Премьер-лигин командашна юкъахь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан 16-чу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек» 22-чу ноябрехь хьошалгIахь левзира Краснодарерчу «Кубаньца».
Хьалхарчу тайман 6-чу минотехь майданан дайша схьайиллира (1:0) счет, СоьлжагIалахой а ца бовлура юха, амма хьалхарчу таймехь церан аьтто ца белира табло тIе шайн цIе язъяйта. Ткъа майданан дайша кхин а цхьа гол туьйхира 30-чу минотехь. ШолгIа а билгалваьлларг вара «Кубанан» тIелатархо Бальде ИбрахIим.
Хьалхара тайм ерзар хIумма а хаза ца хилира соьлжагIалахойн: Лебеденко Игорна шолгIа а можа карточка гайтарна, юкъара ваьккхира. Амма шолгIачу таймехь шаьш кIезиг бисинехь а соьлжагIалахоша а 67-чу минотехь гол туьйхира Уциев Ризван тIахъаьлла ловзар бахьана долуш (2:1)
ШолгIа тайм чекхъялале церан аьтто белира счет дIанисъян, Рыбуса Мацейс туьйхира шолгIа гол (2:2) (76-чу минотехь).
РогIерчу 17-чу турехь 28-чу ноябрехь «Терек» шен цIахь «Ахмат-Аренехь», Санкт-Петербургерчу «Зенитаца» ловзур ю.
А.ТУРШИЕВ
№132, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо