Советийн заманахь гIараваьлла вевзаш поэт, прозаик, драматург вара Симонов Константин Михайлович. Дуьнен чу ваьллачу муьрехь дас-нанас цунна тиллина цIе Кирилл хилла, ткъа Константин цо ша шена тIеэцна псевдоним ю. Ткъа дуьненна поэт вовзар Константин цIарца нисделла. И цIе дIаяхаран а шен бахьана ду. Вайнаха олуш ма-хиллара хабар дийцар шина маттана юккъехь хилла Симоновн. Жимачохь дуьйна «Р», «Л» ши элп алалуш ца хилла цуьнга. Доцца аьлча, шен цIе яккхалуш ца хилла, цу бахьаница Константин цIе бегIийла хеташ и дIаяхийтина. Цу цIарца ваьхна поэт, иза цунна Iаламат беркате хилла.
Петербургехь 1915-чу шеран 15-чу (керлачу рузманехь 28-чу) ноябрехь эпсаран доьзалехь дуьнен чу ваьлла ву Симонов Константин. Цуьнан да Михаил Агафангелович Симонов инарла-майор хилла, Николаевера Императоран тIеман училище чекхъяьккхина эскаран говзанча, Хьалхарчу дуьненаюкъарчу тIеман декъашхо хилла. Амма тIеман хьаьттара иза цIаверзале Россехь большевикаш Iедале баьхкина, царах къаьхкина инарла Европехь къайла ваьлла. Константинна иза цкъа а гина вац. Элийн цIийх хилла Константинан нана Александра Леонидовна Оболенская. КIентан да цIаверзарх дог диллинчул тIаьхьа 1919-чу шарахь иза маре йоьду паччахьан эскаран полковник хиллачу Александр Григорьевич Иванищевга. Паччахьан эскаран полковник хиллехь а, Иванищев Iедал хийцаделча большевикашкахьа волу, лаккхарчу даржашкахь белхаш бо цо Россин тайп-тайпанчу гIаланашкахь. Шен волуш санна, кIентан дола до, цуьнга деша а доьшуьйту. ВорхI класс Саратовехь чекхйоккху Константина, тIаккха ФЗО деша воьду токаран говзалла караерзо. 1931-чу шарахь Александр болх бан Москва дIавуьгу. Цунах кхаъ хилла Константин а Россин коьртачу шахьаре кхочу, авиционни заводе балха воьду. Цу муьрехь язъян волало иза шен дуьххьарлера байташ а. ХIара могIарера белхахо хиларна цхьана а кепара дуьхьало йоцуш, дукхах долчу газеташа, журналаша нисъеш, тоеш зорбане йоху жимачу стеган байташ. Кест-кеста байташ зорбане йовларо дог ира-кара хIоттадо къоначу поэтан, кхоллараллин кхиаман чам хаало цунна, кхидIа а цу хоршахь къахьега ойла чIагIло. 1935-чу шарахь хIинца «Мосфильм» олучу метте балха воьду Симонов Константин, цу хенахь-м «Межрабпомфильм» олуш хилла цу бахамах. Балхана юкъах ца волуш деша дIатасало иза юьхьанца Н.Г. Чернышевскийн цIарах йолчу Москварчу философин, историн, литературин институте. Цхьана-шина шарахь цигахь дешначул тIаьхьа М.Горькийн цIарах йолчу литературин институте дехьа волий, 1938-чу шарахь кхиамца иза чекхйоккху. Дукха хан ялале къона поэт «Литературни газетан» коьрта редактор хIоттаво. Амма, 1939-чу шарахь Халхин-Голехь луьра тасадаларш дIадуьйладелча тIеман корреспондент вой цига хьажаво Iедална муьтIахь волу поэт. Иштта дIадуьйладелла цуьнан тIеман журналистан атта доцу некъаш. Вайна массарна хууш ма-хиллара, Россин толамца дIадоьрзу Халхин-Голехь хилла питан, ткъа цигара хаддаза айъаман кепехь репортажаш схьакхехьийтинчу Симоновх турпалхо хуьлу. 1940-чу шарахь Михаил Васильевич Фрунзен цIарах йолчу лакхарчу тIеман Академи деша хьажаво иза, тIеман корреспондентийн курсашка. Уьш кхиамца чекхйоху цо.
1941-чу шарахь Даймехкан Сийлахь-боккха тIом дIаболабеллачу хьалхарчу деношкахь дуьйна Симонов Константин тIамехь ву. «Красная звезда» газетан корреспондент вара иза, делахь а, патриотизмах юьззина йолу шен шовкъе статьяш дукхах долчу газеташка язъян ларавора хьуьнаре поэт. ТIом дIаболалуш иза нускал далийна вара. Цуьнан хIусамнана Серова Валентина дуьненна евзаш похIме актриса яра. Вайна иза ган аьтто хилла «Девушка с характером», «Сердца четырех», «Жди меня» иштта кхийолчу фильмашкахь. Актрисин дуьххьарлера фамили Полякова яра. Цуьнан дуьххьарлера хIусамда, Испанехь хиллачу тIемашкахь майралла гайтина турпалхо, летчик-испытатель Анатолий Серов хилла. 1939-чу шарахь керла кема зуьйш кхелхина иза. ЧIир кхобуш дукха шена ницкъ ца бина актрисас. Хьалххе дуьйна актрисех бIаьрг бетташ волчу поэта цунна лерина пьеса язйо «История одной любви». Москварчу Ленинан комсомолан цIарах йолчу театро, и пьеса хIоттайо коьртачу ролехь Серова Валентина йолуш. Премьера хилале Симонов Константин актрисица Iаш ву, шен долахь йолу зуда Евгения Ласкина, цо вина кIант Алексей дIатесна. 1941-чу шарахь тIаме а Серова йолчу Питерера воьду иза. Оццу шеран июль баттахь дуьненна гIараяьлла «Жди меня» байташ язйо цо, дукхаезачу актрисина лерина, яздинчу кехатца почтехула цунна дIайохьуьйту. 1941-чу шеран августехь, цкъа ларамаза Переделкино кхаьчначохь Лев Касильна гойту Симоновс ша язйина байташ. Уьш баккъал а дика язйина ю, хIинца йоьшучу муьрехь хьенан а дегIе зуз даита ницкъ кхочуш ю. Цундела, Касиля хьехар до поэтана, цкъа уьш зорбане яха сих ма ло Сталин царах нийса ца кхетахь, бале евра ю хьуна уьш олий. Делахь а, кест-кеста тIеман дакъошкахь хуьлуш волчу Симоновс, байташ еша аьлла шега дехар дича, бIаьхошна хьалха даима йоьшура «Жди меня» цIе йолу байташ, цара уьш чIогIа реза хиларца тIеоьцура. Иштта гIарадевлла и могIанаш. 1941-чу шеран 9-чу декабрехь ерригсоюзни радиохь йоьшу и байташ. Ткъа 1942-чу шеран 14-чу январехь «Правда» газетан хьалхарчу агIон тIехь дуьххьара зорбане а йовлу. Хетарехь, советийн эскарехь фашисташна дуьхьал тIом бина цхьа а салти хир вацара, уьш ца евзаш. Дукхах болчу салтийн некхатIерачу кисанахь хуьлура и байташ тIехь йолу газетан цуьрг. Цул совнаха, дукхабезачу мехкаршка кехаташ яздеш юккъе йохкий, тIемалоша шайгара йолуш санна цIакхоьхьуьйтура Симоновн байташ. «Жди меня» байташ йоцург а, дукха говзарш ю Симонов Константинан зорбане евлла. Цуьнан пьесаш тIехь спектаклаш хIиттийна Москварчу, Петербургерчу театраша. Къаьсттина массарна хазахеташ, ерриге союзехула чекхъяьлла цуьнан «Живые и мертвые» пьеса. Ткъа исбаьхьаллин фильмашна сценариш мел дукха язйина цо. «Парень из нашего города», «Жди меня», «Возмездие», «Живые и мертвые», «Русский вопрос», «Дни и ночи», «Бессмертный гарнизон», «Нормандия-Неман», иштта дуккха а кхиерш. Къаьсттина хьовсархойн тидам шена тIеийзош яра 1976-чу шарахь режиссера Герман Алексейс Симоновн сценари тIехь яьккхина «Двадцать дней без войны» цIе йолу фильм. Къеггина похIма долчу актерийн ансамбль яра фильмехь дакъалоцуш: Никулин Юрий, Гурченко Людмила, Ахеджакова Лия, Петренко Алексей, иштта дуккха а кхиберш. Церан исбаьхьачу ловзаро серладохура шийлачу гIайгIанах юьззина йолчу фильман суьрташ. ТIеман журналист, яздархо, майор Василий Николаевич Лопатин Сталинградан «жоьжахатера» ткъех денна Ташкенте кхочу буьрсачу 1942-чу шеран чаккхенехь. ТIеман цIергахь къинхетамза йогуш Сталинград елахь а, кхин гIоле хьал кхузахь дац. Луьрачу тIамо Iовжийна адамаш, денна схьаоьху «похоронкаш», берашца жоьра бисина къона зударий, шаьш къона хилар тоххара дицделла, хаддаза Iуьйшучу халонаша докъа баса бигна. Ирсан серлонах дог диллина. Делахь а, кхузахь адамаш Iаш-дехаш ду, ткъа цигахь Сталинградехь салтий Даймехкан дуьхьа шайн синош дIалуш бу, хIорш а, хIара санна болу кхиболу нах а маьрша бахийта. Цунах яра фильм. Хьовсархойн синкIоргене кховда беркате синхаамаш меттах баха ницкъ кхочуш яра, ерриге а Симонов Константинан кхолларалла санна.
Ша ваьхначу заманан похIме яздархо вара Симонов Константин. Iедало алссам дина совгIаташ дара цуьнан. Советийн заманан уггаре а сийлахь цIе яра цунна тиллина «Социалистически къинхьегаман турпалхо». «Ленинан орден» кхоъ яра цуьнан. «ТIеман цIечу байракхан» орден яра. «Сийлахьчу Даймехкан тIеман» орден шиъ яра. Мидалш-м ягарйина ца валлал дукха яра. Сталински а, Ленинан комсомолан а совгIатийн лауреат вара иза. Советийн союзан Лакхарчу Советан депутат лаьттина вара дуккха а шерашкахь. Цкъа-шозза КПСС-н, ЦК-н декъашхо хаьржира иза. Дукха ду цо халкъана, махкана дина диканаш. Делахь а, адамийн иэсехь «Жди меня» цIе йолчу байтийн автор санна висина похIме яздархо. Дуккха а къаьмнийн меттанашка яьхна и байташ. Вайнехан поэта Борхаджиев Хож-Баудис нохчийн матте яьхна и башха байташ. ДIавалар 1979-чу шеран август баттахь Москвахь хилла поэтан. Кхушара, бIе шо кхочур дара цуьнан. Ша дIавалале весет динера поэта, лаьтте ца верзош, шен докъан чим Могилев гIалийна тIехула дIасабаржабе аьлла. Уггаре а, буьрса тIемаш лаьттина меттигаш ю уьш 1941-чу шеран июль баттахь. Симонов Константина дуьххьара тIеман репортажаш йина меттиг ю иза. Дукха белхан накъостий эгна цу меттехь. Ткъа цу муьрехь цигахь йийсаре баханчу советийн салтех хилларг хIинца а хууш дац. Цуьнца доьзна хила там бу поэтан тIаьххьара весет. Симонов Константин вевза-везачара кхочуш-м дина иза.
Хьежа соьга
Хьежа соьга варе цIа,
Амма хьежа чIогIа,
Хьежа, гIийла гатдеш са,
Делхарх можа догIа.
Хьежа дорцах, дилларх ло,
Йовхонехь а хьежа.
Хьежа, кхиберш, биц а лой,
Селхханехь цатешарх.
Хьежа, нагахь генара
Кехаташ цадарах.
Хьежа, йоьхча собарах,
Таръелла массарах.
Хьежа соьга варе цIа,
Диканиг ма хьеха
Цхьаболчарна: со вицван
Кийча уьш хиллера.
Тешарх нана я сан кIант
Со цахиларх дийна.
ДоттагIий сан баларх кIад,
ЦIарна уллохь тийна,
ЧагIар молуш, айъарх кад
Сан цIе дагалоцуш,
Хьежа соьга Iелахь Iад,
Малар а дIатоттуш.
Хьежа, вухавогIур ву,
Къуьйсуш Iожаллица.
Цахьежначара эра ду:
«Доьзна ду и ирсаца…»
Царна кхета хала ду
ЦIергахь со цавагар,
Хьан хьежарца доьзна дуй
КIелхьара со валар.
Вовшех хьоьгуш лехна зовкх
Ду со дийна висар.
Вуьшта, массарел а сов
Хилла хьан сатийсар.
А.ГАЗИЕВА
№132, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо