«Некъо» цIена некъ хьоьху

2008-чу шеран 23-чу августехь дара Нохчийн Республикехь Исламан «Некъ» телевидени дуьххьара эфире яьлча. Цу дийнахь Нохчийн Республикин Хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина де билгалдоккхуш даздаран хьолехь схьайиллира «Некъ» телевидени.

   Республикин телевиденешна юкъахь уггаре а къона ю иза. Амма хIора доьзалехь ца хилча йиш йоцу накъост хилла дIахIоьттира иза. Далла хастам бина вера воцуш боккха болх бу иштта бусалба динах лаьцна дуьйцу телевидени хилар. Хаамийн а, тематикин а ши редакци а, зорбанан отдел а ю цуьнан. Хьалхарчу деношкахь дуьйна «Некъ» телевиденин директор Нохчийн Республикин Куьйгалхочун динан декъехула волу хьехамча, вевзаш волу Iеламстаг Шахидов Адам ву.

Юьхьанца Гуьмсехь яра телевиденин редакци, ткъа хIинца Соьлжа-ГIалахь «Грозный-Сити» комплексехь дIатаръелла, кхузаманан лехамашца богIуш болу гIирсаш хьелаш долуш къахьоьгу цуьнан белхахоша.

«Грозный» пачхьалкхан телевиденин каналехь эфире йолу «Некъ» телевидени. Хууш  ма-хиллара, спутникца йолу иза дерригдуьненахь а гойтуш хуьлу. Вайн махкахойн мел генарчу пачхьалкхехь а аьтто хуьлу цунах ирс эца. Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллин куьйгалхочо Межиев Салахь-Хьаьжас а цигахь кхечу Iеламнаха а  хьехамаш бо.

Сийлахь Къуръанан сураташ довзуьйту, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) эвлаяийн дахаран некъах, тIарикъатах лаьцна дуьйцу. Бусалба нехан дезденош герга кхаьчча цу хьокъехь хьехамаш бо. Масала ГIурбанан де тIекхочуш, гIурба даран бехкамаш бовзуьйту, нехан хаттаршна жоьпаш ло. Мехала бу телевиденис дуьненаюкъарчу терроризмана, экстремизмана дуьхьал беш болу болх а. Эфирехь хIора дийнахь ю «Некъ» телевидени. Верриге а 76 белхахо ву цигахь. «Час истины» передача дIахьош Езидов Мохьмад ву, «Общество и проблемы» передача дIахьош Эсаев Хьаким ву, «Милосердие» передача Магомадова Азас дIахьо, «Дахаран некъ» передача Идалова Заремас дIахьо, «Несущий свет» передача Цунцаев Мохьмада.

Директоран шиъ заместитель ву Басханов Супьян а, Исмаилов Казбек а, ткъа коьрта редактор Черксиева Iайшат ю. Цо дукха хьолахь зударшна лерина передачаш кечйо, ша уьш дIа а хьо. Бертахь къахьоьгуш бохку «Некъ» телевиденин  белхахой.

 

З.ХИЗИРОВА     

 

№132, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: