ДIадахана шо чекхдолуш, Шемара химин герз арадаккха долийна, кхузахь долу тIеман хьал дIадерзо луучу пачхьалкхаша бинчу бартана тIе а доьгIна. Амма цу гIуллакхна хьовзам баьлла – махках арадоккхуш долу герз Iедалца тIом беш болчу гIаттамхоша дIалецначу меттигашкахула дехьадаккха дезаш хиларна.
Ткъа иза кхераме некъ бу, хIунда аьлча химин герз гIаттамхойн карадодахь, цара цунах махкана даьккхина ца Iаш, гуонахарчу пачхьалкхашна а доккха зулам даккха тарло.
Хаамийн гIирсаша дийцарехь, дIадаханчу шерашкахь Шемахь вовшашца тIом бечу агIонаша химин герз ворхIазза юкъадаьккхина. Химин герз лелор доьхкучу дуьненаюкъарчу организацино а, Могашаллаларъяран дуьненаюкъарчу организацино а кхоьллинчу комиссино и гIуллакх теллича, химин герз Шемахь юкъадаьккхина хилар чIагIдина. Шеман правительствон эскарша а, гIаттамхоша а вовшийн бехкедо химин герз юкъадаккхарна.
Iамаркан Iедало Шема пачхьалкхана тIе герз тухур ду аьлла, дIахьедар дича, химин герз махкара дIадаккха резахилира Шеман Президент а, правительство а. И гIуллакх дIадолийна, химин герз деш йолу производство 2013-чу шеран ноябрь баттахь дIаяьккхина. ХIинца и герз дIадаккхаран программин шолгIа мур бу дIахьош берг.
Масех пачхьалкх ю герз махках арадоккхучу хенахь Шемана гIо деш. Царна юкъахь Росси а ю доккха дакъалоцуш. Вайн Iедало кира кхоьхьу яккхий машенаш а, хIордан кеманаш а дахийтина Шемара химин герз арадоккхуш гIо дан.
Хаамийн гIирсаша дийцарехь, Шемара арадаьккхина химин герз Дуьненаюкъарчу хIорда чохь хIаллакдийр долуш ду. Цкъачунна цхьа а пачхьалкх реза ца хилла шен лаьтта тIехь и герз хIаллакдайта.
М.АРСАНУКАЕВ