ТIаьхьарчу масех шарахь Нохчийчоьнан Iедало шен лерринчу тергонехь латтадо хIусамийн-коммунальни хьаштех пайдаэцарна шен-шен хенахь бахархошка а, тайп-тайпанчу долаллин организацешка а ахча дIадалийтаран хьокъехь долу гIуллакх. Иштта, хIокху деношкахь Нохчийн Республикин Правительствехь дIаяьхьна рогIера кхеташо а яра хIусамийн-коммунальни хьашташ кхочушдарх дала догIу ахча дIадаларца доьзна долу хьал дийцаре дарна лерина. Иза дIаяьхьира регионан Правительствон Председатела Эдельгериев Абубакара.
Коммунальни хьашташ кхочушдарх ахча далар тодаран а, декхарш дIатакхаран а гIуллакха тIехь терго латторан оперативни штабан куьйгалхочо довзийтира шаьш оцу декъехь бинчу белхан жамIаш. Цо далийначу терахьашна а, бакъдолчарна а, шегахь болчу хаамашна а тIе а тийжаш, республикин премьер-министра билгалдаьккхира коммунальни хьашташ кхочушдарх бахархоша налогаш ялар дикка тоделла хилар, дукхах болу бахархой шайна тIехь долчу жоьпаллех кхетта хилар. Делахь а, х1инца а болуш бу шайна тIехь долу декхарш дIатакха лууш боцурш.
Премьер-министра аьлла ма-хиллара, цаьрца кхетаран болх дIабахьа беза комиссин декъашхоша. Шайна тIехь коммунальни хьаштех пайдаэцарх декхарш долчарна дIахаийта деза и хьашташ кхочушдаран дикалла цара луш йолчу налогех дуьххьалдIа йозуш хилар. Цара декхарш дIатокхуш ца хилча, шен хеннахь налогаш луш ца хилча хIусамийн-коммунальни хьашташ кхочушдаран декъехь дуккха а гIуллакхаш кхачам боллуш кхочушдан таро ца хуьлу.
«Цундела вай дерриге а дан деза оцу хьаштех пайдаоьцучаьрга массаьрга а шен хеннахь налогаш дIаялийтаре кхачархьама», – элира Эдельгериев Абубакара. Цо хьокъала йоллучу министерствийн а, ведомствийн а, районийн а, гIаланийн а векалийн тидам тIебахийтира оцу декъехь беш болчу белхан жигаралла кхин а лакхаяккха езаш хиларна. Цу тIехь шен болх берзийра хIусамийн-коммунальни хьаштех пайдаэцарх налогаш яларехь долу хьал дийцаре дарна леринчу кхеташоно.
Д.ХУСЕЙНОВ
№131, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 21-гIа де, 2015 шо