Республикехь – лекъийн дуьхьарлера ферма

2a455f540f5b

Iалхан-ГIалахь схьайиллина  республикехь  дуьхьарлера  лекъийн ферма. И  йиллина  меттигерчу  вахархочо Шаманов Мовлдис.

– Сайн бизнес-план  кхочушъян суна ахча ца тоьира. ТIаккха  ас  сацам бира Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане сайна гIодар  деха, – дуьйцу  лекъийн бахаман  директора   М.Шамановс.

Цуьнан дехар регионан Куьйгалхочо тидам  ца беш  ца дитира. Проект  кхочушъян цунна  ахча  делира  республикин Правительствон  жимачу  бизнесехула  а, предпринимательствехула  а  йолчу   комитето.

ХIинца лекъийн «Румиса» бахамехь  цхьа эзар сов  лекъ ду. Дехкаш  долчу хIора лекъо  баттахь  герггарчу  хьесапехь 25 хIоа до. ХIора  баттахь  фермо 25 эзар  сов  хIоа  ло.

«Оха  уьш  цхьаннанмах  2  сом  а  болуш духку. Махлелоран  предприятийн векалшца  бинчу бартаца  уьш  духкуш, тIетуху оптови  мах 10  процентал лакхара  хила  декхар  дац. Оцу  кеппара,  оха тхешан продукци  шозза  лахарчу  мехах  юхку», – билгалдоккху М.Шамановс.

Республикин Правительствон  Председателан заместитела   Хакимов Хьасана  дийцарехь, дика  таронаш  йолу   шайн бизнес-проекташ  кхочушъян  предпринимательшна  иза дуьххьара  дина  гІо  дац.

«Карарчу  шарахь  республикин  Куьйгалхочо  тIедилларца  билгалдеш  ду  жимачу  а, юккъерчу а  предпринимательствехь  мел лаххара а ткъа  бизнес-проект кхочушъярехь  гIодар», – билгалдоккху  Х.Хакимовс.

Нохчийн Республикин  куьйгалхочун, Правительствон пресс-служба 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: