Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца школашкарчу лакхарчу классийн дешархойн дай-наношца цхьаьнакхетарш вовшахтухуш ду дешархойн хинйолчу, пачхьалкхан юкъарчу экзаменна (ЕГЭ) кечам баран хьокъехь.
Районашкахь а, гIаланашкахь а хир ду иштта цхьаьнакхетарш. ХIинцале а хьалхара цхьаьнакхетар хилла Хьалха-Мартан районерчу дай-наношца. Цигахь дакъалоцуш дешаран а, Iилманан а министерствон а, Хьалха-Мартан районан администрацин а векалш бара. ЕГЭ дIаяларан къепенах а, пачхьалкхан жамIашдаран аттестаци яран хенах а, экзаменна лерина материалаш а, белхаш а нийса харжа хаа дезарх а, выпускникашна оьшуш долу психологически гIо-накъосталлех а, ЕГЭ дIалуш лардан дезачу законех а, иштта сагатдечу кхечу хIуманех а лаьцна дийцира цигахь.
ШолгIа цхьаьнакхетар Гуьмсан районан дешархойн дай-наношца хилира. Сентябрь баттахь дешархоша бинчу белхийн жамIаш довзийтира дай-наношна. Нохчийчоьнан Дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIила ма-аллара, журналаш тIехь хIиттош йолчу оценкашка а ца хьоьжуш, шайн бераша ЕГЭ-на бинчу кечаме хьовса беза дай-наной. Цундела, наггахь нисло тIехдика доьшучу дешархочо экзамен дIа ца луш я лахара баллаш йохуш. Хьехархоша ца йогIу я лакхаяьхна оценкаш хIитто ца еза. Ца йогIуш йолу оценкаш хIиттор гучудолу ЕГЭ дIалуш.
Дай-наноша доккха маьIна леладо выпускникаша экзаменна кечам барехь. Уьш жоьпалле хилча бен жоьпалле ца хуьлу церан бераш а. Ерриге а республикехула ноябрь бутт чекхбалале дIадаьхьна хила дезачу цхьаьнакхетарийн хIоттийна график ю министерствос. ХIора районан дешаран урхалле дIаелла иза.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№131, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 21-гIа де, 2015 шо