Телевидени – хаамийн коьрта гIирс

Нохчийчохь телевещани 1959-чу шарахь йиллира.

1958-чу шарахь ян йолийра шина гIаттах лаьтташ йолу телевещанин гIишло. Иза яран белхаш чекхбевлча, 1959-чу шарахь схьайиллира дуьххьарлера телевидени. Соьлжа-ГIалин тоьллачу меттехь – С.М.Кировн цIарахчу паркехь яра иза. Телевиденин дуьххьарлера директор Е.А.Черный хилира. Цул тIаьхьа дуккха а куьйгалхой хийцабелира цигахь.

Керла схьайиллинчу телевиденин гIишло чохь (хIетахьлерчу заманца) тоьлла гIирсаш хIиттийнера. Редакцин яккхий, сирла, балхана тамехь йолу кабинеташ а, дикторски чоьнаш а, костюмерни а, дIаязъяран студеш а, киноматериалашна монтаж яран цех а, актови зал а тIех хаза кечйинера. Иштта, редакторш, режиссераш, операторш бара Iамош. 1960-чу шеран 15-чу майхь телевизор чухула дуьххьара «Маршалла ду шуьга, телехьовсархой. Телевиденин Грозненски студин программа ю эфирехь» дешнашца эфире бевлира дикторш Романова Ольга а, Гулиев Султан а. Иштта дIаболийра телевиденис шен болх. ХIетахь дуьйна бехха некъ бина цо…

1994-чу шарахь, радион болх  санна, телевиденин болх а сецира. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дIадолорца, гIо-накъосталлица 2000-чу шерийн юьххьехь шен болх юха а дIаболийра вайн телевиденис. Дукха хенахь дуьйна цигахь белхаш бина болу журналисташ I.Кусаев, Р.Эльмурзаева, З.Шахбулатова карарчу хенахь а бу цигахь болх беш а, къоначу журналисташна шайна хуург хьоьхуш а схьабогIуш.

2006-чу шарахь «Вайнах» телевиденин директор Ельсаев Аламахьад хIоттийра. Цига веанчу хьалхарчу дийнахь дуьйна цо гайтира, дика вовшахтохархо ша хилар а, телевиденин куьйгалла дан ша хьакъ хилар а.  Вайн республикехь мел хала хенаш яхкарх, республикин муьлххачу а даздаршкахь, митингашкахь дакъалоцуш ю «Вайнах» телевиденин коллектив. Телевиденехь масех редакци ю: хаамийн а, исбаьхьаллин а, тематикин программийн  а.

2008-чу шарахь телевиденин ши юбилей яра: радион 80 шо кхечира, телевиденин – 50 шо. «Вайнах» телевиденис дуккха а журналисташ а кечбина. Цигахь дуьххьара Iемина хиллачарех яздархой а, поэташ а Россин хьалхарчу каналан  а, «НТВ» а каналан шен корреспонденташ а хилла.

Нахана пайдехь а, хазахетар йолу передачаш а юкъаяьхна телевиденис тIаьхьарчу хенахь. Вай тешна ду, тIейогIучу хенахь «Вайнах» телевиденис кхин а керла передачаш, программаш, берашна лерина шатайпа передачаш юкъайохуриг хиларх.

З.ХАСИЕВА

 

№132, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: