Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн къоман драматически театрехь А.Н.Островскин «Свадьба Бальзаминова» пьесин буха тIехь хIоттийна «Бакъволу Бальзаминов» комеди гайтира. Иза леррина гайтина яра Нохчийн Республикехь йолчу Жуковн орденан оперативни гIуллакхийн 46-чу бригадин 15 шо кхачарца а, Россехь литературин шо кхайкхийна хиларца а доьзна. Хьовсархошна юкъахь эпсарш а, салтий а, церан доьзалаш а бара. Спектаклан режиссер-постановщик Россин Федерацин искусствон хьакъволу гIуллакххо Горник Дмитрий ву. Спектаклан исбаьхьаллин куьйгалхо – Нохчийн Республикин искусствон хьакъйолу гIуллакххо Ахмадова Хьава.
Оьрсийн литературин классикин къегина говзар ю «Свадьба Бальзаминова». Ша комедин жанрехь елахь а, хIоразза а режиссеран а, актерийн а похIмех доьзна, жоьпалле хуьлу иза хьовсархойн кхиэле йиллар.
Спектаклан хьалхара миноташ йолаяларца тап-аьлла тийналла хIоьттира зала чохь. ГIарабевллачу а, къоначу а актераша Н.Островский ваьхначу заманан сурт кхачам боллуш дика гойтура. Спектаклан коьртачу турпалхочун Бальзаминов Михайлан роль Р.Умхаевс ловзийра, цуьнан ненан Бальзаминова Павлан роль – Нохчийн Республикин халкъан артисткас А.Муртазалиевас, йисина Iаш йолчу зудчун ролехь Нохчийн Республикин искусствон хьакъйолу гIуллакххо Хь.Ахмадова яра. ТIаьхьалоне ваьккхинчу эпсаран Чебаков Лукъянан роль Нохчийн Республикин халкъан артиста Х-Б.Исраиловс ловзийра. Ткъа гIуллакх дан чухIоьттина йолчу ПеженовгIеран йоьIан Химкин роль, шел дика а, самукъане а ловзор йоцуш, дика ловзийра Нохчийн Республикин хьакъйолчу артисткас С.Ахмутхановас. Иштта цхьамогIа кхин артисташ бара цигонийн тобанан декъашхойн ролаш ловзош. Спектаклан исбаьхьаллин-постановочни декъан куьйгалхо вара театран коьрта режиссер, Россин Федерацин халкъан артист Р.Хакишев, литературин-драматически декъан куьйгалхо – Нохчийн Республикин культурин хьакъйолу белхахо Х.Берсанукаева, труппин заведующи – Нохчийн Республикин халкъан артист 1.Джамаев вара.
Спектакль оьрсийн маттахь яра.
Горник Дмитрийс Нохчийчохь дуьххьара ца хIоттийнера «Свадьба Бальзаминова» спектакль. «Серло» театрехь ши спектакль хIоттийнера цо. ХIара кхоалгIа болх бу Москварчу режиссеран. Театроведа Берсанукаева Хедас дийцира: «Горник Дмитрийс нийсса баттахь сов къахьийгира театран актерашца. Нохчийн къоман вад, культура йовза кхиъначу оьрсийн режиссерана хазахета нохчийн актерашца болх беш. Нохчийн актераш говза а, похIме а бу. Н.Островскийн дош а, ойла а къеггинчу васташкахь гайта хиира царна. Хьовсархой дукха резахилира спектаклана. Оперативни бригадин декъашхой балош веанчу подполковника Бургамистров Василий Николаевича баркалла элира труппин куьйгаллина.
З.ШАЛИЕВА
№132, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо