билгалдаьккхира Соьлжа-ГIаларчу М.Лермонтовн цIарахчу драмтеатрехь
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Россин федеральни налогийн службин (ФНС) Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин куьйгалхочо Цамаев Мовсара, кхечу официальни наха.
Кадыров Рамзана шен къамелехь билгалдаьккхира налогийн службо республикехь уггаре а хала мур болчу хенахь шен болх дIаболийна хилар.
– Цу шерашкахь тIеман хиламаш бара республикехь. КIезиг нах тешара хIетахь налогийн службин болх дIаболо а, тобан а аьтто хирг хиларх. Делахь а, тахана вайна гуш ду налоговикаш «когахIиттина» хилар а, Россехь а тоьллачарна юкъахь уьш хилар а, шайн болх цара лаккхарчу тIегIанехь кхочушбар а. Налогийн органашка кхоччуш болх байта а, уьш кхидIа кхиийта а республикехь мел оьшу хьелаш кхоьллина оха. Цундела, со тешна ву тIейогIучу хенахь налогийн такхарш кхин а алсамдевриг хиларх, – элира цо.
Республикин Куьйгалхочо Россин ФНС-н Нохчийчохь йолчу урхаллин белхахошна хьанал къахьегарна баркалла а элира, уьш шайн корматаллин денца декъал а бира. «Налогийн служба кхиорехь доккха дакъалацарна суна иштта баркалла ала лаьа ведомствона куьйгаллехь хиллачу Вазарханов Исламна а, хIинцалерчу куьйгалхочунна Цамаев Мовсарна а», – элира Р.Кадыровс.
«Республикин Куьйгалхочун Р.Кадыровн говза куьйгалла а, гIо-накъосталла а ца хиллехь, налогийн службин болх юхаметтахIоттийна хилла хир бацара, элира Цамаев Мовсара. – Рамзан-Хьаьжа, пачхьалкх чIагIъярехь, бакъонаш а, низам а латторехь, гIаланаш а, ярташ а меттахIитторехь ахь ондда къахьегар бахьана долуш меттахIоттийна а, жигара дIабоьдуш а бу тхан болх. Налоговикашна ахь шайна гуттар терго яр, гIо-накъосталла дар гуш ду хьуна, ахь дечун хама-пусар а до цара», – тоьшалла дира М.Цамаевс.
Цул тIаьхьа, налогийн органийн тоьллачу белхахошна совгIаташ далар дIадаьхьира. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Указца республикин лаккхара совгIат – «Кадыровн Орден» елира Цамаев Мовсарна. Иштта, «Нохчийн Республикин хьакъволу экономист» сийлаллин цIарца а, «Къинхьегамехь билгалваларна» сийлаллин билгалонашца а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Сийлаллин грамоташца а совгIаташ дира дика болх бинчу цхьамогIа налоговикашна.
Россин федеральни налогийн службин урхаллин куьйгалхочун Мишустин Михаилан цIарах оццу службин Къилбаседа Кавказан федеральни округехь йолчу регионашна юкъарчу инспекцин куьйгалхочун заместитела Абреков Арсена «Россин федеральни налогийн службин гIолацарна» ведомствон мидалца совгIат дира Р.Кадыровна.
Официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа нохчийн эстрадин артисташа концерт гайтира.
А.ХАСБУЛАТОВА
№131, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 21-гIа де, 2015 шо