Дакъалацархошна хазахетар а, дегайовхо а ло

Нохчийн Республикин берийн-кегийрхойн «Наша школа» газетан редакцин хазачу ламасте дирзина хIора шарахь Къилбаседа Кавказерчу берашна а, кегийрхошна а юкъахь «Берийн пелаг» конкурс дIаяхьар.IMG_2409

    Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчас Кадыров Хьасайна верасалла а деш, 2010-чу шарахь дуьйна арахоьцуш ду «Наша школа» газет. Баттахь шозза арахоьцуш а, школин дешархошна а, техникумийн, колледжийн студенташна а юкъахь шуьйра девзаш, хазахетарца доьшуш а ду иза. Юьхьанца 3 эзар хилла йолу газетан тираж карарчу хенахь 20 эзарне кхаьчна.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сийнна лерина йолу «Берийн пелаг» конкурс, кху шарахь доьалгIа вовшахтухуш ю. Цуьнан коьрта Iалашонаш ю берийн а, кегийрхойн а ешаре, зорбане, журналистике безам кхоллар, кхоллараллин хьуьнарш а, дешнашца сурт хIоттор а цаьргахь кхиор, и. дI.кх. Конкурсехь дакъалаца таро ю 3-чу классера 11-чу классе кхаччалц болчу школин дешархойн а, техникумийн, училищийн, колледжийн студентийн а. Конкурсан иштта номинацеш ю:

1.   «Сийдар». Цу юкъайогIу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана А.-Хь.Кадыровна лерина материалаш;

2.   «Дийна агIо». Цу юкъадогIу  доттагIчух лаьцна дийцарш я доттагIчуьнга яздина кехаташ, Соьлжа-ГIалах лаьцна дийцарш, баккхийчу наха (ден а, ненан а дай-наноша) дийцина дийцарш;

3.   «Сан туьйра». Школин дахарх лаьцна туьйранаш.

4.   «Къона журналист». Цу юкъайогIу репортажаш, «Башха кхоллам болу адам», «Школин дахар: проблемаш а, дан дезарш а» теманашна лерина статьяш.

5.   «Берийн зорба». Школийн пенан газеташ (цхьана школера мел кIезиг а ши пенан газет хила деза).

«Наша школа» газетан коьртачу редактора Абдулаева Заремас дийцарехь, дукха стихаш йохкуьйту конкурсе («Сийдар» номинацехь), иштта шайн школин дахарх лаьцна дийцарш а дукха яздо бераша. Конкурс Къилбаседа Кавказехь дIакхайкхош хиларе терра, луларчу регионашкарчу бераша а йохкуьйту шайн материалаш. Хазахеташ ду вайн берийн дукхах йолу материалаш нохчийн маттахь хилар. З.Абдулаевас билгалдаьккхира, 3-чу классера дуьйна билгалъяьккхина хан елахь а, кхин а кегийчу бераша а конкурсе материалаш язъеш хилар а, дакъалацархойн белхашна юкъахь дукха беламе, самукъане дийцарш а, туьйранаш а хуьлуш хилар а. Царах цхьаъ дара дIадаханчу шарахь цхьана йоIа (конкурсан архив ягар бахьанехь, цIе йоккхийла дац) чанах лаьцна яздина туьйра. Йоккха книга язъеш санна, дуккха а тептарша тIехь а, вуно беламе а яздина дара иза.

ДIадаханчу шарахь 400  гергга болх бара конкурсехь дакъалоцуш. Бакъду, вайна бевзаш болу хиламаш хилар бахьанехь (2014-чу шеран 4-чу декабрехь Зорбанан цIенна зуламхой тIелатар), конкурсан ерриге а материалаш хIаллакьхилла,  жамIаш даран даздар тIаьхьататта дийзира «Наша школа»-н. ХIетте а, берашна халахетар ца деш, цул хьалха ма-хиллара, даздаран хьолехь совгIаташ луш, толамхой билгалбехира конкурс вовшахтоьхначара. ПохIмечу берийн хьуьнарш кхиорехь, церан дегнаш иркарахIитторехь, кхоллараллин декъехь къахьега лаам хилийтарехь вуно мехала гIуллакх ду х1ара конкурс вовшахтохар. Кхин хIумма а ца хилча а, жамIаш даран даздарехь шаьш гулдича, берийн самукъадалар а, церан яххьаш лепар а тоьур ду.

Кху шарахь 30-чу августера 30-чу ноябре кхаччалц дIакхайкхийна ю «Берийн пелаг» конкурс. Таханлерчу денна 250 гергга материал яийтина. ТIаьхьарчу деношкахь материалаш алсам йохкуьйтуш хиларе терра, дакъалацархойн барам гIеххьа лакха бериг хиларан шеко яц. Конкурсан жюрина юккъехь бевзаш болу яздархой, хьехархой, журналисташ («Наша школа» газетан векалш) бу. Цара, хенашка хьаьжжина, кхаа категорехь толамхой къастор бу: 3-чу классера 6-чу классе кхаччалц болчу дешархошна а, 7-чу классера 10-чу классе кхаччалц болчу дешархошна а, 11-чу классан дешархошна, техникумийн, колледжийн студенташна а юкъахь. ХIора категорехь совгIатан кхоккха меттиг хир ю. Толамхошна дипломаш, грамоташ, кубкаш, иштта мехала совгIаташ  лур ду (шаьш яьхначу меттигашка хьаьжжина).

Конкурсан материалаш схьаяийта таро ю электронни кепехь «Наша школа» газетан редакце (адрес: Соьлжа-ГIала, Маяковскийн урам, 92, Зорбанан цIа, 7-гIа гIат) я school-2010@mail.ru электронни адреса тIе. Дакъалацархочо билгалъяккха еза шен юьззина цIе, школин номер, класс, цIера адрес, шеца зIене вала таро йолу телефонан номер. Конкурсе дахкийтина белхаш юхалуш дац. Хатта дезарг хатта таро ю хIокху номершца  Iуьйрана 9 сахьт даьлчахьана суьйрана 6 сахьт даллалц: 8(938) 891-89-99, 8(928) 897-90-99.

А.СУЛИМАНОВА

К.Вахаевн суьрта тIехь: «Берийн пелаг» конкурсан дакъалацархой

№131, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 21-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: