ХIокху деношкахь Айдамиров Абузаран цIарах йолчу Нохчийн Республикин Къоман библиотекехь дIадаьхьира Литературин шеран жамIаш дарна лерина цхьаьнакхетар.
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, Нохчийчоьнан Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас, Россин книгоизданин Ассоциацин урхаллин декъашхочо, Россин Яздархойн союзан секретара, «Вече» издательствон коьртачу редактора Дмитриев Сергейс, «Русский писатель» газетан а, сайтан а коьртачу редактора Дорошенко Николайс, книгаш йохкаран «Новый книжный – Читай-город» сетан векала Хачатуров Сергейс, иштта Россин тайп-тайпанчу зорбанан изданийн векалша, нохчийн бевзаш болчу яздархоша, поэташа, Iилманчаша, журналисташа. Царна юкъахь вара Овхадов Муса, Нунуев Сайд-Хьамзат, Яричев Iумар, Мамакаев Эдуард, Хатуев Ислам, Шамсудинов Бувайсар, Исмаилов Илес, кхиберш.
Цхьаьнакхетарехь дийцаре дира Россехь литература кхиоран коьрта некъаш а, декхарш а. К.Ибрагимовс билгалдаьккхира нохчийн кхоллараллин интеллигенцина и тайпа гIуллакхаш дIадахьар мехала хилар а, луларчу регионашкарчу хьешашкара схьаэца дуккха а пайдехь дерг хилар а.
– ХIокху Литературин шарахь дуккха а тайп-тайпана гIуллакхаш дIадаьхьна Нохчийн Республикехь. Иза бахьана долуш кегийрхошна юкъахь книгаш ешар дикка алсамдаьлла, – дуьйцу К.Ибрагимовс.
Россехь книгаш арахецар а, уьш ешар а лахара хиларан бакъдерш далийра С.Дмитриевс: «ДIадаханчу шарахь Россехь 500 миллион книга арахецна (3–4 книга – цхьана вахархочунна). Чинехь, Iамаркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь шозза лакхара ду и терахь (цигахь цхьана вахархочунна 6–7 книга кхочу). Россехь арахоьцучу книгех 80 процент Москвахь а, Санкт-Петербургехь а зорбатухуш ю. СССР йолчу хенахь книгин туьканаш 8 500 хиллехь а, хIинца 3 800 бен яц ерриге а Россехь. Ткъа Нохчийчохь дIадаханчу шарахь 52 книга бен ца яьлла зорбане (38 эзар экземпляр). Республикехь кхин а дукха книгаш язъяйта а, зорбане йовлийта а, уьш кегийрхоша йоьшуш хилийта а, книгийн туьканаш яхкийта а, ешархошна интернетехула книгаш дIакхачо а лерина болх бан беза. Цу тIехь гIо-накъосталла дан лерина ду тхо а» – билгалдаьккхира цо.
Кар-кара оьцуш дийцира гулбеллачара дуьненахь а интернет бахьана долуш кхидолу хIуманаш тIаьхьатеттина хилар а, иза массарах а хьакхалуш проблема хилар а, цу хьокъехь дича шайна пайден хир ду аьлла хетарг а.
Республикерчу кегийрхоша историца йоьзна литература йоьшуш а, йийцаре еш а хилар билгалдаьккхира Д.Умаровс.
– Нохчийчохь вайн яздархойн, поэтийн книгаш йоьшуш ю, уьш лоруш бу. КхидIа а ешархойн керлачу произведенешка болу сатийсамаш лаха ца болуьйтуш болх бан беза. Цу тIехь шун массеран а аьтто бойла, – элира цо.
Цхьаьнакхетар дерзош Айдамиров Абузаран цIарах йолчу Нохчийн Республикин Къоман библиотекин директора Исраилова Сацитас баркалла элира луларчу регионашкарчу хьешашна кхуза бахкарна а, цара бечу мехаллчу балхана а, кхидIа а цаьрца гергарло лело шайн лаам хилар а хаийтира цо.
Хь.АВХАДОВА
№132, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо