ТIаьхьарчу деношкахь Шемахь хIаллаквина «Иблисан пачхьалкхехьа» тIемаш беш хилла Россин гражданин ларалуш волу 160 сов террорист.
***
Россин тIеман кеманаша бомбанаш, ракеташ йиттина йохийна «Иблисан пачхьалкхан» штаб-квартира, мехкадаьтта доккхуш, Iалашдеш хилла иттаннаш меттигаш.
***
Францин Парламенто кхин а кхаа баттана махкахь чрезвычайни хьал дIакхайкхо бакъо елла президентана. Оцу муьрехь муьлххачу а стеган дегIах хьажа, шеко кхуллучу хIусамехь таллам дIабахьа бакъо хир ю полицин белхахойн.
***
Телефонехула къамел хилира США-н а, Францин а президентийн. Ф.Олланда а, Б.Обамас а дийцаре дира Шемахь долу хьал. Цу шиннан барт хилира «Иблисан пачхьалкхера» террористаш хIаллакбина дIабаха безарна тIехь.
***
ОвгIанехь дIахьочу тIамехь шен кхиамаш ца хуьлучу даьлча НАТО кхечанхьа мостагI леха яьлла. И мостагI Росси ю ала гIерта иза.
***
Тель-Авиверчу (Израиль) телекомпанина тIелатар дина. И бахьанехь ши стаг кхелхина, чевнаш йинарш а бу.
***
Сербин а, Беларуссин а куьйгалхойн барт хилла шина пачхьалкхана юкъахь махлелоран барам шарахь 800 миллион долларе дIакхачо.
***
Великобританис тIелаьцна Украинин эскарна Iаьнан муьрехь цхьа миллион фунтана технически гIо-накъосталла дан.
***
Еврокомиссин куьйгалло Россин Президенте В.Путине дехна Россиний Европиний юкъара махлелоран юкъаметтигаш кхиорехьа гIуллакхаш юха а дIадоладайтар.
***
Россин а, Чинин а оборонийн ведомствийн куьйгалхоша куьйгаш яздина Чинина 24 истребитель (СУ-35) дохкаран хьокъехь болчу бартана.
***
Россин премьер-министра Д.Медведевс дIахьедина: «Россис ца дехна шена йина санкцеш дIаяхар я доьхур а дац…».
***
Мисаран а, Россин а куьйгалхоша куьйгаш яздина оцу пачхьалкхехь дуьххьарлера атомни электростанци яран хьокъехь болчу бартана.
***
Донбассерчу берашна Керлачу шарна совгIаташ дахьийта машенийн ковр кечъеш ю Россин МЧС.
№131, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 21-гIа де, 2015 шо