахарера дIавоьду. Абу-Муслима а, цуьнан кхечу мурдаша а шайх Iовда Эвтара схьавалаво. Цуьнан кIентан Iелин лаамца цуьнан кОша тIехь зерат до. Тахана денна цига зерате оьху Iовдин мурдаш.

Зорбане кечйинарг – С.ХАМЗАТОВ

 

№131, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 21-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: