Мисарарчу совдегарца Наджиб Савирисца цхьаьнакхийтира Кадыров Рамзан

«Грозный» аэропортехь охьадоьссинчу рогIерчу кеманна тIехь Мисарара хьаша совдегар (бизнесмен) Наджиб Савирис вара. Цуьнца цхьаьна кеманан трапа тIера охьавоьссира Россин Федерацин Федеральни Собранин Федерацин Советан декъашхо Зияд Сабсаби. Iаьрбийн махкара веанчу хьешана дуьхьал баьхкинчу вайн Iедалан векалшна юкъахь вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам, Нохчийчоьнан Правительствон Председателан хьалхара заместитель Тумхаджиев Iийса, промышленностан а, энергетикин а министр Таймасханов ГIалас, кхиберш. Мерза маршалла хоттуш тIеийцира цара Мисарара хьаша.

Цул тIаьхьа Наджиб Савирисан цхьаьнакхетар хилира Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца, Россин Турпалхочуьнца Кадыров Рамзанца. Оцу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара регионан правительствон декъашхой, ткъа иштта сенатор Зияд Сабсаби, Москварчу индустриальни банкан президент Арсамаков Абубакар, вайн махкахь дика вевзаш волу совдегар Байсаров Руслан, цхьамогIа кхиберш.

Дехха къамел хилира Кадыров Рамзанан а, Наджиб Савирисан а. Цара дийцаре дира экономикин тайп-тайпанчу дакъошкахь цхьаьна болх баран хьокъехь долу гIуллакхаш. Мисарарчу хьешана инвестицийн цхьамогIа проекташ йовзийтира. Iаьрбийн совдегаран тидам тIебахара Нохчийчохь цемент йоккхуш йолу йоккха завод ярехула йолчу а, йорах хIусамаш ярехула йолчу а, берриге а муьрашкахь когсалазаш (лыжанаш) хехкаран «Ведучи» курорт ярехула йолчу а проекташна. Иштта, барт хилира мобильни зIенан «Вайнахтелеком» оператор кхиорехь Мисарарчу совдегаран харжаш юкъаозон.

Наджиб Савирисана хетарехь, Нохчийчоьнан-Мисаран юкъаметтигаша герггарчу хенахь дика жамIаш а лур ду, и юкъаметтигаш беркате а хир ю. Цо иштта билгалдаьккхира, Россина дуьхьал дуьненан яккхийчу пачхьалкхаша санкцеш йина хиларе а, махкахь финансийн-экономикин кризис хиларе а хьаьжна ца Iаш, Нохчийн Республика кхуьуш а, промышленностан, юьртан бахаман, гIишлошъяран, туризман, дешаран, Iилманан дакъошна юккъе инвестицеш кхиамца юкъаийзош а хилар.

Мисарарчу хьешан къамелаш хилира вайн республикерчу совдегаршца. Цигахь дакъалецира  Нохчийчоьнан Правительствон Председателан заместитела Хакимов Хьасана, транспортан а, зIенан а министра Черхигов Рамзана, кхечара. Цхьаьнакхетарш дерзош Наджиб Савирисана гайтира Нохчийчоьнан пачхьенера исбаьхьа меттигаш. Шена гиначо дагна хьаам бина вара иза. Теша лаьа оцу цхьаьнакхетарийн тIаьхье вайн махкана а, халкъана а беркате хирг хиларх.

С.ХАМЗАТОВ   

 

№131, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 21-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: