Россин Федерацин Правительствехь 2014-чу шеран 14-чу майхь хиллачу кхеташонехь чIагIйира исламан истори а, культура а кIорггера хууш болу говзанчаш кечбарна кхачоярехь 2014–2016-чуй шерашкахь дIадахьа дезачу гIуллакхийн хьокъехь йолу распоряжени. Масех де хьалха Россин Федерацин дешаран а, Iилманан а министерствон коллегин залехь дIаяьхьира мехкан Правительствон распоряжени кхочушъярна кхачояран а, 2014–2016-чуй шерашкахь исламан истори а, культура а кIорггера хууш болу говзанчаш кечбаран план кхочушъяран а гIуллакха тIехь терго латторан белхан тобанан кхеташо.
И мехала кхеташо дIахьош вара Россин дешаран а, Iилманан а министран заместитель Каганов Вениамин. Цигахь дакъалаца кхайкхиначарна юкъахь вара Кишин Кунта-Хьаьжин цIарах йолчу Россин исламан университетан ректор Мутушев Iабдурахьим.
Кхеташонехь дийцаре динчу коьртачу гIуллакхашна юкъахь дара 2014–2016-чу шерашкахь исламан истори а, культура а кIорггера хууш болу говзанчаш кечбаран плана тIехь хийцамаш баран а, исламан истори а, культура а кIорггера евза говзанчаш кечбаран Концепцин проект чIагIъяран а гIуллакхаш. Къаьсттина мехала дара Концепци чIагIъяран хьокъехь долу гIуллакх. Цундела кхеташонан дакъалацархоша коьрта тидам цунна тIебахийтира. Иза йийицаре ярехь дакъалецира пачхьалкхан а, долахь йолчу а дешаран организацийн а, бусалбанийн динан урхаллийн, цара ехкинчу исламан институтийн, Россин Федерацин субъектийн пачхьалкхан органийн векалша, кхечара. Уьш дукхах берш белхан тобанан декъашхой бу.
Беркате а, дика тIаьхье йолуш а хилира оцу Концепцин хьокъехь долу дийцаре дарш. Уьш дерзош кхеташонан дакъалацархойн сацам хилира, юкъабалийна хийцамаш къобал а беш, исламан истори а, культура а кIорггера хууш болу говзанчаш кечбаран Концепци чIагIъян. Оцу мехалчу гIуллакхехь Кишин Кунта-Хьаьжин цIарахчу Россин исламан университетан ректора I.Мутушева дакъалацар доккхачу маьIне гIуллакх ду.
Цул сов хIинца цо куьйгалла дечу университетана а тIехь ду оцу Концепцица нийса а догIуш говзанчаш кхиоран декъехь къахьегар.
Д.ПАШАЕВ
№132, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо