Соьлжа-ГIалара Къорачу а, хазар ледара долчу а берашна лерина йолу школа-интернат 1930-чу шарахь дуьйна болх беш ю. Цу хенахь иза юьхьанцара школа хилла. БархI шо даьлча берашна лерина керла гIишло йина П.Мусоровн цIарахчу урамехь (хьалха – Пролетарски урамехь хилла интернат). Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман шерашкахь тIеман лазартни хилла гIишло чохь. 1946–1950-чуй шерашкахь иза бархIшеран школа хилла. 1961-чу шарахь дуьйна 12 шеран школа ю. Нохчийчохь хиллачу тIаьххьарчу тIамехь йохийна гIишло тIемалоша дIалаьцна яра. Стохка керла корпус йина интернатана. Таханлерчу дийнахь кхузахь ярташкарчу берашна лерина юкъараIойла ю.
Итт шо сов хан ю Хашумова Iайшата интернатехь болх бен. Цундела цунна дика девза могашалла ледара йолчу берийн хьашташ. Стохка дуьйна иза директоран болх беш ю, ша болх тIелаьцначу йоццачу хенахь дуккха а дикачу агIор хийцамаш бан ларийна Iайшат. Интернатан керта ваьлча дуьйна а гуш ду школехь низам лардеш хилар.
Х1окху шарахь т1еэцначу могашалла ледара йолчу берашна леринчу дешаран федеральни стандарташца Iамош ду интернатан бераш.
Интернатан хьехархойх дукхахберш къона хиларна боккха тидам тIебохуьйту церан говзалла лакхаяккхарна. Таханлерчу дийнахь Санкт-Петербурге вахийтина 4 хьехархо ву, коррекционни (фронтальни а, музыкин а, музыкин-ритмикин а занятеш) балхаца доьзна дерг Iамо. Нохчийн Республикин хьехархойн университетаца цхьаьна кхузахь дIахьо говзалла лакхаяккхаран семинараш, курсаш. Федеральни тIегIанехь стажировкин майда хиларе терра, дешаран федеральни стандарташца мастер-классаш дIахьо. Москван пачхьалкхан университетера а, ерриге Россера а баьхкинчу говзанчашца говзалла лакхайоккхучу семинарехь дакъа а лоцу. Цигахь дакъалоцуш хуьлу Къилбаседа Кавказан федеральни округерчу а, вайн республикерчу а школашкара хьехархой. ХIокху шеран апрелехь а, октябрехь (9-чуй, 30-чуй) шозза а дIадаьхьна и тайпа гIуллакхаш. ХIора семинарехь 50 гергга хьехархо хуьлу. Говзалла лакхаяккхаран Iалашонца, иштта тIейогIучу хенахь дан дезарш билгал а дохуш, хIокху деношкахь Москварчу дешаран дикаллин мах хадоран туьшаца кхаа дийнахь вибинар (интернет-конференци) дIаяьхьна.
Берашна дешарна а, Iер-дахарна а оьшуш дерг дерриге а ду интернатехь. Кхузахь доьшучу 275 берах 180 бер интернатан юкъарIойлехь Iаш ду. Иза ярташкарчу берашна лерина елахь а, нагахь санна дех-ненах цхьаъ заьIап делахь, гIалара дара аьлла доцуш, уьш а кхузахь дIатардина ду. Шен ницкъ ма-кхоччу, берашна тIеюху бедарш а, дешарна оьшуш болу гIирсаш а хилийта хьожу интернатан куьйгалла. Дийнахь ялхозза кхача ло берашна.
Вайн республикехь инплантировани (коьртан хье чу чип йиллар) йина бераш дукха хиларна, А-Хь.Кадыровн цIарахчу региональни юкъараллин фондан чоьтах аппаратура еана интернатана. Цуьнца дуккха а дешархоша цхьаьна а, ша цхьамма а болх бан аьтто бу. 3 миллион сом доьхуш йолу, кхечу школашкахь 1–2 бен хуьлуш йоцу иза кхузахь 12 комплект ю. Цундела, юьхьанцарчу классийн дешархойн аьзнаш алар дика дIахIоттийна ду. Иштта, дешархойн хаарш тIедузаран аьттонаш алсамбоху оцу гIуллакхо.
Кхечу школашкахь санна предметаш ю кхузахь а. Масала, физика, хими, информатика, оьрсийн мотт а, литература а, и.дI.кх. Лакхарчу классашкарчу берашца кхетош-кхиоран болх дIахьо. Интернатехь 21 шо кхаччалц доьшу бераша. Цу хенахь уьш 11-чу классан дешархой хуьлу. Кхузахь доьшуш долу цхьа а бер мукъачу хенахь а терго йоцуш ца дуьту, хIунда аьлча, хаддаза шайн ницкъаш зуьйш хила деза уьш. Дарсаш дIадевллачул тIаьхьа йолу хIора минот дIасаекъна ю берийн. Кхузахь пхьалгIехь говзалла Iамо аьтто бу церан. Масех декъе екъна йоккха спортан зал ю. Цу чохь волейболах ловза, дзюдо, паргIатчу кепарчу, греко-римски кепарчу охьатохархлатарх Iама йиш ю. Иштта, хелхадовларан, куьйгаэшара эшаршлакхаран, хIуматегаран, кулинарни кружокаш ю, шайн лааме хьаьжжина къасто йиш ю берийн шайна мича даха лаьа. Кружокашкахь 6–12 бер хуьлу. Бассейне а дуьгу бераш.
Интернатехь «Ирс» ансамбль ю. Дуьненаюкъарчу фестивалашкахь дакъалоцу интернатан бераша. Царах ю Санкт-Петербургехь дIахьош йолу Дуьненарчу 50 пачхьалкхерчу бераша дакъалоцу «Дуьхь-дуьхьал гIулч яккхар» фестиваль. Россехь а, дуьненахь а бевзаш болчу артисташа концерташ лучу Санкт-Петербурган Концертийн йоккхачу залан сцени тIехь бераша вайн къоман хелхарш до, куьйгаэшара эшарш локху. Доггаха къахьегаро кхиамашка кхачабо хьехархой а, бераш а. Дуккха а дипломаш а, Баркаллин кехаташ а, грамоташ а ю берийн.
Интернатехь йолу хьехархойн коллектив дика а, шайн дерриге а дахар хIокху балхаца доза дагахь а ю. Иштта дог-ойла йоцург кхузахь цхьана-шина шарал сов ца Iало. Кхузахь хьехархочо дас-нанас ма-барра гIайгIа бан беза берийн. Таханлерчу дийнахь могашалла ледара йолчу берашна лерина тIеэцна федеральни юкъарчу дешаран стандарташца дайн нанойн бакъо ю вайн республикерчу муьлххачу а школе шайн бер деша дахийта. Школаш декхарийлахь ю ишттачу берашна оьшуш дерг дерриге а хилийта. Хашумова Iайшата дийцарехь, вайн республикехь бIе гергга школа ю могашалла ледара йолу бераш тIеэца декхарийлахь. Шайн школе къора, бIаьрзе, ДЦП, и.дI.кх. цамгарш йолу бераш далийча царна цхьа а дуьхьало йоцу хьал кхолла деза цара. Масала, пандус яр, оьшуш болу хьехархой (сурдопереводчикаш, логопедаш, психологаш, тьютораш) кечбар, и.дI.кх. Оцу балхана школашна республикин бюджетера къастош ахча ду. Могашалла ледара йолчу берийн дайн-нанойн бакъо ю шайн бераш шаьш Iаччохь могашчу бераша доьшучу школе дахийта. Оцу школашна оьшуш болу хьехархой кечбарехь гIо до интернато. Кхуза баьхкича церан аьтто бу могашалла ледара йолчу берашца болх муха бан беза Iама, кхузарчу хьехархойн зеделлачух пайдаэца. Уггаре а хьалха оьшуш дерг ду хьехархой кечбар, дешаран дакъа тодар. Мел чIогIа лиъча а, интернатан таро яц ерриге а республикера бераш тIеэца. МПК-с къастош ду цIахь Iамо деза бераш.
Интернатера дешна девллачу берийн аьтто бу Соьлжа-ГIаларчу №11 йолчу корматаллин училищехь кхидIа а деша. Цигахь оцу гIуллакхана оьшучу гIирсашца кхачойина, иштта хьехархой а кечбина.
ХIокху интернате хьаша-да веача чIогIа самукъадолий, цаьрца къамеле довла лууш хуьлу бераш. Юкъараллин дукха организацеша гIо до интернатана. Берийн дахар хаздан таро хуьлуьйту, массо а агIор кхиарна гIо до. Иза доккха хIума ду.
Л.ИБРАГИМОВА
Авторан сурт
№131, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 21-гIа де, 2015 шо