Нохчийчохь дуьххьарлера индустриальни парк ян Iалашо юьхьарлаьцна Нохчийн Республикин экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министерствос. 2016-чу шарахь чекхъяккха лерина билгалъяьккхина проект. Федеральни а, бюджетан а, иштта бюджетан доцчу а ахчанах йийр ю иза.
950 млн. сом мах хадийна проектан. Цунах паркана тIе аьчга некъ бало федеральни бюджетера 260 млн. сом хьажор ду. Кхидолу ахча резиденташа вовшахтухур ду.
ТIом болчу хенахь йохийначу Соьлжа-ГIаларчу аьчган-битонийн заводан кертахь еш ю индустриальни парк. Иза схьаелларо 200 сов белхан меттиг хуьлуьйтур ю. 14 гектар меттиг дIалоцу цо.
Проектал хьалхара белхаш чекхдаьхна: оьшуш мел долу кехаташ кечдина, коьрта резиденташ билгалбаьхна, федеральни конкурсехь дакъалаьцна, и.дI.кх. Дукха хан йоццуш проект кхочушъян йолийна.
Шаьш бизнес-планаш а хIиттийна, уьш комиссис магийна волчу ялх резидента шайн производство йолор ю индустриальни паркехь. ГIишлошъяран а, тояран а материалаш (кибарчигаш, газобетон, экъанаш, кхиерш) йийр ю цигахь.
ГIишлошъяран белхаш дIаболийначу метте бIаьргтоха ваханчохь, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхира индустриальни парк инженерни а, некъийн а кхоччуш инфраструктура а йолуш, производствон мехала комплекс хирг хилар.
М.КАНТАЕВ
Авторан сурт
№131, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 21-гIа де, 2015 шо