Къона тIаьхье ийманехь, оьзда, гIиллакхе, яхь-юьхь йолуш, къинхьегаме, Даймахке безам болуш кхетош-кхиорехь дакъалоцуш ю Нохчийчоьнан хIора районехь вовшахтоьхна йолу къанойн кхеташонаш. Царна юкъахь шех лаьцна дика дош ала хьакъ ю Курчалойн районан къанойн кхеташо. Цунна коьртехь волчу Датагаев Дауда, шен хене хьаьжна доцуш, жигара а, юкъараллехь хуьлуш долчу мехалчу хIуманашна сема а волчу, кест-кеста вовшахтуху районера къаной. Шайн кхеташонашка кхойкху меттигерчу Iедалан векалш, Iеламнах. Оцу кхеташонашкахь дийцире до юьртан а, районан а, мехкан а сагатдеш долу лазаме а, мехала а гIуллакхаш.
Иштта, хIокху деношкахь рогIера кхеташо вовшахтуьйхира Д.Датагаевс. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Парламентан хIокху районера волу депутат, къанойн кхеташонан председателан заместитель Висмурадов Жандар, Курчалойн районан администрацин куьйгалхочун хьалхара заместитель Салманов Iусман, районан депутатийн Советан председатель Витигов Шайх-Ахьмад, ткъа иштта къаной, кхиберш.
Цигахь дийцаре динчу коьртачу гIуллакхашна юкъахь дара къона тIаьхье ийманехь кхетош-кхиоран хьокъехь дерг. Оцу гIуллакхана кхеташонан дакъалацархоша юха а леррина тидам тIебахийтар ларамаза дацара. Къоначарна юкъахь хаддаза школашкахь, маьждигашкахь, пачхьалкхан учрежденешкахь дIахьош ийманехь кхетош-кхиоран болх боллушехь хIинца а хаало харц новкъа гIулч йоккхуш берш, шайна беш болу хьехам хезаш боцурш. Цунна къеггина масал ду хIокху районерчу Майртуьпа юьртарчу кегийрхоша, зератах цIе тасарца, дина зулам. Дуьненахь а, эхартахь а дакъазабевлла, Дала а, халкъо а неIалт аьлла кегийрхой бу уьш. И саннарш вайна юкъахь гучубовлуш хилар уггаре а хьалха церан дай-нанойн бехк бу. Иза чIагIдира кхетошонан дакъалацархоша.
Цу тайппана иэхье зулам кхул тIаьхьа ца далийтархьама хIора доьзалан деца-ненаца, церан берашца кхеторан болх дIабахьа беза школашкахь, маьждигашкахь, хьуьжаршкахь, кхечанхьа. Оцу балхахь къаноша жигара дакъалаца дезаш хилар а билгалдаьккхира кхузахь. ХIунда аьлча и къаной а ма бу цхьана доьзалера, урамера, куьпара. Шаьш Iачу меттигашкахь хаддаза кегийрхошца кхеторан болх дIабахьа беза цара а.
Оцу гIуллакхца доьзна ду юкъараллехь тахана долу а, кхана хила тарлуш долу а юкъараллин-политикин хьал. Иза синтеме хилийтарехь къаноша лелон дезачу маьIнех лаьцна дийцира Ж.Висмурадовс а, I.Салмановс а, кхечара а.
Баккхий нах, къаной массо а заманахь а вайн яртийн, тайпанийн, тукхамийн дай хилла лаьттина бу, шайн куьпахь, юьртахь долчух жоп а луш, галваьллачуьнга бехк а боккхуш, иза нис а веш, юха гIалатваларх лар а веш. Оцу къаношка сий-ларам а хилла. Тахана а меттахIотто деза и хьал. Иза меттахIоттийча дикачу агIор хийцалур ю вайн вовшашца йолу юкъаметтигаш, чIагIдора кхеташонехь къамелаш дечара.
Кхузахь иштта дийцаре дира вайн некъашкахь денна бохург санна бохамаш, хьовзамаш хиларца доьзна долу хьал тодаран некъаш. Витигов Шайх-Ахьмада а, Датагаев Дауда а, кхечара а билгалдаьккхина ма-хиллара, машенаш тIех чехка хоьхку, кIоршаме талхайо некъан боламан бакъенаш, вовшашца водительша гIиллакх ца леладо. Ткъа оцу дерригенан а тIаьхье белхаме хуьлу. Кхузахь а шайн дош ала декхар бу къаной. Цара бехк баккха беза машенашкахь лелачу хенахь бакъенаш ларъеш боцучаьрга, уьш кхето беза, царна хьехар дан деза. И дерриге а муха дича бакъахьа хир ду бохуш вовшех дагабевлира къаной а, церан кхеташоне баьхкина Iедалан векалш а.
Цу тIехь шайн кхеташо ерзийра цара.
Д.АНАДЕВ
№132, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо