Москвахь вовшех дагабевлира «единороссаш»

«Единая Россия» политикин партин меттигерчу отделенин форум хилира масех де хьалха Москвахь. Партин Председателан Медведев Дмитрийн дIадолорца дIахьош яра иза. Цигахь дакъалецира Ерригроссин «Единая Россия» политикин партин Нохчийн региональни отделенин делегацис. Цуьнан декъашхоша дакъалецира №10 йолчу майданахь дIахьош хиллачу балхахь. Цигахь дIахьочу балхана куьйгалла деш вара Россин Пачхьалкхан Думин къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу Комитетан Председатель, Ерригроссин «Единая Россия» политикин партин Нохчийн Республикехула а, Дагестан Республикехула а, Къилбаседа ХIирийчоь – Аланихула а йолчу Регионашна юкъарчу координационни советан куьйгалхо Сафаралиев Гаджимет.photo_2015-11-18_10-49-15

Цигахь вовшахкхеттачара дийцаре динчу коьртачу гIуллакхашна юкъахь дара Пачхьалкхан Думе харжамаш дIабахьале хьалха юьхьанцара харжамаш баран а, антикоррупцин хьокъехь долчу законашкахь хийцамаш баран а хьокъехь дерш. Гулбеллачарна хьалха къамел дира партин Генеральни советан секретара Неверов Сергейс. Цо элира: «Партин Председателан Медведев Дмитрийн дIадолорца вай дуьххьара дIахьош бу меттигерчу отделенийн секретарашца хIара тайпа боккха гулам».

Сафаралиев Гаджимета аьлла ма-хиллара, меттигашкахь дерриге а гIуллакхаш, харжамашна тIера социальни белхашна тIекхаччалц, Партин меттигерчу отделенийн секретараша дакъа а лоцуш дIахьош ду. ХIунда аьлча царах дукхах берш яртийн, районийн, гIаланийн администрацийн куьйгалхой бу. Цара беш болчу балхаца доьзна ду Партин сий-ларам хилар, цуьнга тешам хилар, иза йовзар. «Iаламат чIогIа мехала ду уьш кхуза баьхкина хилар, цара Партин куьйгалло бохуш долчуьнга ладоьгIна хилар, тIедогIучу шарахь Парти харжамаш муха дIабахьа лерина ю царна хиъна хилар. Нагахь санна партийн я организацийн векалша кхаж шайн-шайн партешкахьа а, организацешкахьа а бен тосуш ца хиллехь хIинца берриге а бахархоша дакъалоцур ду кхаьжнаш тасарехь. Цу хьокъехь дерг ма-дарра дийцина хIокху гуламехь», – элира Г.Сафаралиевс.

Кхин а цхьа мехала хIума билгалдаьккхира цо. Иза хьакхалуш дара коррупцина дуьхьало яран закон кхочушдарх. «Дерриге а тIегIанашкарчу депутаташа, нагахь санна уьш муниципальни вовшахкхетараллин куьйгалхой белахь, тIедогIучу шеран хьалхара апрель тIекхачале дIаяла еза шайна тIебогIучу пайданийн хьокъехь йолу шайн а, шайн хIусамнанойн а, берийн а деклорацеш. Коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьаран цхьа агIо ю иза. Халкъо хаьржина волчо шен политикин Iаткъамах пайдаэца ца беза шен цхьана гергарчунна тIеязйина бизнес кхиорехь. Хьалхара апрель тIекхачале хIораммо а харжам бан беза: политикехь гIуллакхаш леладо цо я бизнесна юккъе воьду. Россехь тайп-тайпанчу тIегIанашкара дукха депутаташ бу шайна тIебогIучу пайданех хербала цалаарна, политика а йитина, бизнесе дIабахана», – элира Г.Сафаралиевс.

Цо дийцарехь, депутаташка кандидаташ дIаязбийр бац дозанал арахьарчу банкашкахь шайн счеташ ерш а, суьде озийна хилларш а. «Дехха и гIуллакх дийцаре динчул тIаьхьа Партин сацам хилла суьдехь дов хаьттинарш, уголовни жоьпе озийна хилларш харжамашна юкъа ца озо. «Единая Россия» партин могIарш цIандаран Iалашонца бина бу и сацам, майрра харжамхойн бIаьрдуьхьал хьажа юьхь хилийта», – чIагIдира цо.

«Единая Россия» партин Шелковскехь йолчу меттигерчу отделенин секретара, Шелковски муниципальни районан администрацин куьйгалхочо Израйилов Iабдулкъедира оцу форумах лаьцна иштта дийцира: «Хьалхарчу дийнахь делккъалц оха болх бира дискуссеш яран хьаьрмашкахь. Цигахь дийцаре динчу коьртачу гIуллакхашна юкъахь дара Пачхьалкхан Думе харжамаш бале хьалха юьхьанцара кхаж тасар дIадахьарца а, антикоррупционни законодательствона юкъабалийна хийцамаш бовзийтарца а доьзна дерш. Мехала гIуллакхаш дара дийцаре динарш. 2016-чу шарахь хин болчу харжамашна хIинццехь дуьйна кечамаш бар дара иза. Форуман дакъалацархойн, цу юкъахь тхан а, дуккха а хаттарш кхоллалора и гIуллакхаш дийцаре дарехь. Царна кхачам боллуш жоьпаш лора Партин куьйгалло», – бохура I.Израйиловс.

Кхиамца чекхъелира форум. Иза пайден хилира цигахь дакъалоцуш хиллачарна массарна а. «ХIинца, цигара цIадирзинчул тIаьхьа, оха дахарна юкъадалор ду цигахь дийцаре дина гIуллакхаш. Оцу форумо кхин цкъа а гайтира «Единая Россия» Партин куьйгалло дерриге а тIегIанийн депутатийн халкъалахь сий-ларам хилийтарехь дерриге а деш хилар, цо дIахьош йолу политика вайн бахархойн дахар тодарна, беркате, синтеме, токхе хилийтарна тIехьажийна хилар», – билгалдаьккхира Израйилов Iабдулкъедира.

С.ПАШАЕВ

 

№131, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 21-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: