Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадион компани 2003-чу шеран 23-чу мартехь кхоьллина. Оцу дийнахь вайн республикехь дIахьош Референдум яра, Нохчийн Республикин Конституци тIеэцарехьа кхаж тосуш. Хьелаш цу замане хьаьжжина дара телевидени: 40 белхахо, 2 монтажни стол, 2 видеокамера, цхьацца темаш бина кечйина чоьнаш.
2006-чу шеран 23-чу мартехь «Грозный» телевиденина Нохчийн Пачхьалкхан телерадиокомпанин аьлла статус елира. Оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь йо передачаш.
2008-чу шарахь дуьйна Экспресс АМ22 спутникан гIоьнца а, «Триколор ТВ» а, «НТВ-плюс» а Россин операторийн гIоьнца дерригдуьненахь ган аьтто бу «Грозный» передачаш.
2011-чу шарахь дуьйна цуьнан эфире интернет гIирсашкахула хьажа а аьтто бина. Шайн официальни сайт ю церан. Карарчу хенахь телевиденин гIишлонна уллехь керла кхин цхьа гIишло йина вайн заманахь уггаре а тоьлла гIирсаш хIоттош. ХIинца 300 сов белхахо ву цигахь болх беш. Журналистийн, операторийн говзалла кхуьуш ю хIора дийнахь. Цул сов телевиденин куьйгалло Москвара а, кхечу пачхьалкхашкара а говзанчаш кхойкхуш шайн белхахойн хаарш лакхадахарна тIехь а къахьоьгу.
2014-чу шарахь аппаратни – студентийн комплекс юкъаялийна шайн балхана. Эфиран дикалла лакхаяккхаран Iалашонца и белхаш байтина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Харжаш Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондан чоьтах йина.
Телевиденин директорна Бачаев Iадланна Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна мидал елла 2012-чу шарахь «. Директоран заместительна Арсанукаев Артурана 2008-чу шарахь елира изза мидал. Коьртачу редакторна Хакимова Лолитина 2013-чу шарахь елира изза мидал.
Телевиденин 20 сов журналистана «Нохчийн Республикин хьакъволу журналист» цIе елла.
Ерригроссин конкурсашкахь жигара дакъалоцуш, тоьлла меттигаш, гранташ йоху «Грозный» телерадиокомпанис.
Нохчийн гIиллакх, Iадат, мотт кхиорна а, Iалашбарна а юкъа йоккха хазна юьллу телевиденис. Баккхийчарна а, берашна а лерина передачаш а ю церан программашна юкъаялийна. Iедалера хаамаш бовзуьйту хIора дийнахь. Терроризмана, экстремизмана дуьхьал къийсам латторехь долу хьал довзуьйту телевиденин белхахоша хIора дийнахь. Политикин а, ткъа иштта Iилманан, литературин, культурин, спортан передачаш лаккхарчу говзаллица кечйо тележурналисташа.
Даймахкана мел гена валарх «Грозный» телекомпанин коллективо вайн махке а, къоме а безам латтабо.
З.ХАНОВА
№132, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо