ХIокху деношкахь Шуьйтарчу Культурин цIийнехь районерчу школийн дешархойн дай-нанойн юкъара гулам хилира. ЕГЭ-на кечам бар дийцаре дарна лерина бара иза. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран заместитела Шарипов Рамзана, Шуьйтан районан администрацин куьйгалхочун заместитела Басханов Муслима, дешаран отделан куьйгалхочо Вахаев ТIахIира, выпускникийн дай-наноша, юкъарадешаран учрежденийн куьйгалхоша, дешархоша, выпускникийн классийн куьйгалхоша.
Цхьаьнакхетар дIадолош, вистхилира Шарипов Рамзан:
«Дешаран карарчу шарахь вайн республикехь «Ас ЕГЭ дIалур ю» аьлла проект ю кхочушъеш. Иза лерина ю хьехархошна а, хинболчу выпускникашна а методически гIоьнна, къаьсттина оьрсийн мотт, обществознани, математика предметашкахула гIо дарна. Дешархоша коьрта тидам дешарна тIе бахийта беза, хIунда аьлча, цара тахана деша ца дешахь, ЕГЭ дIаяла хала хир ду царна», – элира цо.
Дай-наношна тIедиллира шайн берийн дешаран а, цара школехь низам лардаран а гIуллакх тидаме эцар.
Цхьаьнакхетарехь ЕГЭ-на кечам барехь дан деза мехала хIуманаш девзира дешархошна а, церан дай-наношна а. Дай-нанойн а, дешархойн а шайна хаа луург Шарипов Рамзане хатта таро а хилира. Цу тIехь дIаберзийра гуламан болх.
З.ИСАЕВА
№132, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо