Галморзахаллаш дIаяьхна
Регионийн нормативни бакъонийн акташ Федеральни законаца галморзахдовлар талларан Iалашонца республикин прокуратура хьаьжира «Нохчийн Республикехь чохьIачу хIусамашна а, коммунальни хьашташна а ахча даларехь йина харжаш цхьаболчу гражданашна компенсаци даларан бакъенан хьокъехь» болу 2009-чу шеран 14-чу сентябрехьлера а, «Нохчийн Республикехь социальни хьашташ кхочушдеш болчара уьш кхочушдаран бакъе чIагIъяран хьокъехь» болу 2014-чу шеран 15-чу декабрехьлера а Нохчийн Ресрпубликин Правительствон сацамаш гIуллакх деш долчу законодательствоца цхьаьнабогIуш хиларан гIуллакхе. Цо гайтира акташкахь, федеральни законодательствон лехамаш талха а беш, хьокъала доллу хьашташ кхочушдайтарна оьшуш долу документаш хьалха хIиттор гражданашна бакъо йоцуш тIедожийна хилар.
Прокуратуро бина лехамаш нийса лерина. Билгалдаьхначу акташна юкъахь хьокъала боллу хийцамаш а беш, галморзахаллаш дIаяьхна.
Бер дерна чувоьллина
РФ-н УК-н 264-чу статьян 3-чу декъехь билгалдаьккхина долу зулам дарна (некъан бакъенаш талхор бахьанехь ларамаза стаг вер) бехке а лерина, Мецаев Вахица доьзна долу уголовни гIуллакх къаста а дина, хьокъала йоллу кхиэл йина Теркан районан суьдо.
Суьдан кхеташонехь гучуделира тормозийн система галъяьлла йолчу машенахь юхаволуш Мецаевс иза 5 шо кхаьчначу берана тIетоьхна хилар. И бахьанехь бер кхелхира.
Пачхьалкхан бехкевархочунна хетарг хьесапе а эцна, суьдо колонехь-поселенехь яккха 1 шой 6 буттий хан туьйхира Мецаев Вахина. Цул совнаха, цунна дихкина 2 шараххьий 6 баттаххьий машенна урхалла дар.
Кхиэл шен бакъоне йирзина
Чубоьхкинчара шайна тоьхна хан яккхаран хьелаш а, къепе а нисъеш долу федеральни закон Россин УФСИН-н Аргун гIалахь йолчу № 2 йолчу колонехь йолчу колонин-поселенин участкехь муха кхочушдо теллира регионан прокуратуро. Гучудаьлла товаран учрежденехь раж нийса латторна кхачоярехь колонин администрацин балха тIехь закон талхош меттигаш хилла хилар.
Ша аьлча, чубоьхкинчара кхочушдеш дацара чоьхьаракъепе ларъяран декъехь законо шайна тIедохкуш долу декхарш (бакъо йоцчу меттигашкахь цигаьрка озар, вуьжуш йолу меттигаш а, хIуманаш чуйохку галеш а хьакъ ма-дду Iалашдеш цахилар). ЦхьамогIа талхораш гучудевлира кхача кечбечу блокан чоьнашкахь а, участкан кертахь а санитарно-гигиенин лехамаш кхочушбарехь. Электрически а, хи дохдаран а гIирсех пайдаэцарехь цIе яларан кхерамазаллин бакъенаш талхийна меттигаш а яра. Буьззинчу барамехь дIахьош дацара чубоьхкинчеран къинхьегам а, кхерамазаллин техника а ларъярца доьзна долу гIуллакхаш.
Регионан прокуроран заместителан лехамна жоп а луш, административни жоьпе озийна колонин-поселенин участкан хьаькаман декхарш кхочушдеш верг а, жоьпаллин даржехь волу ши белхахо а.
Арз жоп доцуш дитина
Бакъо йоцуш баккхийчу барамашкахь наркотикаш йохкарна дIадаханчу шарахь ТIехьа-Мартан районан суьдо чIогIачу рожан колонехь яккха 11 шо хан туьйхира Хаджаев Зияудина. Цунна реза ца хиллачу цо апелляцин арз делира Нохчийн Республикин Лакхарчу суьде.
Апелляци къасточу хенахь лакхарчу тIегIанан суьдехь гучуделира 2014-чу шеран 29-чу мартехь Хаджаевс шайн ТIехьа-МартантIехь юкъара барам 0,816 грамм болуш йолу спайс наркотикан ши пакет чоьхьарчу гIуллакхийн белхахоша циггахь лаьцначу Хамурзаевна йоьхкина хилар. Суьдехь адвокат чIагIдан гIертара чувоьллинарг бехке цахилар, доьхура иза паргIатваккхар.
Амма суд резахилира прокурорана Амиров Олегана хеташ долчуьнца, арз бух боцуш дина лерира, районан суьдо йина кхиэл ца хуьйцуш йитира.
Ведомствон сайта тIера хаамаш кечбинарг – Л.БАКАРОВ
№131, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 21-гIа де, 2015 шо