Хууш ма-хиллара, 2015-гIа шо «Литературин шо» аьлла дIакхайкхийна ду Россехь. Цунна лерина вайн республикехь дуккха а цхьаьнакхетарш ду дIахьош. Царах цхьаъ дара кху деношкахь Соьлжан районерчу Эна-Хишкарчу суьйренан юккъерчу школехь дIадаьхьнарг. Иза вовшахтоьхнера кегийрхойн книгаш ешаре безам кхолларан а, церан Даймехкан литературе болу безам чIагIбаран а Iалашонца.
Цхьаьнакхетаре баьхкинера Нохчийн Республикин халкъан яздархой Бексултанов Муса а, Яричев Iумар а. Дешархошна доккха совгIат хиллера шайн школе Нохчийн Республикехь а, цул арахьа а бевзаш болу яздархой бахкарх.
Цхьаьнакхетар дIадолийра «Литературин шарна» лерина ролик гайтарца. Цул тIаьхьа Бексултанов Мусас а, Яричев Iумара а дийцира шайн а, бевзаш болчу вайн кхечу яздархойн а кхоллараллех лаьцна. Дешархоша лучу хаттаршна жоьпаш а луш, исбаьхьаллин литературехь долу хьал дийцаре дира яздархоша. Иштта, нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь байташ йийшира. Ткъа дешархоша билгалдаьккхира, исбаьхьаллин литература цу юкъахь, кхузаманан нохчийн а, оьрсийн а поэзи а йовзар дешархошна оьшуш хилар а, ишттачу гIуллакхехь дакъалацар шайна мехала хетар а.
Цхьаьнакхетар дерзош йистхилира школин директор, оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо Умаева Раиса.
– Къаьмнашна юккъехь барт, безам кхуллуш ерг литература ю. Книгаш ешарехула вайна довза йиш ю кхечу къаьмнийн гIиллакхаш, Iадаташ. Литературехула кхио йиш ю даймехкан патриот. Иза ешча вайн бовза аьтто хуьлу къоман турпалхой, дайн гIиллакхаш, баккхийчу нахана а, кегийрхошна а юкъахь лело деза гIиллакхаш. Доцца аьлча, шен къоман истори а, литература а евзаш хила веза хIора стаг. ТIаккхий бен евзар яц цунна шен къоман мехаллаш.
З.САГАЕВА
Суьрта тIехь: цхьаьнакхетаран дакъалацархой
№132, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо