Нохчийн Республикин Парламентан Жимачу зала чохь хилира дуьненаюкъарчу парламенташна юкъарчу зIенийн а, къоман, хаамийн политикин а комитетан кхеташо. Иза дIаяьхьира вице-спикера, комитетан председатела Жамалдаев Шаида.
Кхеташонан балхахь дакъалецира комитетан председателан заместитела Жамалуллайл Сайд-Хьамзата, комитетан декъашхоша Хазбулатов Бекхана, Абубакаров Мансура, депутаташа Мирзаев Амруддис, Эскаев Жамула, Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхийн министран заместитела Мисербиев Садос, Кегийрхойн юкъараллин-патриотически «Ахмат» боламан председатела Хажимурадов Хаважис, патриотически «Путин» клубан куьйгалхочо Тагиев Эскерхана, Нохчийн Республикин Кегийрхойн парламентан председатела Дагаев Муртаз-Iелас, Нохчийн региональни «Иман» организацин куьйгалхочо Мужедова Имана, региональни юкъараллин кегийрхойн «Нийсо» организацин куьйгалхочо Цахигов Рустама, кхечара.
Жамалдаев Шаида гулбеллачаьрга дийцира федеральни «Ас хIора дийнахь дозалла до Россех!» проектах а, Нохчийн Республикехь Даймехкан исторех лаьцна Ерригроссин хаттарш дар дIадахьа йолчу таронах а лаьцна.
– «Ас хIора дийнахь дозалла до Россех!» – иза Пачхьалкхан Думехь йолчу Кегийрхойн парламентан керлачу проектех цхьаъ ю. Иза Россин Федерацин бахархой патриотически ойланехь кхетош-кхиорна а, Интернет сетах пайдаоьцучеран историн хаарш лакхадахарна а тIехьажийна ю. Вайн декхар ду и мехала хаам социальни сеташкахула кегийрхошка дIакхачор, – элира цо.
– Цул совнаха, Пачхьалкхан Думехь йолу Кегийрхойн парламент юкъаяьлла «Даймехкан исторех лаьцна Ерригроссин хаттарш дар» дIадахьаран дIадолорца. Цуьнан Iалашо ю исторех лаьцна долчу бахархойн хаарийн проблемина пачхьалкхан Iедалан органийн а, юкъараллин а, шуьйрачу хаамийн гIирсийн а тидам тIебахийтар, – элира Ш.Жамалдаевс.
Гулбеллачара дIахаийтира оцу гIуллакхан гIолаца шаьш кийча хилар. Оцу декъехь болх хIинцале дIаболийна. Кегийрхойн организацийн куьйгалхоша билгалдаьккхира къона парламентареш цхьаьнатохар мехала хилар а, юкъараллин мехалчу гIуллакхашкахь цхьаьна дакъалаца дезаш хилар а.
Кхузахь иштта сацам бира Нохчийн Республикин Кегийрхойн Парламентан председатель Дагаев Муртаз-Iела 2015-чу шеран 6-чу декабрехь Москва гIалахь хир йолчу Кегийрхойн парламентан кхеташонехь дакъалаца вахийта. Оцу кхеташонехь Пачхьалкхан Думин Председатель С.Нарышкин цхьаьнакхетар ву Кегийрхойн парламентан декъашхошца. Пачхьалкхан Думин Комитеташкахь йийцаре йийр ю къоначу парламентарийн предложенеш.
Даймехкан исторех лаьцна долу хаттарш хаарш даларан боккха болх бу. Цигахь муьлххачу а стеган таро ю 882-чу шарера таханлерчу дийне кхаччалц йолчу Даймехкан исторех лаьцна долчу 40 хаттарна жоп дала а, иза дарца шен хаарш зен а.
«Даймехкан исторех лаьцна Ерригроссин хаттаршна жоьпаш далар» дIахьур ду 2015-чу шеран 19-чу декабрехь Россин ерриге а субъекташкахь дешаран, юкъараллин организацешкахь.
С.ЛАЛАЕВ
№131, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 21-гIа де, 2015 шо