СовгIатна – нохчийн маттахь туьйра

Соьлжа-ГIаларчу  Старопромысловски районерчу «Березка»  социйлина гена йоццуш ю №54 йолу «Седа»  берийн беш. Цуьнан белхан лаккхара мах хадийна Россин Федерацин школел а хьалхара долчу дешаран министерствос. «Седа» берийн беш Россин уггаре а тоьлла лоручу 100 берийн бешана юкъаяхана. Иштта аьлча дагадан тарло оцу бешан гIишло инзаре йоккха ю,  ша-тайпа хьелаш долуш ю, я белхахой кхечарал алсам бу. Иза дикачу агIор гIараяьккхинарг оцу бешан заведующин Юсупова Розин къинхьегам, берашка болу даггара безам бу. Берийн хьекъал, кхолларалла кхиорна тIехь ша-тайпа некъаш карийна цунна. Къоман хьесапийн буха тIехь цо кхоьллира  бераш Iамадаран, цаьрга пайдехь садаIийтаран ша-тайпа методика. Кхузаманан лехамашца а догIуш, амма къоман гIиллакх, вад юкъа а лоцуш нисбина болх.садик

Кхузахь туьйранаш а нохчийн маттахь хIиттадо.

Иштта, 18-чу ноябрехь цигахь нохчийн халкъан «ГIаргIулеш а, цхьогал а»  аьлла туьйра гайтира. Иза хIоттийнарг, берашца къахьегнарг яра театральни кружокан куьйгалхо Батукаева Зайнап.

Кегийчу хьовсархоша дIалаьцнера зала чуьра гIенташ. Туьйранан турпалхой шайн-шайн духаршца кечбелла бара. Цхьогална а, гIаргIулешна а шайн костюмаш тIеюьйхинера (Уьш Зайнапа ша йинера царна). Хила доллучо садууш гуора бераш. Туьйра долалуш нохчийн къоман кехат-пондарца «ГIаргIулеш» бохучу эшаран мукъам балийра. Пондар локхуш туьйра хIоттор а тамашийна, дог-ойла дIалоцуш дара берашна.

Туьйра доладелира… Шен кIорнешна напха лаха арайолу гIаргIулийн нана. Шайн нана са а хилале, бодаш болуш новкъа йолуш, цунах къа хетий цара  олура : «Хьо ма Iуьйре новкъа йолу, нана. Собардехьа, са хилийтахьа вайна». «Iуьйре гIаьттича беркат совдоккхур ду аьлла Дала», – олий новкъа йолу иза.   Уьш шаьш йиснийла хууш деанчу цхьогало Iехош цхьацца юьгуш дIаюьгий юу гIаргIулийн кIорнеш. Ша бехке доллушехь «Иштта яздина хилла царна. Мича яхана а ца хууш д1аян» – олуш дистхуьлу церан нене мекара цхьогал. ГIаргIулийн нана эххар ша юьсу. Цхьаъ вукхал хаза, лаьтта диссина маликаш санна долчу берийн бIаьргаш цкъа хиш девлла, юха сатийсамо дIалаьцна гуора.

ТIаккха цхьана дийнахь цхьогале   шеца тIема дала лаьий хотту цо. ТIемаш доцуш долу иза шен букъа тIе хаадой, стигала хьаладоккху. Цигара чукхуссу цо иза. ОхьадогIучу цхьогална тIекхуьу гIаргIулин нана «Иштта йоза яздина хилла хьуна» – олу цо лаьтта охьадужуш долчу цхьогале. Нанас доькху цунна, цо шен кIорнеш  яар. Берашна оцу гIаргIулийн кIорнешна  шайн ненах къахетар, цхьогалан тешнабехк  гуора. Туьйра чекхдаьлча иза дийцаре дира Зайнапа а, Розас а. Диканиг а, вуониг а хIун ду хоьттура берашка. Цара шаьш оцу туьйран маьIнех нийса кхетта хилар гайтира.

   Туьйра хаздеш кехат-пондар локхуш яра Окуева Дагмара.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Авторан суьрта тIехь:

Соьлжа-ГIалин №54 йолчу «Седа» берийн бешахь.

 

№132, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: