БIаьрзечеран cамукъадаьккхира

Дукха хан йоццуш, С.В.Михалковн цIарахчу Берийн республикин библиотекехь бIаьрса ледара долчу а, бIаьрса доцчу а берашна лерина суьйре дIаяьхьира. Шайн дай-наношца даьхкинера цига бераш.img_6726

Церан самукъадаккхархьама библиотекин белхахоша концертни программа кечйинера. Библиотекин шайн башхаллаш йолуш долчу берийн отделан куьйгалхочо А.Домбаевас берийн дай-наношка маршалла а хаьттина, концертни программин дакъалацархой бовзийтира.

Абубакарова Аминас нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь эшарш лийкхира. Цуьнан башхачу озах гIеххьа цецдевллера бераш, самукъа а даьллера церан. Иштта, библиотекин ешархоша Паршоева Лианас а, Закаева Дианас а лекхира эшарш.

Концертни программа гайтинчул тIаьхьа, библиотекарша мерзачу даарийн стол кечйинера берашна а, церан дай-наношна а. Цул тIаьхьа, бераш хелха а довлуш, безамна цхьаьна суьрташ а дохуш ерзийра суьйре.

З.ЛОРСАНОВА

Авторан суьрта тIехь: Суьйренехь дакъалаьцна бераш

№132, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: