Дукха хан йоццуш, Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министерствехь кхеташо дIаяьхьира. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министра Ахмадов ШахIида, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран заместитела Тааев Илеса, кхечара. Кхеташонехь дийцаре дира Нохчийн Республикехь берашна иммунизаци яран болх дIабахьар.
Кхеташонан коьрта Iалашо йовзуьйтуш вистхилира Ахмадов ШахIид:
«ТIаьхьарчу хенахь лазаме хилла дIахIоьттина диспансеризаци яран г1уллакх. Халахеташ ду, дукхах болчу дай-наноша шайн берашна прививкаш яйтарна дуьхьало еш хилар. Делахь а, прививкийн мехалла а хууш, иза ца яйтича йиш ца хиларх кхеташ берш а бу. Масала, масех де хьалха микрорайонерчу №3 йолчу берийн больницехь хилира со. Цигахь уче юьззина наной бара шайн берашна прививкаш яйта баьхкина. И саннарш кхеташ бу иммунизаци ца йича йиш цахиларх», – элира цо.
Цул тIаьхьа, Нохчийн Республикин коьртачу педиатра Ирбаиева Таисас берашна иммунизаци яран балхах лаьцна доклад йира.
«Хууш ма-хиллара, тIаьхьарчу хенахь дукхачара интернет-сайтех пайдаоьцу. Оцу сайташкахула, къаьсттина «Whats App» чухула прививкех харц ойланаш кхуллуш, бакъдоцург даржош, прививкаш яр сийсаздаккха гIерташ берш бу. Цундела, дукхах болчу дай-наноша дуьхьало йо берашна прививкаш яйтарна. И проблема дIаяккхархьама школашкахь а, берийн бошмашкахь а прививкийн хьокъехь дай-наношца жигара болх бу дIахьош. Цул сов, бахархошна прививкийн мехалла ма-ярра йовзийтархьама, дукха хан йоццуш, пачхьалкхан «Грозный» телевиденехь цу темина лерина «Ток-шоу» а дIаяьхьна, шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь материалаш зорбане а йийлина. И бахьана долуш тIаьхьарчу хенахь дуьхьало еш берш мелла а лахбелла. Иштта, билгалдаккха лаьа, прививкашна дуьхьало еш берш ярташкахь мелла а кIезиг хилар», – дийцира Ирбаиева Таисас.
Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министран заместитела Исакова Заремас дийцира, прививкаш яйтарна дуьхьало яран проблема дIаяккхарехь уггаре а коьртаниг берийн дай-наношца кхеторан болх бар хиларх лаьцна.
Иштта, кхеташонехь билгалдаьккхира баккхийчарна диспансеризаци яран болх 75 процентана кхочушбина хилар.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан суьрта тIехь: Ахмадов ШахIид а, цуьнан заместитель Байсаев Iумар а (х1инца Хьалха-Марта районан администрацин куьйгалхо).
№131, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 21-гIа де, 2015 шо