Дешархой бусалба дин Iаморехь йохье буьйлу

Грозненски районерчу Октябрьски юьртарчу юккъерчу школехь дIаяьхьира «Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дахарх дерг дешархошна муха хаьа хьовсуш, церан хаарш зуьйш йолу районан конкурс. Цигахь дакъалоцуш бара Грозненски районан школашкара дешархой. Къийсадаларш дIахьош дара кегийрхой кхетош-кхиоран а, Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дахар довзийтаран а, берашна юккъера уьйраш чIагIъяран а Iалашонца. Иза вовшахтоьхнера Грозненски районан Администрацис, дешаран урхаллица цхьаьна.октябрьское

     Конкурсехь дакъалоцуш вара тайп-тайпанчу районашкарчу школашкара 30 дешархо (зудабераш а, божабераш а). Церан хаарийн мах хадош бара жюрин декъашхой: Грозненски районан къедин заместитель Азимов Iарби, Грозненски районан администрацин динан а, нуьцкъаллин а структурашца цхьаьна гIуллакхашдаран отделан хьаькам Абдулазиев Абубакар, Грозненски районерчу Чечана юьртарчу маьждиган имам Баснукаев Мохьмад-Эми, Шуьйтан районерчу Борзе юьртарчу юккъерчу школин ийманехь кхетош-кхиоран завуч Ташаев Мурад.

Жюрин декъашхоша билгалбехира конкурсан толамхой: хьалхара меттиг яьккхира  Грозненски районан Йоккхачу АтагIарчу №2 йолчу юккъерчу школин дешархочо Азимова Хадижата, шолгIа меттиг – Грозненски районан Iалхан-ГIаларчу №3 йолчу юккъерчу школин дешархочо Алханова Тоитас, кхоалгIа меттиг – Грозненски районан Девкар-Эвларчу №1 йолчу юккъерчу школин дешархочо Дулаева Динарас.

Толамхошна ахчанца а, Сийлаллин грамоташца а совгIаташ дира.

З.САГАЕВА

Суьрта тIехь: конкурсан дакъалацархой     

№131, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 21-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: