ХХI-гIа бIешо дIадолалуш Нохчийн Республикин «Молодежная смена» цIе йолчу газетехь болх беш яра къона журналистка Жеребцова Полина. Соьлжа-ГIалахь йина, кхиъна яра иза. Цуьнан ненада Жеребцов Анатолий Павлович советийн заманахь Нохч-ГIалгIайн Республикехь дика вевзаш кинодокументалист вара, 25 шарахь сов республикин телевиденехь белхаш бина. Да-м йоIа шен нохчи ву олура, билггал мила ву ца хаахь а. Ханна жима елахь а, гуш дара журналистикехь болх бан боккха лаам, мелла а хьуьнар цуьнгахь хилар.
Соьлжа-ГIаларчу Старопромысловски кIоштахь юккъера школа чекхъяьккхина, заочни кепехь Нохчийн Республикин пачхьалкхан Университетехь доьшучу муьрехь кхиамца чекхъяьккхира цо къоначу корреспондентийн школа. Иштта кхаьчна яра Жеребцова Полина Нохчийн журналистике. Балхана тIера яра журналистка, олучу, яздечу дашна говза яра. Цхьаннах а ийза ца луш, бакъдерг яздеш яра. Вевзачу оьрсийн яздархочуьнга Солженицын Александре шегара хьал-де дуьйцуш кехат яздан а ларийнера иза. ТIаьхьо яздархочо гIо-накъосталла дина Россин коьртачу шахьаре Москвахь Iен-яха дIаяхара йоI. Амма, мел гена яьллехь а, нохчийн къомо ХХ-ХХI-гIий бIешераш хIотталучу муьрехь лайна Iазап-бала биц белла ца хиллера цунна. Цу заманахь нохчийн дахарера шена мел гуш дерг, мацах фашисташа Ленинградана блокада йича Савичева Таняс санна хIора дийнахь шен дневник тIе дIаяздеш хиллера Жеребцова Полинас.
1999-чу шеран 24-чу сентябрехь йолийна ю дневник. 2002-чу шеран 26-чу октябрехь чекхйолуш ю. ТIамо Iадийначу гIалахь шена мел гуш дерг шина шарахь сов кехатах тешош хиллера вайн къоначу махкахочо. Цхьа хIума а хьул ца деш, я цхьа а хIума хаздан гIерташ къа а ца хьоьгуш. Ма-дарра дIаяздина; мацалло гIелвинчух, шелоно вахьийначух, авиатохарша къинхетамза Iовжийначух, ракетни тохарша хеназа эгийначарех… Москвахь йолчу «детектив пресс» издательствехь 2011-чу шарахь ма-дарра зорбане даьхна Жеребцова Полинин йозанаш. Царах цхьа книга хилла «Дневник Жеребцовой Полины» цIе йолуш. Книга атта ешалуш ю. Суна хетарехь массо нохчичо леррина йоьшур йолуш ю. 1985-чу шеран 20-чу мартехь дуьнен чу яьлла Полина. Пхийтта шо кхачаза хилла иза дневник тIехь йозанаш дIадолош. Делахь а, вайна доккха беркат даьлла цуьнгара. Нохчаша хьегначу Iазапан теш хилла дIахIоьттина цуьнан хьанал къинхьегам.
А.АРАПХАНОВА
№132, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо